Товбецан (сентябрь) беттан 21–22-чуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Кадыров Турпал-Iелин сийнна йолу дзюдохула кхиазхошна юкъахь хьалхеяккхаран дуьненаюкъара турнир.
ХIинца ламасте йирзина турнир карарчу шарахь ворхIазлагIа дIахьош яра. Шо шаре даларца кхуьуш бу оцу къийсадаларшкахь дакъалаца луучу спортсменийн барам а.
Иштта, хIокху турнирехь дакъалоцуш вара итт пачхьалкхера – Росси, Беларусь, Словени, Узбекистан, Азербайджан, Эрмалойчоь, Казахстан, Желтойчоь, Таджикистан, Иордани – 272 дзюдоист.
И схьаелларна леринчу даздаршкахь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, ткъа иштта олимпиадин чемпионаш: Бисултанов Хьасан, Исаев Мансур, Мудранов Беслан.
Шен къамелехь Р.Кадыровс билгалдаьккхира республикехь спорт кхиорна тIе боккха тидам бохуьйтуш хилар. Цунна тоьшалла до спортан тайп-тайпанчу кепашкахула Европин, дуьненан, Олимпийски ловзарийн чемпионаш республикера бевлла хиларо.
ТIаьхьарчу хенахь къаьсттина бIаьрлачу кхиамашка кхаьчна дзюдоисташ. Спортан и кеп кхиорехь боккха болх бо Кадыров Турпал-Iелин цIарахчу «Эдельвейс» клубо. Россин тоьллачу клубех цхьаъ хилла дIахIоьттина иза. Республикин Куьйгалхочо даггара баркалла элира «Эдельвейс» клубан а, СКФО-н дзюдон федерацин а президентана Эдильгириев Амрудина а, турнирана кечамбарехь дакъа мел лаьцначарна а.
Иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехатца совгIат дина СКФО-н дзюдохула вовшахтоьхначу командин коьртачу тренерна Шахгириев Асламбекана. Шен рогIехь турнир вовшахтохархоша леррина Кубок яларца совгIат дина Кадыров Рамзанна.
Дзюдо республикехь дика кхуьуш хилар чIагIдира шина дийнахь йозаллин бараман 8 категорехула дIадаьхьначу къийсадаларшкахь. Ерриге а 9 мидал яьккхира нохчийн дзюдоисташа: 4 дашо, 2 дато, 3 йоьзан. Ша аьлча, хьалхара меттигаш ехира Эльсиханов Iийсас (55 кг.), Мухтаров Тамерлана (66 кг.), Заурбеков Аптис (73 кг.), Тепкаев Турпала (81 кг.); дато мидалш яьхна Мишаев Рамдис (60 кг.), Оздоев Iумара (66 кг.); йоьзан мидалийн дай хилира Умаров Наибах (73 кг.), Бачаев Байсангурах (73 кг.), Итуев Муслимах (81 кг.).
Гуш ма-хиллара, Нохчийчоьнан спортсменашна юьхькIоме хилира турнирехь дакъалацар, лерина бинчу кечаман жамI ду иза.
Хь.АБАЕВ
№75, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 26-гIа де, 2017 шо