Чекхъяьлла Премьер-лигин командашна юкъахь Россин чемпионатан рогIера тур. Цуьнан гурашкахь Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат» клубо тIеийцира Казанера «Рубин».

Цхьатерра очкош йолуш, турниран таблицехь 6-чуй, 7-чуй меттигашкахь лаьтташ яра ши команда матч йолаялале хьалха. Оцу хьоло тола болу лаам кхин а сов боккхура шина а командин. Цундела хир дара футболисташ мелла а ларлуш, коьрта тидам шайн-шайн ков лардарна тIебахийтина ловзар.
Цхьа а команда кхин кхиаме ца кхочуш, чекхъелира ловзаран 84 минот. 85-чу минотехь Исмаэла тоьхна буьрка юхатоха ларийра «Рубинан» вратарь Джанаев, амма М.Оздоевх кхетта, буьрка кевна чу яхара. Гайтаран табло тIехь дIахIоьттира – 1:0, и жамI кхин хийца ца луш, матч а чекхъелира.
ХIинца «Ахмат», 17 очко а йолуш, турниран таблицехь 5-чу меттехь ю. РогIерчу турехь иза хьошалгIахь ловзур ю «Тосно» командица.
Хь.АБАЕВ
№76, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо