Россин Федерацин Правительствон Председателан заместитела Козак Дмитрийс дIаяьхьначу Правительствон комиссин кхеташонехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Цигахь дийцаре дира регионаш кхиоран гIуллакхаш. Кхеташо дIаяьллачул тIаьхьа Россин вице-премьерца шецца а цхьаьнакхийтира Р.Кадыров.
Дийцира Нохчийн Республикин налогтохаран бух алсамбаккхарехь Россин Правительствос а, Нохчийчоьнан куьйгалло а шина а агIор дан дезачух лаьцна. Иштта йийцаре йира берашдар а, бахархой дебар а лакхара хилар хьесапе а оьцуш, бюджет кхолларан башхаллаш а.
Кадыров Рамзана, тIаьхьуо, инстаграмерчу шен агIонехь билгал ма-даккхара, цхьаьнакхетарехь тидамза ца дисира Нохчийчоьнан экономикин бакъйолу сектор кхиоран социально-экономикин декъехь йолу программаш Iаткъаме хиларан гIуллакхаш а.
«Уггаре а тидаме эца дезаш долчу оцу гIуллакхашкахь ша гIо-накъосталла дийриг хилар хаийтира Дмитрий Николаевича. Коьртаниг – вайн социально-экономикин кхиоран политика нийсачу новкъахь хилар къобалдира цо. Ас даггара баркалла элира цунна Нохчийчоьнан керлачу историн юьххьехь иза латтарна а, гIо-накъосталла дарна а. Цо дукха хIума дина вайн республикина а, ерриге а Россина а», – яздинера Р.Кадыровс.
№76, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо