Ойланийн тийналлехь

Хьалхара могIанаш

Суна иза цкъа а гина яцара. Уллера йовза ирс а ца хиллера. Наггахь радиоэфирехь декара цуьнан башха аз. Шатайпанчу башхаллица къаьсташ, ладогIархойн синкIоргене кхийдаш, эшарехь далхочух тешош, цуьнан декъаийзош декара иза.

ЛадогIархойн лерса йийсаре лоцуш, къоначу дагна базбелла къа-бала балхабора йоIа, бIаьстенан зарзарах декара цуьнан башха аз.

ТIаьхьуо хиира суна Окуев Шимин дешнаш тIехь Цугаев Супьяна мукъам баьккхина йиш дIалокхушъерг Махмудова Хазу хиллий. Говза локхура цо муьлхха а йиш. Моноспектакле иза ерзо хьуьнар а, корматаллин таронаш а яра артисткехь. Цо цхьабосса дика локхура нохчийн а, оьрсийн а эшарш. Цундела кхоллабелира сан Махмудова Хазу йовза боккха лаам.

Иштта, хIинца шуна йовзийта а лаьа, 50 шарахь гергга къахьегна вайн махкахо «Нохчийн Республикин хьакъйолe артистка» Махмудова Хазу.

Хийрачу махкахь дIаяхана бералла

Итон-Кхаьллан кIоштарчу Тусхарахь баьхначу дишнех вара Хазун да Махмудов Къосум. Немцойн фашисташа ямартлонца тIелатар дина Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболалуш, шен лаамехь ЦIечу Эскарехь гIуллакх деш вара иза.

ТIеман хьалхарчу деношкахь Брест гIопехь хиллачу буьрсачу тIемашкахь жигара дакъалаьцначарах цхьаъ ву Къосум. БIахаллин хьуьнарш гайтарна ЦIечу Эскаран командованин дехаршца дина дуккха а совгIаташ дара цуьнан (орденаш, мидалш). Лейтенантан чинехь а вара жима стаг. Ткъа уггаре а коьртаниг, бакъволчу нохчичун яхь йолу майра дог дара цуьнан кийрахь детталуш. Даьккхинчу герзаца буьрса кхехкачу тIемашкахь мостагIчунна чуидда вара ша куьйгалла дечу салташна хьалхавуьйлуш.

Нохчийн оьздачу гIиллакхашкахь хьалакхиъначу Къосумна хIора стеган а декхар хетара Даймахкана оьшучохь шен са а, дегI а цакхоор. Цундела тIамна юкъара ца велира иза вайнах махках бахарх болу шийла кхаъ шега кхаьчча а. Арахьарчу мостагIчуьнца дерг къастийча, чоьхьа дерг листа атта хир ду аьлла хетара цунна. Амма Румыни немцойх паргIатйоккхуш 1944-чу шеран хьаьттан (август) баттахь хиллачу тIемашкахь еза чевнаш хилла юкъаравала дийзира цуьнан.

Гергарнаш а, бевза-безарш а генарчу Казахстанехь леха а дийзира. Уьш Кызыл-Ордахь хиллера, аьлча а, оцу областерчу Джусалы поселкехь. Берриге а вайнаха санна, хало, харцо, мацалла ловш бара Джусалыхь дIатарбина вайн махкахой. ГIело а, шело а тIеман аренашкахь гина лейтенант Къ.Махмудов царах озалур волуш а, халонашна къарвелла юхавер волуш а вацара.

ТIамехь хилла чевнаш дIаерзарца, иза балха аравелира. Кхин гена дIа ца тоьттуш, зуда а ялийра. Шо шаре долуш, доьзал стамбала болабелира. Казахстанехь даьккхинчу 13 шарахь ворхI бер хиллера Къосуман а, цуьнан хIусамненан Заманан а. Ялх йоI, цхьа кIант. Шегахь ницкъ мел бу хьанал къахьоьгуш, доьзална напха латтийна вара Къосум. Амма заманан йохалла хилла чевнаш карзахъевлла, тIеман заьIапхо хилира цунах.

ЦIийнан деза дукъ Заманан белшаш тIе дуьйжира. Хьахархочун, маляран болх беш кхебира цо доьзал, ткъа уггаре а коьртаниг – массаьрга дешийтира, цхьацца корматаллаш караерзаяйтира. Ткъа Хазух дерг аьлча, дукха жима йолуш дуьйна, эшарш лакха лууш яра йоI. ПохIмин орамаш дегара схьахила там болуш дара.

ЧIогIа самукъане стаг вара Къосум. Дечиг-пондар лакха хууш а, дика аз долуш а вара. Нохчийн къоман бартакхолларалла кIорггера евзаш а, дуккха тамехь назманаш ала хууш а вара. Суьйранна доьзал чугулбелча, Iаьнан еха буьйсанаш, дукха хьолахь, ден озе ладугIуш дIахьора доьзало. Цундела дукха тамашийна ца хета Джусалыхь юккъерчу школехь доьшуш йолу Махмудова Хазу эшарш локхуш гIараялар.

1949-чу шеран асаран (июнь) беттан 24-чу дийнахь дуьнен чу яьлла Хазу, Махмудов Къосуман доьзалехь дуьххьарлера бер дара. Йоккхах йолу йоI къаьсттина дена дукхаезара, кхечу доьзалхошна ца могуьйтуш дерг, дукха жимачохь дуьйна, дас-нанас могуьйтуш дара цунна.

Тамашийна самукъане, дог цIена, сирла бер дара иза. Йиш лакха а аганара йоьссина дукха хан ялале Iемира цунна. Аьлча, йиш локхучух тера лелаш, ден, ненан самукъадоккхура. Школехь деша дIайолаелча, юьхьанцарчу классашкахь дуьйна зевне аз долуш, эшаршлакхархо яра иза. ЙоьIан шийтта шо дузаза дара Кызыл-Ордан радиочухула цуьнан аз дIаяздеш а, тIаккха дуьххьара схьахозуьйтуш а. Цигахь-м оьрсийн маттахь а, казахийн маттахь а локхура йоIа эшарш.

Дас-нанас Кавказе цIадерза сагатдахь а, цигахь йина, хьалакхуьуш йолчу Хазуна ша цIахь хетара. Иза массаьрца ийна, къаьмнаш ца къестош, нийсархошца уьйр-марзо йолуш яра. Дешархойн цхьа а суьйре дIаерза йиш яцара, цкъа Хазус йиш ца лекхча.

Цо дIалокхучу эшарх а нийсархойн, хьехархойн а самукъадолура. Иштта дIайоьдура Махмудова Хазун бералла, аьрхачу ойланаша хаддаза керлачу анайистте кхойкхуш.

Сирлачу сатийсаме халачу некъаца

Нохчийн эшарш цунна ца хаьара олийла дац хийрачу махкахь йина, хьалкхиъна хиларх. Казахстанехь нохчийн эшарш кIезиг хиллехь а, тIаьхьуо, цуьнан дахаран коьрта синкъерам хуьлий дIахIуьтту вайнехан мукъамаш. Вайн махкара похIмечу артистийн пластинкаш арахоьцу кест-кеста ерригсоюзан «Мелодия» фирмо. Ткъа уьш вайнах бехачу Казахстане ца кхочуш ца юьсу. ХIайкал санна, ларъеш яра МахмудовгIеран доьзалехь нохчийн пластинкаш. Цу тIера эшарш Iамо а, дIалакха а гIертара йоI.

Царах чIогIа самукъадолура цуьнан. Къаьсттина хазахетара Асхабова Iайнаа дIалокхуш хилларш. Ерриге а бохург санна, уьш дагахь хаьара цунна. Делахь а, цкъачунна школехь доьшуш йолуш хьехархоша аьллачунна тIера йолийла дацара.

1968-чу шарахь юккъера школа чекхъяьккхича хиллачу дешархой арахецаран суьйренехь, Махмудова Хазус, Муканова Сабитас яздинчу дешнаш тIехь Хамиди Латыфа мукъам баьккххина «Казахийн вальс» дIалекхира. Иза локхучу йоьIан жималла, йолучу бIаьстенан хазалла, говзаран чулацам цхьаьнаийна доккха хазахетар хилира Махмудова Хазус йиш дIалокхуш ладогIа ирс хиллачеран.

Хазун дог-ойла дай баьхначу Кавказах хьерчара. Иза Соьлжа-ГIала цIайоьрзуш яра, лаккхарчу дешаран кхерчахь корматалла караерзо Iалашо йолуш. Генна синкIоргенехь йоIана эшаршлакхархо хила лаьара, амма дас-нанас аьттехьа юьтур йолуш корматалла яцара иза.

Цундела дена луучунна тIехь сецна, хьехархо хила дагахь яра йоI. Амма лаамаш а, таронаш а галморзах йовлуш меттигаш нисло наггахь чолхечу дахарехь. Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн институте кехаташ чудала гIоьртина йоI, дог дохийна юхаерзийра тIеэцаран комиссехь болчара, документаш тIехь цхьацца кега-мерса кхачамбацарш ду аьлла.

Юккъера школа Хазус Соьлжа-ГIалахь чекхъяьккхина хиллехь, катоьхнна дIанисдан а мегар дара, амма уьш дIанисдан кхуьнан Казахстане юха яха дезара, ткъа хан кIезиг яра. Цундела дешаран цхьа шо довш хиларна, чIогIа холчу хIоьттина, елхаран къурдаш деш, юхайирзира йоI. Амма мукъа ца Iийра иза. Цкъа ша дешначу школехь пионервожатин болх бира, тIаккха хьехархочун дарже кхечира. Дерриге а дахар хьехархочун балхана дIалург хир дара вайн турпалхочо, ларамаза зазахецначу безамо керлачу анайисте дIа ца кхайкхинехь.

Дагахь доцуш вевзира цунна Кавказера веана хьаша Амаев Жунид. ГIиллакхе, оьзда хиларна кIентан амал тайра. Ткъа къоначеран амалш вовшашна тайначохь безамна зIийдиг таса а йоккха юкъ ца оьшу. Лекха, юткъа, товш, хаза юьхь-сибат долчу йоIе шега яр доьхуш, Нохчийчу кхойкхура инженер-механик волчу Амаев Жунида.

Сценах йолу ойла даг чуьра къахкоза йолчу Хазуна хIусамда шена мичча хенахь а карорвуйла хаьара. Цунна дахарехь шен ховхачу синхаамех кхетарволу, уьш тIеоьцур болу некъанакъост оьшура. Жима стаг кхийтира йоIа ийзаяларца къедочух.

Цо дош делира Хазун лаамна новкъарло ца ян. Шен дашах ца вухуш, чолхечу дахарехь массо а хIуманна тIехь цунна гIортор хилла чекхвелира иза. Ларбечохь беха безам а, заманан йохалла мел инзаре зуламийн мехаш хьекхарх, марзонан чам ца телхаш.

Мукъамийн хьаьрмахь

1970-чу шарахь Хазу ялош, Жунид Соьлжа-ГIала схьавогIу. Музыкальни училище деша яхийтира цо иза. Хазун дахарехь уггаре а ирсе мур бара иза. Буьйсанна наб яр доцуш, дех гIараяла ца яьхьаш, цо къайлаха сатийсина лаам кхочушхиллера цуьнан. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан похIме солист В.Земсков вара Хазун хьехархо.

Цу хенахь наггахь бен ца хуьлура нохчийн мехкарий музыкальни училищехь доьшуш. Хазун кхиамех а, цуьнан башхачу озах а воккхавечу хьехархочо «Моя чеченочка» олура йоIах. КхоалгIачу курсехь доьшуш яра иза хьехархочо чолхечу вастийн ареш цуьнга кхочушйойтуш. Царна юкъахь яра оьрсийн композиторан Римский-Корсаков Николайн «Царская невеста» цIе йолчу опери юккъера Марфа.

Французхойн драматурган Бомаршен «Свадьба Фигаро» пьеси тIехь италахочо Де Понте Лоренцо с либретто язйъина, Моцарт Амадейс мукъам язбина «Фигаро» оперин турпалхо Куребино. Россехь дукхаезаш а, евзаш а йолчу Римский-Корсаков Николайс мукъам язбина «Снегурочка» оперин коьрта турпалхо. Оьрсийн драматурга Островский Александра изза цIе йолуш язйинчу пьеси тIехь кхоьллина яра «Снегурочка».

Нуьцкъала аз, кIорггера хьекъал, похIма долчу артисте бен кхочушъялур йолуш ареш яцара уьш.

Студентка йоллушехь Хазух и ареш тешоро гойту иза мел хьуьнаре, корматаллин таронаш йолуш а хилла. Земсков Викторца цхьаьна, дуэтехь, Глинко Модестан «Не искушай меня без нужды» романс яра Х.Махмудовас локхуш.

ЛадогIархоша хазахетарца тIеоьцура и романс. Кест-кеста, юх-юха локхуьйтуш яра, иза Соьлжа-ГIалахь хуьлучу концерташкахь.

Хьалхара гIулчаш

1975-чу шарахь елира Хазу Соьлжа-ГIалара музыкальни училище чекхъяьккхина. Дешна ялале хьалха а Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министерствехь а, евзаш яра похIме эшаршлакхархо. Цундела балха кхойкху меттигаш а алссам яра.

Делахь а, хIетахь Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министр хиллачу Татаев Вахин лаам кхочушбеш, «Вайнах» ансамблан директор хиллачу Гешаев Мусан дехарна жоп луш, нохчийн къоман хелхарийн а, эшарийн а ансамбле балха яхара иза.

ХХ-чу бIешеран 70–80-гIий шераш Нохч-ГIалгIайн Республикин хелхарийн а, эшарийн а ансамблан кхолларалло беркате зазахецна зама яра. Боккхачу кхиамца дIайоьлхуш яра цуьнан гастролаш. Коьртачу декъана кавказхойн хелхарш дара ансамблан артисташа деш, хьовсархой йийсаре лаьцнарш.

Делахь а, цара тIера барзакъ хуьйцучу юкъанна, илли олуш а, йиш локхуш а хьовсархойн самукъадоккхуш бара ансамблан къона вокалисташ Дудаев Зелимха, Махмудова Хазу.

Ерриге а бохург санна, Цугаев Супьяна мукъамаш баьхна эшарш яра Хазун репертуарехь. Делахь а, цуьнан озаца йогIуш а, дог резадина цо локхуш а яра нохчийн халкъан шира эшарш. Цкъа хаза ирс хиллачунна цкъа а йицлур йоцуш тамехь локхура уьш артисткас.

Iуьйре йогIу хьо ган лууш,
Суьйре йогIу хьо ган лууш?
Дала, кIорни, махе-малхе,
Зама йогIу хьо ган лууш…

Нохчийн халкъан ширачу эшарех дукхахъерш халкъана йовзийтинарг а карлаяьхнарг а ю Хазу. Нохч-ГIалгIайн Республикин кIошташкахь хилла Iаш яцара «Вайнах» ансамбль. Иза СССР-н дозанал генна арахьа хуьлура. Дозанал арахьа бовлале союзан республикашкахь концерташ яла дезаш хуьлура артисташ.

Казахийн мотт хаар бахьана долуш, Юккъерчу Азин республикашкахь дехачу халкъийн меттанех кхетара Хазу.

Церан эшарш лакха атта хуьлура цунна. Цхьаерш йицъялаза, хьалххе дуьйна хууш яра. Амма цхьана а кепара мало йоцуш, «Вайнах» ансамбль гастролашца тIеэца кечъеллачу хIора Республикин къоман маттахь а кечйора Хазус йиш. Хьовсархойн чIогIа самукъадолура Соьлжа-ГIалара еанчу артисткас шайн маттахь йиш лекхча.

Итт шарахь болх бира цо ансамблехь. ЦIеначу даггара безаш а, йоккхаеш а бира цо иза. Цкъа а, цхьаьнца дош дашера даьлла меттиг а ца нисъеллера цуьнан оцу муьрехь. Массаьрца эсала, кIеда-мерза, гIиллакхе чекхъяла хууш хилар дара цуьнан бахьана. Сихачу замано шераш «лечкъорах», цхьа мисхал а хийцаелла яц хIинца а иза.

Цхьанаэшшара, массаьрца доттагIаллин юкъаметтиг дIакхехьа хууш, оьшучунна гIо-накъосталлица гIатта кийча йолуш схьайогIу иза. Цундела еза Хазу массарна а.

Даймехкан йист йоцу некъаш

1985-чу шарахь белхан хьашташа Тверан (цу хенахь Калинин) областерчу Калязин гIала кхачийра Хазун хIусамда Амаев Жунид. Вайн махкахочун лаккхарчу корматаллех, цуьнан кIорггерчу хаарехь, семачу хьекъалх цецбевллачу гIалин дайша болх бан шаьш долчу дIакхайкхира иза. Цуьнга кховдина дарж а, диллина алапа дуккха а гIоле дара Соьлжа-ГIалахь хиллачул. Царна цкъа а дагахь ца хилла бегIийлаш яра схьакхийдошъерш.

Жунидан, Хазун доьзал а стамбеллера, кхо бер доккха хуьлуш дара. Хьаналчу къинхьегамца шайн балха тIехь цара доккхучух халла хене бовлал бен ахча ца хуьлура. Цундела, вовшах дагадаьлла, доьзал эцна, кхойкхуче дIадаха сацам бира Жунида а, Хазус а.

1985-чу шарахь хьаьттан (август) баттахь дара иза Калязинехь. Оцу гIалин культурин отделе балха хIоьттира Хазу. Цунах а тоам ца бира. Москварчу культурин институте заочни кепехь деша яхара. Керлачу меттехь чIогIа дика тIеийцира вайн махкахой.

Хазус хIора шарахь гурахь Калязинехь дIахьош хиллачу музыкальни конкурсехь дакъалецира. Лахьанан (ноябрь) баттахь яра конкурс. Дукха говза иллиалархой а, эшаршлакхархой а бара дакъалоцуш. Концерт дIахьош йолчо дIакхайкхийра: «Оьрсийн халкъан «Над полями, да над чистыми» йиш дIалокху Махмудова Хазус».

Сцени тIехь Хазу йиш лакха йолаелча зал дIатийра. Вайн махкахочун башхачу озо йийсаре лецира ладогIархой. Иза йиш лекхна яьлча, чIогIа тIараш дета долийра зала чохь, кест-кеста «На бис», «На бис» бохуш маьхьарий а детташ.

«На бис» лакха а дийзира. Цул тIаьхьа Калязинехь цхьа а концерт ца хуьлура Хазу юкъахь йоцуш. Цунах кест-кеста яздора шуьйрачу хаамийн гIирсаша. Цкъа Хазух лаьцна фильм а яьккхира.

1987-чу шарахь дара иза. ХIора шарахь Тверехь боккхачу кхиамца дIахьочу халкъан кхоллараллин ерригсоюзан конкурсехь хьалхара меттиг яьккхинера вайн махкахочо.

Конкурсан лауреат хилар тIечIагIдеш, диплом а, мидал а елира Хазуна. Тахана а цунна и шиъ боккха безам хета.

Дахарехь, дукха хьолахь, хуьлуш ма-хиллара ирсо къагийна маьлхан денош а, бохамаша Iовжийна доьхна денош а нисделира Калязинехь.

1988-чу шарахь Хазу чIогIа ягийра. Ши бутт гергга зама яьккхира цо больницехь, дукха чIогIа ягорна, чевнаш дIа ца йоьрзуш. ХIара больницера араяьлла масех де далале, некъахьовзам хилира, машен цунна тIекхеташ. Юха а – больница, юха а – лоьраш, чевнаш, операцеш.

Больницехь Iуьллушехь кечам бина, шина Iасанца йоллушехь, Москварчу институте рогIерчу сесси яхара Хазу. Массо а зачет, экзамен дика дIаелла, шен доьзална тIе юхайирзира иза.

ХХ–ХХI-гIий бIешераш хоттало мур

Доха карзахдаьллачу Советийн Iедало хийцамийн мехаш даржийра ша Iуналла дечу дозанан массо а маьIIехь. Герз эвхьазапдаьккхира, зуламхой марс абевлира, хIинццалц бертахь Iийначу советийн къаьмнашна юккъера барт буьйхира.

Дай баьхначу лаьтта тIехь хилар бегIийла хеташ, 1991-чу шарахь Нохчийчу цIабирзира Жунидан, Хазун доьзал. Москварчу культурин институтехь дешна йолчу Махмудова Хазуна шен говзаллица болх бан меттиг ца нисъелира.

Масех шарахь шайн юьртарчу школехь хьехархочун болх бо цо, берашна истори хьоьхуш. Бакъду, ша дийриг кхачо йоллуш до цо даима а. Цундела муьлхха а гIуллакх а юьхькIоме дIадоьрзу. Иштта дара Хазус болх биначу школехь а.

Цхьаболчу хьехархошначула кIорггера хаьара Россин а, нохчийн къоман а истори йишлакхархочо Iамочу берашна. Уьш кест-кеста хуьлура регионехь а, ерриге а Россехь дIахьочу историн олимпиадашкахь дакъалоцуш. Дукха хьолахь, Хазус Iамочу дешархоша толам боккхуш дIайоьрзура и олимпиадаш. Иштта, кIорггера хаарш долу дешархой кхиош йолу хьехархо гIараялаза ца юьсу.

1993-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университете балха кхойкху Хазу. Историн Iилманийн кандидат Магомадов Супьян вара, шегахь йолчу таронца гIайгIа бина, вайн турпалхо университете балха яийта гечо лехнарг.

Иза хIинца а диц ца делла Хазуна. Юьхь серлайолу цуьнан университетехь болх бина шераш а, белхан накъостий а дагалоцуш. Ткъех шарахь сов болх бина цо цигахь культурологи хьоьхуш, къоначу тIаьхьенна шегара хаарш дIалуш.

Университетехь билгалдаьккхира 2009-чу шеран асаран (июнь) баттахь артисткин 60 кхачар а. Цкъа а дицлур доцуш, мерза кхаъ хилла даг чу дижна Хазуна и де. Оцу дийнахь елла Хазуна «Нохчийн Республикин хьакъйолу артистка» сийлахь цIе а.

Тахана Хазу Нохчийн Республикин искусствийн колледжехь болх беш ю. Даима санна, шен комаьршачу деган серло тIекхуьучу чкъурана дIалуш а ю. Хьехархо дика кхета таханлера дешархой къоман кхане хиларх.

Цундела шен студенташна Iилма Iамийна Iаш яц иза. Цо хаддаза дуьйцу вайн ворхIе дайх дисинчу оьздачу гIиллакхех, нохчаллех, къонахаллех лаьцна. Мах боцу и мехаллаш йоIбIаьрг санна, ларъеш шен чолхечу дахарехула схьаеана похIме эшаршлакхархо, муьтIахь хIусамнана, экаме нана, моз санна, мерза денана, ненанана, вайн хьоме йиша Махмудова Хазу.

Цкъа мацах деллачу дашах ца вухуш, тешаме некъанакъост, мокхаза берд санна, дахарехь гIортор хилла лаьттина хIусамда Жунид уллера дIаваьлла масех шо ду Хазуна. Зудчун даима ирсах догуш хиллачу бIаьргаш чохь гIайгIанан шело хаало иза хьахийначохь.

Делахь а, Хазу бохамашна, иэшамашна къаръяла дагахь яц. Иза тоххара санна, вайна юкъахь ю шен беркатечу корматаллица къона тIаьхье кхиош, кханене боьдучу новкъахь Iилманан серло яржош.

Шеко яц цуьнан студенташ халкъана, махкана пайдехь хирг хиларх. Церан хьехархочун Махмудова Хазун дахар къеггина масал ду кегийрхошна. Бакъболчу нохчийн зударех цхьаъ ю иза, ша гайта, йовзийта болчу лаамца цIогIа детташ яц. Ша дина диканаш, яьхна ирхенаш юьйцуш, бевза-безачийн садууш яц. Къаьсттина, тIаьхьарчу хенахь, тийналлехь дIадоьду цуьнан дахар. Амма и тийналла Хазун сирлачу ойланаша, дечу диканийн беркато маьлхан зIаьнаршца йохье йохуш, къагош ю.

Нохчийн зударийн доза доцу адамалла, довхачудегнийн комаьршалла ю цунах хьерчарг.

ГАЗИЕВА Аза

№73, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: