Дийцира культурин хIолламаш ларбарехь дан дезачух лаьцна

Соьлжа-ГIалахь А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекехь хилира «Кавказ Европа а, Ази а хотталучохь: Къилбседа Кавказан округан историн-культурин тIаьхьалонаш Iалашъяран а, башхачу объекташна реставраци яран а проблемаш» аьлла йолу дуьненаюкъара Iилманан-практикин конференци.

Иза товбецан (сентябрь) беттан 21-22-чуй деношкахь дIаяьхьира. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Байтазиев Муслим, Парламентан депутат Нагаев Iадлан, ткъа иштта Россин Гуьржийчоьнан, Эрмалойчоьнан, Къилба ХIирийчоьнан, Абхазин, Азербайджанан культурин министерствошкара а, Iилманан-талламан институташкара а, Проектан институташкара а, цIеяхханчу ВУЗ-ра Iилманчаш, хьехархой, журналисташ, репортераш.

Iилманан-конференци дIахьош хиллачу Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис маршаллин дешнаш элира конференцин дакъалацархошка.

Къилбаседа Кавказан округан историн-культурин, архитектурин объектийн, царах хиндолчун гIайгIа-бала кхочуш болчу археологаша, реставраторша, историкаша, искусствоведаша йийцаре йира лазаме дуккха а проблемаш.

Нохчийн Республикехь а, Кавказехь а йолу историн-культурин тIаьхьалонаш Iалашъяран гIуллакх а, экокультура кхиоран проекташ а кхочушъяро вайн заманахь пачхьалкхан политика культурин декъехула кхочушъяро доккха маьIна лелош хиларх лаьцна дийцира Х.-Б.Дааевс.

«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къаьсттинчу тидамехь латтош ду и гIуллакх. ХIунда аьлча историн а, архитектурин а мехалла йолчу хIолламашца йоьзна ю нохчийн халкъан шира истори а, этнографин культура а. Тахана вай Iалашдинарг бен карор дац вайн тIаьхьарчу тIаьхьенна, » – билгалдаьккхира Х.-Б.Дааевс.

Цул тIаьхьа конференцин дакъалацархошка долу Россин Культурин министран маршаллин кехат дIадийшира Х.-Б.Дааевс.

ТIахьарчу шерашкахь Нохчийн Республикехь хилла кхиамаш бовзуьйту видеоролик гайтира хьешашна.

Абхазин культурин министран заместитела, Абхазин Республикин Историн-культурин тIаьхьалонаш Iалашъяран департаментан директора Кобахия Батала «Абхазин историн-культурин тIаьхьалонаш Iалашъяран проблемаш а, кхиамаш а» аьлла йолу доклад йира.

Цул тIаьхьа: Демидов Артема «Культурин тIаьхьалонаш Iалашъярехь пачхьалкхо а, юкъаралло а цхьаьна гIуллакхаш дар», Пиотровский Юрийс «Археологин хIолламаш – хьенан культурин тIаьхьалонаш?», Мазаева Тамарас «Аргунан историн-культурин а, Iаламан а музей-заповедник этнигностан хьаьрман къайле санна», иштта кхин а докладаш йира.

Теманашца болх бар шайн-шайн секцешка декъна дара, хIораннан шен модератор а волуш.

Масала «Кавказан историн-культурин тIаьхьалонийн шатайпаналла» цIе йолчу секцин модератор Нохчийчоьнан культурин министр Х.-Б.Дааев вара.

«Кавказан историн-культурин тIаьхьалонаш Iалашъяран проблемаш. ТIеман хенахь йохийначу культурин тIахьалонийн объекташ Iалашъяран зеделларг» секцин модератор Россин культурин министерствон СКФО-хь йолчу урхаллин хьаькам Узденова Асет яра.

«Къилбаседа Кавказан федеральни округан башхачу объекташна реставраци яр. Эко культурин туризм кхиор» секцин модератор – Россин Федерацин реставраторийн Ассоциацин председателан заместитель, Москва гIалин культурин тIаьхьалонийн Департаментан куьйгалхочун хьехамча Логинова Юлия.

ТIаьххьара хьахьийначу секцехь докладаш йира Дербентан пачхьалкхан историн-архитектурин а, исбаьхьаллин а музей-заповедникан директора Ибрагимов Iелас, Нохчийн Республикин Iилманан-талламан институтан директоран Iилманан балхехула волчу заместитела Ибрагимов Куьйрас, реставраци яран «Мир» фирмин коьртачу пачхьалкхан эксперта Мутусханов Ислама.

Конференцин болх берзийча, Соьлжа-ГIалахула экскурси йира хьешаша. Конференцехь тIеэцна резолюци газетан рогIерчу цхьана номерехь йовзуьйтур ю оха.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№76, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: