«Географин диктант» а хир ю лахьанан баттахь

2015-чу шарахь дуьйна Оьрсийн географин юкъаралло Юкъараллин верасаллин Советан председателан а, Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран а дIадолорца хIора шарахь кхочушъеш ю дешаран дуьненаюкъара «Географин диктант» язъяйтаран проект.

Цуьнан Iалашо ю бахархойн географин Iилманехула долу хаарш таллар.

Шо шаре алсамбовлуш бу диктант язъян луурш, масала 2016-чу шарахь диктант вайн пачхьалкхан 1464 майданахь язйира 180 эзар стага! Диктант язъярехь дакъалаьцначарех ву Оьрсийн географин юкъараллин Президент, Россин Федерацин оборонин министр С.Шойгу, шозза олимпийски чемпион В.Фетисов, вевзаш волу тележурналист Н.Дроздов, иштта дуккха а кхиболу цIеяхна нах. Диктантана билгалйина хан кху шеран лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де ду.

Оьрсийн географин юкъаралло электронни кепехь кечйийр ю диктанташ язъян оьшуш йолу бланкаш а, диктантан лехамаш бовзуьйтуш. ХIора гIалин я кIоштан юккъерчу майданахь диктант язъян оьшуш долу хьелаш кхоллар а, оьшуш йолу коьчал (кехат, къолам) хилийтар а администрацешна тIехь ду. Дерриге а маьхза хила а деза. Диктантана бланкаш хIокху электронни адресца карор ю http://dictant.rgo.ru.

Диктантан координационни туьшан электронни адрес а, телефонан номер а иштта ю: e-mail: diktant@rgo.ru. телефон: 8(800)700-18-45.

Нохчийн Республика а Iийр яц оцу проектана юьстах. Вайн республикин куьйгалле а кхаьчна Оьрсийн георгафин юкъараллера кехат, оцу юкъараллин хьалхарчу вице-президентан, академикан Н.Касимовн цIарах.

№76, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: