Шемарчу Дейр-эз-Зорехь а, Идлибехь а Iедалан эскаршна дуьхьал тIом беш хиллачу «Иблисан пачхьалкхана» юкъара 800 гергга террориста герзаш охьадехкина, уьш Iедалан эскаршкахьа бевлла. Стомара бомбанаш, ракеташ тоьхна йохийна террористийн тIеман гIишлош, «Джебхат-ан-Нусра» юкъара иттех террорист хIаллаквина Идлибехь.
***
Иракъерчу курдаша йозуш йоцу Курдистан яран хьокъехь референдум дIаяьхьна. Цигахь дакъалецира оцу пачхьалкхерчу 72 процент курдаша. Царах 92, 73 процент болчара кхаж тесна Иракъах йозуш йоцу Курдистан кхолларехьа. Иракъан Iедалний, курдашний юкъахь цакхетар а, резадацар а кхуллур долуш харжам бу курдаша бинарг.
***
США-н куьйгалло кхочушбеш бац химин герзаш юкъара дIадахаран декъехь бина барт а, тIелацамаш а. Вуьшта аьлча, хIаллакдеш дац химин герзаш. Ткъа Россис стомара эккхийтина дIадаьккхина шен тIаьххьара химин герз, США-ца бина хилла барт хенал хьалха кхочуш а беш. Амма Iамарк Россих масал эца ойла йолуш яц цкъачунна.
***
Къилба Корейн куьйгалло хаам бина хIара шо чекхдалале шайн махкахь Iамаркан керла ракеташ дIахIитториг хиларан а, Iамаркан тIеман базаш дикка алсамйохург хиларан а хьокъехь. Цу тайппана шайн мехкан нуьцкъалалла алсамъяккхар доьзна ду Къилбаседа Корейн агIонгахьара кхерам хиларца.
***
Россин МЧС-о 1200 тонна гIишлошъяран коьчалш яхьийтина Кубехь чIогIачу мехашца догIанаш даьхкича зенаш хиллачарна гIонна. Цигахь бIеннаш адамаш хIусамаш йохийна дисина. Iедало ханна уьш дIатарбина юкъараIойлашкахь а, четаршкахь а, спортан гIишлошкахь а.
***
США-н а, Россин а говзанчийн хIокху деношкахь барт хилла батта тIехь космически станци йилла. Оцу декъехь белхаш бар герггарчу хенахь дIадолор ду шина а пачхьалкхан говзанчаша. Оцу бартан беркате тIаьхье, дика жамIаш хирг хиларх тешна бу уьш.
***
Россин Президента Путин Владимира стомара кхеташо дIаяьхьира Правительствон декъашхошца. Цигахь дийцаре дира авиатранспортехь, юьртан бахамехь, гIишлошъярехь, экономикин кхечу дакъошкахь кхолладелла хьал. Президента дIахаийтира транспортан министра бечу балхана ша реза цахилар, иза оцу даржаца ларош цахилар.
***
Вайн мехкан Правительствон Председатела Д.Медведевс чIагIдира Россехь ипотечни кредиташ далар тIаьхьарчу шерашкахь дуккха а алсамдаьлла хилар. Цо дийцарехь, хIокху шеран кхолламан (январь) баттера мангалан (июль) батте кхаччалц болчу муьрехь бахархошна дIаделлачу ипотечни кридитан барам 1 триллион сом гергга бу.
***
Россин экономика кхиа йолаелла хиларна а, цуьнан санехь хилар лакхадолуш хиларна а тоьшалла лору мехкан экономикин министерствон говзанчаша инфляцин барам лахлуш хилар. Цара чIагIдарехь, тIаьхьарчу кхаа баттахь инфляци 0 процент хилла. Аьлча а хилла а яц-кх. ХIара шо доладелчахьана инфляци 3 процентана бен ца хилла.
***
Россин Талламан Комитетан коьртачу аппаратан белхахоша дIахьош ду «ВИМ-авиа» авиакомпанехь ахча лечкъош хилла хиларан хьокъехь долу гIуллакх таллар. И авиакомпани шайн декхар хиларна, цуьнан кеманаш дIалаьцна Хонкарахь, Францехь, Бельгехь. Оцу хьокъехь хаам бина Россавиацин куьйгалло.
№76, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо