XV-XVI-чуй бIешерийн муьрехьлера Россин истори евзачунна гIалагIазкхий ца бевзийла дац. Аьлча а, гIалагIазкхий «кхоллабаларан» бахьана.
И хаттар историкашна а, историезархошна а дитина, вай билгалдоккхур ду таханлерчу дийнахь гIалагIазкхий Россин ерриге а субъекташкахь, СНГ-н пачхьалкхашкахь баьхна ца Iаш, Европехь а, Iамаркахь а, ур-атталла Австралехь а бехаш хилар.
Лахахь вай дуьйцур ду Нохчийчохь бехачу гIалагIазкхех лаьцна.
Кхузахь уьш, ламаст а хилла дисина ма-хиллара, Шелковски а, Невран а кIошташкахь беха.
Бакъду, гIалагIазакхийн цхьацца болу доьзалш Грозненски а, Гуьмсан а, Эна-Хишкан а, Теркан а кIошташкахь бехаш а бу.
Шелковски кIоштахь болх беш церан культурин ши туш ю – Дубовски станицехь а, Оьрза-ГIалахь а. Ткъа Невран кIоштарчу Новр-ГIалахь болх беш ГIалагIазкхийн культурно-кхеторан методикин туш а ю.
Цул сов, 2016-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 30-чу дийнахь дуьйна, республикин Правительствос тIеэцна План а яра — «2020-чу шаре кхаччалц гIалагIазкхашца йоьзна йолу Россин Федерацин пачхьалкхан политика кхиоран стратеги» кхочушъярна лерина яра иза.
Цу тIе, «Нохчийн Республикехь региональни политика а, федеративни юкъаметтигаш а кхиор» цIе йолчу Нохчийн Республикин Пачхьалкхан программин гурашкахь тIеэцна «Нохчийн Республикин гIалагIазкхийн юкъараллашна гIо даран подпрограмма» а яра, иштта, хIора а шарахь дIахьош «Терка тIера Дона тIе кхаччалц» аьлла йолу Регионашна юкъара конференци а ю.
Билгалдаккха догIу оцу конференцехь дакъалоцуш Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу субъекташкахь йолчу гIалагIазкхийн юкъараллийн векалш хилла ца Iаш, Къилба федеральни округерчу субъекташкара векалш а хуьлуш хилар.
Иштта, Россин Федерацин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин а бу меттигерчу гIалагIазкхашца (Теркан округан гIалагIазкхийн юкъараллица) бина барт: шайн лаамца кхоьллинчу цIеяйъархойн гIаролан могIаре хIиттина церан дукхахболу божарий. Ткъа республикин культурин министерствоца бинчу бертан гурашкахь меттигерчу гIалагIазкхийн культурин туьшийн векалша Нохчийн Республикин цIарах дакъалоцу Къилбаседа Кавказехь дIа мел хьочу гIалагIазкхийн культурин мероприятешкахь.
И.ИСЛАМОВ