ГIебартойн-Балкхаройчоьнан пачхьенехь, Нальчик гIалахь, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Ерригроссин «Кавказан аз» VI-чу радиофестивалан жамIашдарна лерина даздарш дIадаьхьира.
ХIокху шарахь фестивалехь дакъалецира Россин тайп-тайпанчу субъекташкарчу 100 сов радиостанцин векалша. Цара жюрин кхиэле баийтинера 250 сов болх.
ЖамIашдаран цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Эдилов Роман, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, ГIебартойн-Балкхаройн Республикин Правительствон Председателан хьалхара заместитель Ахохов Таймураз, ГIебартойн-Балкхаройн Республикин культурин министр Кумахов Мухадин, кхиболу официальни нах.
Фестивалан толамхой а, совгIатхой а:
«ХIорадийнан хаамийн программа» номинацехь кхоалгIа меттиг яккхарна диплом делира «Кубанан хьалхарчу радион» хаамийн программаш дIахьош волчу Нафронов Сергейна (Краснодар).
Оццу номинацехь шолгIа меттиг яьккхира «Дона-тIехь-ФМ» радион корреспонденташа Олешко Кристинас а, Потопальская Натальяс а (Дона-тIера-Ростов).
Хьалхара меттиг яьккхира «Липецкан хан» телерадиокомпанин белхахочо Ледовских Аннас.
«Тематикин программа» номинацин толамхошна дипломаш дIалуш вара Умаров Джамбулат. Цу номинацехь кхоалгIа меттиг яьккхира «ГIебартойн-Балкхаройчоь» ПТРК-н корреспондента Васин Влада (Нальчик).
ШолгIа меттиг йийкъира «Вайнах» ПТРК-н белхахочо Дикаева Янинас а (Соьлжа-ГIала), «Башкортостан» ПТРК-н белхахочо Ибатуллин Галимьяна а (Уфа).
Хьалхарчу меттехь яра «Североморск радион» белхахо Полюшкевич Варвара (Мурманск).
«Iуьйренан шоу» номинацехь билгалбевллачарна совгIаташ дIалуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхара заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим.
КхоалгIа меттиг яккхарна диплом делира «Адам» радион хаамийн службин редакторна Загуменнова Марияна (Ижевск).
ШолгIа меттиг кхечира «Радио Версия» радиостанцин программийн директорна Ершов Олегана (Пермь).
Хьалхара меттиг елира Нальчикерчу «КБР-Медиа» радиона.
Иштта, Экспертийн кхеташонан сацамца хIокху шарахь масех керла, леррина совгIат а дира фестивалехь. Цу кепара, «Тематикин программа» номинацехь леррина совгIат дира «Некъ» телерадиокомпанин тематикин программаш дIахьош волчу Дидигов Казбекана (Соьлжа-ГIала).
«Сан дех лаьцна дийца» передачийн цикл дIаяхьарна совгIат дира «Башкортостан» ТРК-н «Юлдаш» радион отделан куьйгалхочунна Арсаева Зухрана (Уфа).
«Говзаллица безам хиларна» цIе йолчу лерринчу номинацехь дипломаца совгIат дира «Башкортостан» телерадиокомпанин берийн хаамийн-довзаран «Маьлхан гIала» радиопрограммина.
Тидамза ца бисира шайн дахаран тоьлла шераш радиожурналистикина дIаделла болу а, цхьанна а хIумане хьаьжна доцуш, таханлерчу дийнахь а болх беш болу а журналисташ.
«Говзаллина тешаме хиларна» дипломашца совгIаташ дира «Алания» ПТРК-н белхахошна: Хадарцева Лидияна, Хадонова Тамарина, Джикаева Заремина, Балаева Маргаритина.
Дагадоуьйту, «Кавказан аз» радиофестиваль вовшахтохархо ю Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство.
Фестивалан накъостий бу: А.-Хь.Кадыровн цIарах йолу Регионан юкъараллин фонд, ДIакъевлина йолу «Тракт» акционерни юкъаралла, Хаамийн «ТАСС» агентство.
А.ВАХАЕВА
№75, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 26-гIа де, 2017 шо