ХIокху деношкахь белхан гIуллакхца Минске вахана волу Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Беларусин Президентаца Лукашенко Александраца.

Р.Кадыровс билгалдаьккхира Нохчийчоьнна а, Беларусина а юкъахь доттагIаллин юкъаметтигаш хилар а, и цхьаьнакхетар бахьанехь экономикин декъехь кхин а жигара цхьаьнагIуллакхашдар дIадолориг хилар а. А.Лукашенко Кавказехь лоруш стаг хилар а хаийтира цо.
Иштта, Беларусин Президент Нохчийчу хьошалгIа кхайкхира Кадыров Рамзана. Белхан гIуллакхца а доцуш, вуьшта Беларусе вола элира Р.Кадыровга А.Лукашенкос а.
Цул тIаьхьа экономикин декъехь цхьаьнагIуллакхашдар дийцаре дира цара. Цхьаьнакхетаран жамIаш деш А.Лукашенкос билгал ма-даккхара, шина агIоно барт бинчу цхьаьнагIуллакхашдарехь коьрта тема производствон коопераци хила еза.
«Иза уггаре а бегIийла йолу, ш и нна а агIонна пайде йолу цхьаьнагIуллакхашдаран кеп ю. И бахьанехь регионан рынкан хьашташ кхочушдан а, лаккхаратехнологийн белхан меттигаш кхолла а таро хуьлу», – элира Беларусин Президента, Минск Нохчийн Республикица цхьаьна Кавказехь болх бан лаам болуш хилар а хоуьйтуш.
«Тхуна дика хаьа Нохчийн Республика муха кхуьуш ю, тхуна чIогIа хаза а хета иза. Шу дика дохкуш ду: халкъ шен ницкъах тешийна, хьакхлагIашкара, овкъаршкара шайн латта хьалаайъина аш, – элира Лукашенко Александра. – Оха чIогIа лоруш а, тхуна доккха хиндерг долуш ю аьлла хеташ а регион ю Нохчийн Республика. Соьлжа-ГIалица цхьаьна болх бина ца Iаш, экономикин декъехь шуьца цхьаьна Кавказехь гIуллакхаш дан а лаам бу тхан. Цигахь шуьца цхьаьна предприятеш ян а, цхьаьна лаккхаратехнологийн сурсаташ кхолла а, шун регионан къилбехь лелийна а ца Iаш, къилбаседехь а махлело а тарлуш ду».
Президентаца цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа, Беларусерчу журналистийн хаттаршна жоьпаш делира Кадыров Рамзана.
Цул тIаьхьа Беларусин премьер-министраца Кобяков Андрейца а цхьаьнакхетар хилира цуьнан. Иштта, Минскан автозаводехь а хилира Р.Кадыров.
№76, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо