Хууш ма-хиллара, вайн махкахь а, дозанал арахьа а гIараяьлла евзаш йолчу пачхьалкхан хелхаран «Вайнах» ансамблан 75 шо кхочу, иза кIезиг хан яц. «Вайнах» шен истори а йолуш, шех лаьцна ала дуьззина дош а долуш ансамбль ю. Массо а пачхьалкхашкахь езаш, ларамца тIеоьцу иза, эрна ца олу цунах Нохчийн Республикин «визитная карточка». Церан юбилей хилар тидаме а оьцуш, тхан масех хаттар кхолладелира вайн бахархошка. «Вайнах» хелхаран ансамблан 75 шо кхочий хаьий хьуна? Цкъа а хиллий хьо церан концертехь? Хазахетий хьуна церан хелхарш? Ткъа церан жоьпаш оха довзуьйту шуна лахахь:
Нахарбекова Мелисса, М.Ю.Лермонтовн цIарах йолчу Пачхьалкхан оьрсийн драматически театран актриса:
Суна чIогIа хазахета «Вайнах» ансамбль а, церан хелхарш а, кеста церан 75 шо кхочуш юбилей юйла а хаьа. Цу ансамблан концерташкахь хиларал сов, сан аьтто хилла цхьана баттахь церан репетицешка бIаьргтоха, цигахь хиира суна цара ондда къахьоьгийла. Ишта-м суна «Вайнах» юккъера цхьаболу хелхарчаш бевза, «Чудаки» цIе йолу сан дипломни спектаклехь дакъалоцуш бара уьш.
Джавотханов Сайхан: Соьлжа-ГIалин медицинин сихагIодаран станцин белхахо:
Бакъдерг дийцича, суна ца хаьара «Вайнах» ансамблан 75 шо кхочийла. Церан концерте хьажа телевизор чохь бен ца нисделла сан. Суна чIогIа хазахета и тайпа гIараяьлла хелхаран ансамбль вайн республикехь хилар, ткъа иза нохчийн къоман а, Кавказан къаьмнийн а хелхарийн ансамбль хиларх ас дозалла а до.
Магомаева Айза, хьехархо:
Суна хаьара «Вайнах» ансамблан 75 шо кхочийла, хьалхе дуьйна Соьлжа-ГIалин урамашкахь дIатоьхна банерш гинера церан юбилей хилар хоуьйттуш. Ансамблан концерте хьажар масийттазза нисделла сан, чIогIа хаза а хийтира суна церан концерташ уьш хаза ца хетийла а дац шен кийрахь нохчичун дог долчунна.
Сагаипова ПетIамат, Соьлжа-ГIалин яхархо:
«Вайнах» ансамблан концерте со хазахетарца хьожу. Халахеташ делахь а, цаьрга телевизор чохь бен хьажар ца нисделла сан. Суна чIогIа хазахета и зудабераш цхьа оьзда, шайн бIаьрг, куьг лардеш хелхадовлуш, божарша хелхарехь бакъволчу нохчичун васт гойтуш. Вайн къоман юьхь – дозалла ду «Вайнах». ТIедогIуш долчу шайн дезачу денца уьш даггара декъалбан лаьар суна. Дала аьтто бойла церан шайн балха тIехь.
Зорбане кечйинарг – САГАЕВА Залина