Нохчийчоьнан пачхьенан – Соьлжа-ГIалин – 200 шо кхачар даздарна лерина конкурс дIакхайкхийна Нохчийн Республикин Iилманийн академис.
Конкурс дIахьош ю шина номинацехь: «Соьлжа-ГIалин историн-культурин тIаьхьалонан хIолламаш», «Соьлжа-ГIала йилларан, дIахIоттаран, кхиаран истори».
Вовшахтохархоша дийцарехь, тIекхуьучу къоначу чкъуре шайн пачхьенан историна тидам байтаран а, республикехь дехачу халкъашна юкъахь кхидIа а вежараллин юкъаметтигаш кхиоран а, гIала кхиорна а, тоярна а юкъа хазна йилларан а Iалашонца дIахьош ю конкурс.
Конкурсехь дакъалаца кхойкху 35 шо кхачаза болу къона Iилманчаш, аспиранташ, магистранташ, лехамхой, лаккхарчу дешаран заведенийн арахецархой.
Конкурсан жамIаш а, толамхошна совгIаташдаларан даздарш а дIахьур ду 2017-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 11-чу дийнахь. Толамхошна дипломаш а, хIора а номинацехь ахчанан совгIаташ а лур ду.
А.ВАХАЕВА
№74, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 22-гIа де, 2017 шо