Жуьгтийн халкъан гулам хилира Соьлжа-ГIалахь

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь дIабаьхьира Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу жуьгтийн хьалхара гулам. Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон гIоьнца иза вовшахтоьхнарг яра Нохчийн Республикин жуьгтийн юкъаралла. Мероприятехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийн Республикин жуьгтийн юкъараллин куьйгалхо Юнаев Моисей, Нохчийн Республикин юкъараллин организацийн векалш, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн журналисташ.

Вовшахтоьхначара дийцарехь, цуьнан коьрта Iалашо яра Къилбаседа Кавказера берриге а жуьгтий цхьаьнатохар.

­­­–­ СССР йоьхначул тIаьхьа декъаделла жуьгтийн халкъ Къилбаседа Кавказехь дуьххьара цхьаьнатоха аьтто баьлла. Вайн гуламан Iалашо ю вайн къам цхьаьнатохаран а, цуьнан дахар тодаран а юкъара стратеги кхоллар. Ламанийн жуьгтийн къанойн кхеташонан кхоллаелла ойла ю иза, – элира Нохчийн Республикин жуьгтийн юкъараллин куьйгалхочо Юнаев Моисейс.

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, хьешашка маршалла хаьттинчул тIаьхьа, хаийтира халкъашна а, динашна а юкъахь барт чIагIбарехь дерриге а диканиг хуьлийла шена лууш хилар.

–­ Тхан латта –­ иза тайп-тайпанчу халкъийн векалш баьхна а, бехаш а йолу меттиг ю, царна юкъахь жуьгтий а бу. Тхан исторехь шатайпа меттиг дIалаьцна шун халкъо. Уьш юкъараллин дахаран ерриге а бохург санна агIонаш кхиорна юкъа махбоцу дакъа диллина болу лакхарчу дешаран заведенийн хьехархой а, искусствон а, литературин а векалш а, иллиалархой а, гIарабевлла лоьраш а бу, –­ элира цо.

Министра иштта билгалдаьккхира, Л.Толстойн цIарахчу Нохч-ГI­алгIайн пачхьалкхан университетан коьртехь лаьттина, Соьлжа-ГIалин цхьана урамна шен цIе тиллина волу, зуламхойн карах кхелхина волу Кан-Калик Виктор нохчаша цкъа а вицвийриг цахилар.

–­ Иза жуьгтийн халкъан бакъволу кIант а, Нохч-ГIалгIайчоьнан бакъволу кIант а вара. Виктор Абрамович зуламхойх ларвеш, иштта кхелхира цуьнан доттагI Бислиев Iабдул-Хьамид, –­ бохура министра.

Дж. Умаровс билгалдаьккхира, Нохчийн Республика, тIеман шерашкахь кхузара дIадаха дезначу дерриге а адамийн, шайна юкъахь жуьгтий а болуш, Даймохк хилар.

–­ Нохчийчу юхабахка а, кхузахь шайн жуьгтийн юкъаралла кхолла а церан лаам кхоллабеллехь, оха и къобалдо, хIунда аьлча и дика билгало ю. Интеллингенцин а, бизнесан а векалш а, лоьраш а, Iилманчаш а юхаберзар хир ду. Цхьа а шеко яц вайн оцу тIехь аьтту хирг хиларан а, Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу халкъийн тайп-тайпаналла оцо кхин а тIеюзург хиларан а, –­ элира цо.

Къилбаседа Кавказерчу ламанийн жуьгтийн куьйгалхойх цхьаъ волчу Нафталиев Александра шайн халкъан векалшкара салам-маршалла дIаделира нохчийн халкъе а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане а, иштта хаийтира, нохчийн халкъан а, цуьнан Куьйгалхочун а кхидIа а кхиамаш а, могашалла а, лелочух беркат а хуьлийла шайна лууш хилар.

–­ Суна дагайогIу нохчашна а, жуьгташна а юкъахь хилла йолу дика юкъаметтигаш. Церан доттагIаллин уьйраш даггара хилла хилар къаьсттина гучуделира 1944-чу чиллин(февраль) беттан 23-чу дийнахь вайнах цIерабохучу хенахь а, юха шайн Даймахка уьш цIабирзича а. ЦIенош а, Iер-дахаран гIирсаш а, берриге бахам юхаберзийра цара нохчашна, –­ элира А.Нафталиевс.

Дагестанерчу Хасавюрт гIаларчу жуьгтийн юкъараллин векала Аронов Бориса дийцира, шаьш Нохчийн Республикин дозанца Iаш хилар а, тIеман халачу хенахь нохчашна шайга далучу кепара шаьш гIо дина хилар а.

–­ Ма-дарра аьлча, со чIогIа гIадвахана ву вайн цхьаьнакхетар Нохчийчохь дIадахьарна, хIунда аьлча нохчашна дика бевза лазамаш а, баланаш а, нохчийн халкъо тайп-тайпанчу заманашкахь тIемаш а, Iазап а, махкахдахар а лайна, –­ элира цо.

Гуламан дакъалацархоша резолюци тIеийцира. Резолюцехь цара бовзийтира Къилбаседа Кавказан федеральни округехь йолу жуьгтийн ерриге а юкъараллаш цхьатоха шайн болу лаам. Дийцаре дира жуьгтийн культурин а, динан а мероприятеш дIаяхьаран проблемаш дIаяхаран а, Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу жуьгташна социальни агIор гIо даран а, юкъара проекташ дIаяхьаран а хьокъехь долу гIуллакхаш.

I.МУРТАЗОВ

№66, 25.08.2017

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: