Нохчийчуьра альпинисташ Францерчу «Монблан» лома т1е бовлар кхиамца чекхделира. Шайн республикина а, бахархойн бартхиларан, цхьааллин машаран Денна а лерина бара спортсменаша шайн кхиам. Цунах лаьцна шен Фейсбук сайта т1ерачу аг1он т1ехь яздира Нохчийн Республикин Альпинизман а, спортан а туризман а федерацин директора Баканаев Асламбека.
«1аламан хьелаш чолхе хиллехь а, лам т1е хьала боьду некъ хала хиллехь а, 6 -чу сентябрехь нохчийн альпинисташа Францерчу «Монблан» лома т1е бовларца кхиамца кхочушйира шаьш юьхьаралаьцна 1алашо. Иза дуьненаюкъарчу «Вертикаль 2500» мехалчу проектан боьалг1а мур бара. Билгалдаккха деза оцу проектан гурашкахь «къарбан» 1алашо хилларг пхи лам хилла хилар. Хонкарара «Арарат», Иранера «Демавенд», Къилбаседа Х1ирийчуьра «Казбек», Францера «Монблан», иштта Нохчийчуьра «Тебулосмта». Хууш ма-хиллара, хьалхарчу беа лома т1е нохчийн альпинисташ хьала бевлла. Х1инцале а бисина ю т1аьххьара мур вайн республикера лам «къарбар» ду. Х1инца суна даггара баркалла ала луур дара нохчийн спортсменашна «Монблан» т1е кхиамца хьала бовларна. Иштта т1аьххьарчу «Тебулосмта» лома т1е бовлуш аьтто хуьлийла а луур дара» – яздо А.Баканаевс.
А.АБДУЛАЕВ