Коьрта даздарш шахьаран йоккхачу майданахь хир ду

Соьлжа-ГIалин 199 шо кхачар даздарна кечамбаран гIуллакхан вовшахтохараллин комитетан кхеташо дIаяьхьира хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цигахь дакъалоцуш вара иштта вайн республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, регионан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Усмаев ВахIит, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, министерствийн, ведомствийн куьйгалхой.

Соьлжа-ГIалин мэра М.Хучиевс кхеташонан дакъалацархошна довзийтира ГIалин де даздарна кечамбаран декъехь пачхьенехь дина гIуллакхаш.

Цо дийцарехь, эсаран (октябрь) беттан 5-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь даккхий даздарш дIахьур ду, цигахь дакъалоцуш эзарнаш адамаш хир ду. Оцу дийнахь къоначара шайн керла доьзалш кхолларца доьзна 199 ловзар дийр ду.

«И де нускалан деза де хилла дIахIуттур ду. Иштта, билгалдеш ду «Соьлжа-ГIалин хIорд» спортан-могашалла тояран комплексехь хьешацIа, Захаров Петран цIарах сквер схьаеллар, Шанан цIа даран ларда буха капсула йиллар. Цул сов, вовшахтухур ду халкъе садаIийтарна, цуьнан самукъадаккхаран гIуллакхаш. Шахьаран коьртачу майданахь йоккха концерт хир ю. Цуьнца цхьаьна дIахьур ду спортан тайп-тайпана къийсадаларш. Цу юкъахь: мотошоу, машенаш хахкар, кхидерш. Даздарш дерзор ду «Соьлжа-ГIалин хIорда» йистехь шатлакх яларца», – элира Соьлжа-ГIалин мэра.

Цо иштта билгалдаьккхира дуккха а хьешашна хьешацIеношкахь меттигаш лаьцна хилар.

Хучиев Муслима чIагIдарехь, гIала дезачу денна кечъяран белхаш эсаран (октябрь) беттан 2–3-гIа де тIекхаччалц дIахьур болуш бу. ХIетале чекхдоккхур ду гIала хазъеш, куьце ялош дан лерина мел дерг: баннерш дIаохкар, тайп-тайпана конструкцеш вовшахтасар, кхидерг.

Къаьсттина тидам тIебохуьйту алссам адамаш вовшахкхетар долчу меттигашна. ГIалин коьртачу майданахь дIахIоттор ю «этно-гIала». Цига баьхкинчу республикин хьешийн аьтто хир бу нохчийн дайн дахаран кеп, хатI довза, къоман кхачанийн чам баккха, кхуззахь хIоттийна долчу ловзаре бIаьрг тоха.

«Школашкахь а, берийн бошмашкахь а дIахьур бу «Дуьненахь тоьлла гIала» гайтамаш. Цигахь дуьйцур ду Соьлжа-ГIалин историх лаьцна. Соьлжа-ГIалин денна лерина даздарш лаккхарчу тIегIанехь дIахьур ду», – дош делира гIалин мэра Хучиев Муслима.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо тидам тIебахийтира эсаран (октябрь) беттан 5-чу дийнахь дIадахьа леринчу гIуллакхашна юкъа юьртабахаман ярмарка дIаяхьар а дахийта дезаш хиларна. Оцу ярмаркехь хила деза Нохчийчоьнан юьртан бахаман сурсаташ.

«Вайна массарна а шатайпа мехалла йолуш де ду иза. Вай даздийр ду овкъаршкара а, хьакхлагIашкара а гIаьттинчу вайн хьомечу пачхьенан йина де. ЧIогIа мехала ду оцу дийнахь массеран а дог-ойла айъелла, самукъане, дезачу дийнахь хила ма-еззара, хилийтар. Даздарш чулацаме а, маьIне а, самукъане а хила деза. Хьешашна а, гIалин бахархошна а шайна дукхадезаш долу, шайна даима а дагахь лаьттар долу хIума карадайта деза оцу даздаршкахь», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.

Д.АНАДЕВ

№75, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 26-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: