Историк, Iилманча, къонах

(Магомадов Супьянан 65 шо кхачарна лерина)

Хьалхара дош

Нохчийн халкъан кхоллараллин интеллигенцин могIаршкахь шуьйра евзаш а, боккхачу ларамца йоккхуш а ю историн Iилманийн кандидатан, доцентан, профессоран Магомадов Супьянан цIе.

Нохчаллах къилба дина вехаш ву иза. Къаьсттина мехала ду къоман ламасташ, дайх дисина оьзда гIиллакхаш, хIайкал санна лардеш долу адамаш вайна юкъахь хилар. Цхьана а кепара шеко йоцуш, царах синбIов йина вехаш ву Супьян. Мел яккхий халонаш тIехIиттарх, собарх, доьналлех вухуш вац иза. Цкъа а, цхьанна а ца гина, цуьнан багара кIоршаме дош долуш.

Цуьнца цхьаьна ира хьекъал, кIорггера хаарш, шена хетарг цхьаннах ийза а ца луш, дIаала амал ю цуьнгахь. Халкъана, къизаллин эрчонаш тIехIиттинчу муьрехь, дебначу гIайгIанашна, баланашна пе тоьхна, юьстахваьлла вац иза. Кхочучу ницкъаца деэшначунна гIо-накъосталла дина, вайн махкара дешаран хьаьрма кога-меттехь латто гIиртина, цкъа мацца а маьрша зама йогIур юйла хууш, Iилманехь къахьегна, кегийрхоша деша лаарна, атта боцу хьехархочун болх бина.

Хийрачу махкахь дIаяхана бералла

1952-чу шеран хьаьттан (август) беттан 11-чу дийнахь генарчу Казахстанан Акмолинскан областерчу Кургальджинан кIоштан Казгородок поселкехь дуьнен чу ваьлла иза. Багара кхоьссина туй лаьтта кхачале гIорош, Iа шийла лаьтташ меттиг яра Акмолинск.

Шен къизаллица евзина «АЛЖИР» цIе йолу набахти йиллинера цигахь Сталин Иосифа. ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь НКВД-с къинхетамза хIаллакбинчу эпсарийн, Iилманчийн, политбелхахойн хIусамнаной хилла оцу набахтехь, Iазапехь латтош. Герзаш тохарх хьалхаваьлларг буьрсачу шелоне хIаллаквайта кхоьллина набахти хилла иза. Цундела олуш хилла цунах «АЛЖИР» а (Акмоленский лагерь жен изменников Родины).

1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь махках баьхна Хьалха-МартантIера МагомадовгIар Акмоленскан областе кхаьчнера. Массара санна, хало, харцо, шело, гIело, мацалла лан дийзира. Супьянан да Султан кхо бутт кхачале тIера да дIаваьлла байлахь висина хилла. Нана а дукха хан ялале кхечанхьа маре яхана. Султан денанас кхаьбна вара. Воккха хила воьлча Султанна чIогIа деша лаарна, интернате дIавелла хилла иза. Амма наха олучух ларлуш, девежарша интернатехь ца витина вешин кIант. Къеначу дененан цуьнга дешийта аьтто ца хилла.

Иштта, дешар а юкъахдисира кIентан, дукха хьалхе воккхахилар тIедоьжна, цIийнан дукъ дIатекхо а дезна. Хийрачу махкахь денене мацалла ца хьегийта балха аравелира Султан. Цунна лаарна, хьалххе хIусамнана ялийна, чувирзира иза. Къаьхьа чам беттало шен бералла карлаюьйлуш, доьзална дика да хилира Султанах.

Супьян кхоалгIа бер дара цуьнан доьзалехь. Дерриге а исс бер хилла цуьнан. Цаьрга массаьрга дешийта, цхьацца корматалла караерзаяйта хьуьнар а хилира цуьнгахь. Бераш школе доьлху хан герга кхаьчча, царна школе даха, чу-ара довла бегIийла хилийта Акмолинскера Алма-Атана улле гIоьртира доьзалан да. Цундела Супьянан юьхьанцарчу классе деша вахар а хилла Алма-Атан областерчу Панфиловн цIарах йолчу кIоштарчу Кагтал юьртахь. Цунна хIинца а дагайогIу шен дуьххьарлерчу хьехархочун цIе. «Мария Ивановна» олий, хIинца а ховхачу безамца йоккху Супьяна цуьнан цIе. Бакъду, дукха ца дийшира цо цигахь.

1959-чу шеран лахьанан (ноябрь) бутт болалуш, цIавирзира Султан шен боккха доьзал а балош. Хьалха-МартантIерчу №1 йолчу школехь дийшира цо кхаа шарахь. ЙоьалгIачу классе ваьлча Хьалха-МартантIерчу №5 йолчу школе дехьавелира. Цу школехь бахара историн Iилмане безам а. Белхан доккха зеделларг долуш волу Магомадов Гилани вара историга кIентан безам кхоьллинарг. Эзарнаш шераш хьалха, генарчу пачхьалкхашкахь хилларг а, ша цигахь хилла, шен бIаьргашна гина долуш санна, говза, хаза дуьйцура хьехархочо. Супьян дуьнен чохь шен яккха йисинчу ерриге а ханна йийсаре лецира цо.

Хьалха-МартантIерчу юккъерчу школин лакхарчу классашкахь доьшуш волуш хаьара цунна шех историк хир вуйла. Цундела кхиамца школа чекхъяьккхина, Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан институте деша вахара иза.

Къоналлин шераш

Хьалхарчу курсехь доьшуш волуш дуьйна, гуш дара дешарца кIорггера бала болуш, историн Iилма довза лууш, иза дезаш Магомадов Супьян хилар. Школехь а, цул тIаьхьа институтехь а доьшуш иза цкъа а ца Iара хьехархоша билгалъяьккхина литература йоьший. Дешарх мукъа йолу хан библиотекехь йоккхура цо. Институтан библиотекера книгаш ешна ца Iаш, студент кест-кеста кхочура Чеховн цIарахчу къоман библиотеке а. Къоналлин шерашкахь ешначу книгаша боккха тIеIаткъам бина, хьекъал ирдина, синкхетам шорбина, нохчийн халкъе болу безам чIагIбина жима стаг вара Супьян. Цунна къеггина тоьшалла ду Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет (1972-чу шарахь йира институтах университет) 1974-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхина ваьлча Дона-тIерачу-Ростовн университете стажировке иза хьажор. Цигахь дешар юкъахдита дийзира цуьнан, эскаре гIуллакх дан ваха везаш хиларца доьзна.

1976-чу шарахь эскарехь гIуллакх дина ваьлла цIавирзина Супьян ша дешначу университете балха веара. Лаккхарчу дешаран кхерчахь гулдинчу хаарех тоам ца беш, кхидIа а деша ойла лаьттара жимачу стагехь. Цуьнан лаам, хьуьнар девзачу Нохч-ГIалгIайн Республикин университетан куьйгалло 1977-чу шарахь Дона-тIера-Ростоверчу пачхьалкхан университетан аспирантуре хьажаво къона историк. Цигахь историн кафедрехь аьтто болу кхин а кIорггера историн Iилма довза, Iамо. Цу шерашкахь бевза Магомадов Супьянна В.Золотовн, А.Пронштейнан, А.Козловн, В.Крикуновн, А.Хасбулатовн, иштта кхечу а историкийн Iилманан белхаш. Къилбаседа Кавказан къаьмнийн истори йовза, цуьнан талламаш бан сакIамло.

Цунна къаьсттина мехала хета вайнехан истори таллар, цунах бакъдерг дуьненна дIадовзийтар. Нохчийн халкъехь таIзар латтийна, амма бакъдерг хьулдина, дуьйцург хаздина кегош долу 1917–1925-гIий шераш ду цуьнан садуурш а, талламаш бан Iалашо лаьцна, цо шена билгалдаьхнарш а. Де а, буьйса а ца лоьруш, и мур толлуш къахьоьгу цо кхаа шарахь. Хиънарг дийца а, ма-дарра дIаяздан а аьтто цкъачунна цахиларо, Iаламат боккха ницкъ бора цунна. Делахь а, историн Iилма Iаморехь сутара беш болу болх саца ца бора цо. Бакъдерг ма-дарра дийца, дIаяздан аьтто болуш зама йогIург хиларх а тешаш хиларо, дог-ойла ира-карахIоттош, гIо-накъосталла дора историкана и мехала болх дIакхехьа.

Кхиамийн новкъахь

Дона-тIерачу-Ростовн аспирантура чекхъяьккхина ваьлча 1980-чу шарахь Соьлжа-ГIала цIавирзичахьана Л.Толстойн цIарахчу Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан университетан историн факультетехь болх беш ву Супьян. Даима а студенташца ву иза. Iилма хьехарал сов, кхетош-кхиоран болх бора цо студенташна юкъахь.

КIорггера нохчийн мотт хаарца, къоман гIиллакхаш довзарца, хьехархочо ненан маттахь бечу хьехамашка леррина ладугIура студенташа. Оцу шерашкахь хьехархочуьнца тасаелла уьйр-марзо кхин гIел ца луш, таханене схьаеана студентийн.

1981-чу шарахь Супьяна историн Iилманийн кандидатан диссертаци тIечIагIйира. Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн мехкашкахь Советийн Iедал дIахIотторах, 1920–1922-гIий шераш чулоцуш, талламаш бина язбина бара Iилманан болх.

1981-чу шарахь дуьйна таханене кхаччалц, 150 гергга Iилманан статья язйина, зорбане яьккхина цо. Цул сов, жигара дакъалаьцна вайн махкахь, СССР-хь хиллачу а, дуьненаюкъарчу а Iилманийн-практикин конференцешкахь (Москвахь – 1982-чуй, 2005-чуй шерашкахь, Дона-тIерачу-Ростовехь – 1984, 1987, 1998, 2001, 2002, 2004, 2005, 2009, 2010, 2012, 2013-чуй шерашкахь, Владимирехь – 2001-чу шарахь, Буру-ГIалахь – 1992, 1998, 2000-чуй шерашкахь, Краснодарехь – 2004, 2005, 2006-чуй шерашкахь, ХIинжа-ГIалахь (Махачкала) – 1986, 1996, 2002, 2005, 2008, 2013-чуй шерашкахь.

Иштта, Супьяна дакъалаьцна 2012-чу шарахь Ереванехь хиллачу конференцехь а. Ткъа Нохчийн Республикин коьртачу шахьарахь Соьлжа-ГIалахь дIахьочу историн конференцешна кечамаш барехь а, уьш хьакъдолччу тIегIанехь дIаяхьарехь а шегара гIо-накъосталла цкъа а кхоийна вац С.Магомадов.

1982–2016-чуй шерашкахь вайн республикехь дIа мел яьхьна конференци вовшахтухуш хиллачарна юкъахь хилла иза. Дукхах йолчу конференцешкахь чулацаме докладаш йина. Буххера дуьйна къоман историн а, Кавказан историн а хьал шена довзаре терра, маьIне къамелаш дина Супьяна Кавказан а, Россин а, кхечу пачхьалкхашкара а историкаш цхьаьнакхеттачохь. Халкъах а, махках а доглазарца Iилманчо дечу къамелашка сема ладоьгIна форуме гулбеллачу историкаша. Цуьнан хаарийн а, маьIнечу къамелан а лаккхара мах хадийна коллегаша. Цундела вайн тIечIагIдан бакъо ю Нохчийчохь вевзина ца Iаш, иза дозанал генна арахьа а дика вевзаш хилар а, Iилманехь цо беш болу талламаш ерриге а Кавказан мах боцу беркат хилла дIахIиттина хилар а. Вайна массарна юьхькIам болуш, боккха кхиам бу иза.

Ирча зераш

ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь чолхе хьал дара Нохчийчохь хIоьттинарг. Советийн Iедало малйинера низаман урх. Цуьнан зуламе ачо цкъа мацца а Нохчийчу а схьакхечира. Цхьана буса арадевлира Нохчийчуьра эскаран дерриге а дакъош, герз дуьтуш. Герз зуламхойн карадахара. Соьлжа-ГIала хьажа-хIотта веанчу Россин прокурора Степанков Валентина набахтехь бохку зуламхой арабехира. Зуламхоша герз ловзодаьккхира. Цхьа де ца долура маьрша стаг ца вуьйш. Амма оцу буьрсачу деношкахь, са-пайди ца лоьхуш, арабевлла, дешаран а, университетан а дола дан нохчийн кIентий гIевттира. Цара шайн каралецира, къацахетачара къинхетамза дIасаийзо йолийна университетан Iуналла даран архаш. Царах цхьаъ вара историн Iилманийн кандидат, доцент Магомадов Супьян.

1994-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин университетан проректоран даржехь болх беш вара иза. Цу муьрехь Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан ректор хиллачу физикин-математикин Iилманийн доктора, академика Дадашев Райкома дийцарехь, тIамо охьааьтта университетан гIишло, Iедалера схьадогIуш цхьа кепек ахча доцуш, тояйта, студенташ охьаховшо меттигаш кечъян ницкъ кхечира проректоран. Ахча доцуш уьш муха тойийр ю аьлла дагадан тарло газетдешархошна.

Муьлххачу а стагаца бийца мотт карош волчу Супьяна, Россин вузашка орцадаьккхина, нохчийн кегийрхойн дешар юкъахдитаро, цхьанна а дика болх бийриг цахиларх лаккхарчу дешаран кхерчийн куьйгалхой кхетош. Супьян а, цуьнан дош а девзаш болу Iилманчаш орцахбевлира. Уьш бара Нальчикера, Москвара, Ростовера, иштта кхечу гIаланашкара. Цуьнца цхьаьна дIахьош бара Iилманан а, талламан а белхаш.

1994–1999-чуй шерашкахь университетан хьехархоша тIечIагIйира Iилманийн 4 докторан а, 12 кандидатан диссертаци. С.Магомадовн доттагIаллин зIенаш бахьанехь университето уллера гергарлонаш тесира Кавказерчу дукхах болчу лаккхарчу дешаран кхерчашца, нохчийн халкъана уггаре а хала хан тIехIоьттича тесна и гергарлонаш хIинца а лелош ду Азербайджанерчу, Гуьржийчуьрчу университеташца. Иштта, вайн университет Польшин коьртачу шахьарахь Варшавехь вовшахтоьхначу «Союз университетов за демократию» цхьаьнакхетараллина юкъаяхара 1997-чу шарахь.

1998-чу шарахь С.Магомадовн лаамца, цуьнан хьуьнарца, цо бинчу кечаман буха тIехь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира «Мир, согласие и сотрудничество» цIе йолу дуьненаюкъара Iилманан конференци. «Институт «Открытое Общество». Фонд содействия» цIе йолчу Соросан фондо мелла а гIо-накъосталла дира и конференци вовшахтухуш а, дIахьош а. Дуьненна евза и фонд орцахъялийта, цуьнга гIо-накъосталла дайта цхьамма гIайгIа бан безара, цхьаъ хьалхавала везара, дIадолийначу чолхечу, мехалчу гIуллакхан йозалла шен белшаш тIе лоцуш. И динарг Супьян вара. Иза вовза ирс хиллачарна хууш ду Iилманча халонех цкъа а къихкина цахилар. Ша дина диканаш дагардеш, уьш кхайкхош Iедал а ца хилла цуьнан цкъа а. ЦIархазмана деш а, дина а цхьа а хIума дац Супьянан. Иза иштта кхиийна ву дас-нанас.

2000-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь хиллачу бохамо къаьсттина, дика схьагайтира Супьянан нуьцкъала амал, синъондалла. Вайн махкахь буьрса тIом кхехка хан яра иза. Школашкахь а, лаккхарчу дешаран кхерчашкахь а дешархой, студенташ доьшуш бара. Шина а агIор болу тIемалой, цхьабосса дера, кIоршаме бара. Кест-кеста, даге лан ца даллал, инзаре хьал хIуттура гIаланашкахь, кIошташкахь, ярташкахь.

2000-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 20-чу дийнахь буьрсачу тIеман аре хилира университетах а, цунна уллерчу майданах а. Ларамза кхеттачу герзо, кхин цкъа а ца гIатта, вожийра бехк-гунахь доцу пхи студент. Боьлхуш, маьхьарий хьоькхура зударша а, мехкарша а. Хиллачух ца кхеташ, Iадийна лаьттара божарий. Ойланашка вийла хан яцара Супьянан. БIаьрг белла ца дуьтуш дуьйлучу герзашна юккъехула Супьян и зулам динчу федеральни эскаран бIахошна тIевахара, хаддаза университетана тIехула етта миномет сацаяйтира цо.

ТIаккха студентийн декъий схьагулдайтина, уьш университетан тхов кIел дахьийтира, чевнаш хилларш больнице бигийтира. Студенташ берриге а Супьянна бевзаш, цо Iамош, денна цунна хьалха хуьйшуш бара. Нанаева Лариса, Успанова Асет, Дашаев Рустам, Байсултанов Муслим – цхьаъ санна, дерриге а дика бераш дара! Церан сирла яххьаш йицлур яц проректорна. Уьш хIинца а кест-кеста гIенах го цунна. Вийна хIора студент шайн цIа эцна ша вахара иза. Шен бехкенна зулам хилча санна, дайшна, наношна хьалха бехкала вахана вара хьехархо, легашкахь хорам бина, къаьхьа къурдаш сецош, дукха холчу хIоттарна чIениг егош къамел дора цо: «КъинтIера довла тхуна! Тхоьга ца Iалашдели аш деша дахкийтина бераш! Тхо шуна хьалха юьхьIаьржа ду!..».

Царна хилла иэшам байбеш, церан догъоьцуш дара хьехархочо деш долу къамел. Цунна шена, мел хала дара, мел доккха доьналла оьшура и къамел дан. Хетарехь, хьехархочун дахарехь уггаре а ирча де дара иза. Вуонаш лан Iеминчу дагна кхин а цхьаъ йоккха чов йина, къахьа къурд байтира.

Машаречу новкъа – керлачу лакхенашка

Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетехь болх беш вара Магомадов Супьян вайн республикехь 2001-чу шарахь Комплексни Iилманийн-талламан институт юьллуш йолуш. Шен коьртачу балха тIехь мел хала валлахь а, гIо-накъосталла оьшучохь юьстахваьлла ца Iавелира иза. Комплексни Iилманан-талламан институт когаяхана дIахIотталц, цуьнан Iилманчин-секретаран болх шена тIелаьцна, дIакхийхьира цо шина шарахь. Оцу даржехь болх лаккхарчу говзаллица бина хиларан къеггина тоьшалла ду 2002-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 26–27-чуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь Россин Iилманийн Академица цхьаьна Комплексни Iилманан-талламан институто вовшахтоьхна, дIаяьхьна хилла Iилманан-практикин конференци.

Университетан проректоран даржехь волуш, вовшахтоьхна С.Магомадовс историко-краеведческий музей, нохчийн къоман ширачу йозанийн лаборатори, иштта ЮНЕСКО-н гIишлошъяран а, архитектурин а хIолламаш ларбаран кафедрин региональни отделени. Иштта кафедра вайн махкахь чIогIа оьшуш яра. Супьяна а, цуьнан белхан накъосташа а кIорггера ойла йина дина мехала гIуллакх ду иза. Вайн турпалхочо балха тIехь а, Iилманехь а дIа мел йоккху гIулч ю халкъана, махкана оьшучун ойла еш йоккхуш.

2008-чу шарахь дуьйна историн Iилманийн кандидат, профессор Магомадов Супьян Нохчийн Республикин Iилманийн Академехь йолчу гуманитарни талламийн институтан директоран даржехь болх беш ву. Историн Iилманийн докторан диссертаци тIечIагIъян йолчу Iалашонца монографи язъеш ву. «Военно-политическая борьба в Чечне в 20-е годы ХХ-го века. Опыт и уроки» ю монографин цIе.

Ткъа С.Магомадов бераллехь дуьйна Делах чIогIа кхоьруш, ламаз-марха лоруш, адамалла, къинхетам шеца болуш ву. Цуьнан цкъа а ца хилла цхьана стагаца хьагI-гамо, эмгаралла. Нохчийн халкъан толамо дог делош, цуьнан доьхначу деноша дог делхош схьавогIуш ву Iилманча. Доза доцуш ю цуьнан комаьршалла. Бух боцу хIорд санна, дуккха ду цуьнан хаарш. КIорггерчу маьIнех дуьзна ду цуьнан хIора дош.

Ишттачу стагах олуш хилла-кх вайн дайша къонах. Иштта хила везар-кх ша къонах хеташ верг массо а. Ма дика ду масал эца а, наггахь мукъане а Супьян санна долу адамаш вайн махкахь хилар.

ГАЗИЕВА Аза

№75, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 26-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: