Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Иракъан куьйгалхоша, мехкан законашна тIе а тийжаш, луьра таIзар до террористашна. Иштта, хIокху деношкахь 40 стагана тоьпаш тоьхна террористийн гIеранашкахь тIемаш барна а, къиза зуламаш дарна а. Халкъо а къобалдо террористашна цу тайпана таIзарш дар. Бакъду, Малхбузенерчу политикаша дIахьедо шаьш цунна реза цахилар.
***
Шемарчу Дейр-эз-Зорехь оцу мехкан Iедалан эскаршна дуьхьал тIемаш беш болчу «Иблисан пачхьалкхан» террористашкахь США-н тIеман техника а, террористашна юкъахь лерринчу службин белхахой а хилар чIагIдеш долу тоьшаллаш довзийтина дуьненна а Россин оборонин министерствос. Оцу бакъдолчо даррехь дIагайтина Iамарк дуьненаюкъарчу терроризман гIолоцуш хилар. ХIетте а цуьнан куьйгалхошна эхь-м ца хета.
***
КIирандийнахь юха а мохкбегийна Мексикерчу Чьяпас штатерчу Паредон гIалахь. Цуьнан чIагIалла Рихтеран бустамца 5,7 балл хилла. Мохкбегор бахьана долуш, оцу пачхьалкхехь кхелхинчеран барам 316 стаге кхаьчна. ХIинца а хууш дац масех бIе стагах хилларг. Уьш лоьхуш бу. Дохийна, саьлнашка дерзийначу цIеношна бухахь тахана адамаш карадо.
***
Хонкарарчу Истамбулехь бакъонаш ларъяран органаша стомара схьалаьцна «Иблисан пачхьалкх» террористийн организацин дакъалацархо хилар шеко йолу 11 стаг. Уьш берриге а кхечу пачхьалкхийн бахархой бу. Хетарехь, уьш Шемара бевдда баьхкина кхуза. Цунах дерг къастош дIахьош ду талламаш баран гIуллакхаш.
***
Товбецан (сентябрь) беттан 24-чу дийнахь Германехь дIадаьхьира Парламенте (Бундестаге) харжамаш бар. Харжамашкахь дакъалоцуш бара 6 партин а, политикин боламан а векалш. Харжамхойн жигаралла тоъал лакхара йолуш (75 процент) дIабаьхьначу харжамийн юьхьанцарчу жамIашца толам баккха герга ю А.Меркель коьртехь йолу парти (ХДС).
***
ХIокху деношкахь Парижан (Франци) урамашка аравелира 100 эзар сов стаг. Митинге баьхкинчара лоьхура мехкан къинхьегаман кодексехь бина хийцамаш дIабахар, и кодекс хьалха ма-хиллара, хийцамаш ца беш йитар. Цара дийцарехь, демократица богIуш бац Iедало къинхьегаман кодексехь бина хийцамаш.
***
США-н бомбардировкаш а, истребительш а Къилбаседа Корейн дозана юххехула дIасахихкира стомара. И дарца шен тIеман ницкъ гойтуш яра Iамарк. Делахь а, цунах озалур болчух тера дац КНДР-н куьйгалхой. Цара дIахьедина шаьш и «забарш» чекхйовлуьйтур йолуш цахилар, шайн пачхьалкхан доза дохийначарна хьакъ доллу жоп дала кийча хилар.
***
Россин Президента В.Путина чIагIдарехь, хIокху шарахь вайн махкахь буьртиган ялта чудерзорехь хIинццалц хилла боцчу гайтамашка кхочур ду. ХIинцале чудерзийнарг 110 миллион тонна цIена ялта ду. Чаккхенан жамIашца чудерзочу ялтин барам лаххара а 116–117 миллион тонна хила декхар ду. Делахь-хIета, ялтин токхо хир ю вайн махкахь, аьтто хир бу совнаха дерг дозанал арахьа дIадохка.
***
Калининградан областан коьртачу шахьаре богIучу некъаца некъан-транспортан боккха бохам хилла. Оцу бохамехь 7 стаг кхелхина, 9 стаг лазийна. Цуьнца доьзна уголовни гIуллакх дIадолийна Россин Талламан Комитетехь.
***
ДIадаханчу кIирандийнахь (24.09.2017) Москван урамашкахь йоккха марафон дIаяьхьира. Цигахь дакъалоцуш вара 30 эзар гергга стаг. Уьш 71 пачхьалкхан векалш бара. Бовдуш хиллачарна юкъахь корматаллин спортсменаш а, ткъа иштта довдар дезаш болу бахархой а бара. 42 километр геналле вадарехь хьалхара меттиг яьккхира А.Алексеевс.

№75, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 26-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: