Нохчийчоьнан социальни экономика кхиоран гIуллакхаш дийцаре дира

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министраца Кузнецов Леваца а, цуьнан хьалхарчу заместительца Байсултанов Одесаца а цхьаьнакхийтира Москвахь.

Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара.

Цигахь дийцаре дира тайп-тайпана программаш, инвестицийн проекташ кхочушъяр а, Нохчийчоьнан пачхьенан – Соьлжа-ГIалин – хинйолчу юбилейна кечамбар а (хууш ма-хиллара, 2018-чу шарахь Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар даздарна кечамбар жигара дIахьош ду карарчу хенахь).

Цхьаьнакхетарехь, иштта, дийцаре дира Россин Федерацин «2025-гIа шо кхаччалц болчу муьрехь Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхиор» пачхьалкхан программина юкъайогIу «2016–2025-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин социально-экономикин кхиор» подпрограмма кхочушъяран гурашкахь дIахьош долу республикин социально-экономикин кхиоран мехала гIуллакхаш а.

Карарчу шарахь кхочушъян езаш йолчу, экономикин бакъйолу сектор кхиорна леринчу регионан инвестицийн проекташка а, 2018-чу шеран пачхьалкхан программин социально-экономикин декъехула йолчу подпрограммашна юкъатоха лерина йолу инвестицийн проекташ къасторан ведомствошна юкъарчу белхан тобанна гайта еза проекташ кечъяре а хьаьвсира цхьаьнакхетаран дакъалацархой.

Цул сов, Россин Правительствон ТIаьхьалонан фондера 2017-чу шарахь кхитIе а билгалдаьккхинчу ахчанах Нохчийн Республикехь юкъарадешаран керла учрежденеш ярх а, Нохчийчоьнан школашкахь кхаа рожехь дешар дIадаккхарх а лаьцна а дийцира цхьаьнакхетарехь.

А.ВАХАЕВА

№76, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: