Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдарш

Соьлжа-ГIалин денца доьзна

Лараме махкахой!

Даггара декъалдо шу Соьлжа-ГIалин денца! Нохчийн Республикин пачхьенан 199 шо кхаьчна. Вай оцу денна тIекхочу вайна дукхаезачу гIаланах даккхийдерца, цунах дозалла дарца! Республикин бахархошна уггаре а маьIне а, дукхадезаш долу а деза де хилла дIахIоьттина Соьлжа-ГIала йиллина де. Нохчийн Республикин халкъо терроризмана, тIамна, чIаналлина тIехь толам баккхаран билгало хилла дIахIоьттина иза.

Вайн иэсехь хIинца а ширбалаза бу дукха хан йоццуш хиллачу тIеман хиламаш. ХIетахь республикин пачхье саьлнашкахь Iуьллуш яра, иза йицъяларе йилла еза бохура. Дукхахберш тешаш бацара Соьлжа-ГIала меттахIотталур ю бохучух. Иза керлачу меттехь йилла еза аьлла хеташ берш а бара. И дерриге а хабарш совцийра Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Цо дIаболийра Соьлжа-ГIала меттахIотторан баккхий белхаш. Йоццачу хенахь гIала, хьакхлагIашна а, саьлнашна а юккъехула хьаладолу бецан хелиг санна, хазъяла а, хийцаяла а йолаелира.

Тахана дерриге а дуьненна а гуш ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIаболийначу белхан жамIаш. Къилбаседа Кавказехь уггаре а хаза, исбаьхьа, цIена гIала лерина Соьлжа-ГIала. Шен исбаьхьаллица, башхачу куьцашца массо а шена тIевоьху, тIеийзаво цо. Цундела тамашийна а ца хета иза Дубайца нисъяр. Цуьнан хазалле хьажа, кхузарчу хIуонан чам кхетийта, юха вайн Республикин Iаламах ирс эца дуьненан массо а маьIIера эзарнаш туристаш богIу.

Тешна ву Соьлжа-ГIала Къилбаседа Кавказехь хилла ца Iаш, Россехь а уггаре а яккхийчарех цхьа гIуллакхаллин а, культурин а туш хилла дIахIуттург хиларх.

Берриге а соьлжагIалахойн а, пачхьенан дуккха а барамехь болчу хьешийн а, Нохчийн Республикин бахархойн а тIехдика дог-ойла а, могашалла а, ирс а, дерриге а дикачу дIадолорашкахь аьтто а хуьлийла
лаьа! Дезачу денца, хьомсара доттагIий! Йиллинчу денца, Соьлжа-ГIала! Дерригдуьненан хьехархочун денца доьзна

Дерригдуьненан хьехархочун денца доьзна

Хьомсара хьехархой!

Декъалдо шу корматаллин дезачу денца! Массо хенахь а сий, ларам беш хилла хьехархочун. Аш тIекхуьуш йолчу къоначу тIаьхьенна школин Iаматаш Iамийна ца Iаш, церан кхетаме дуьллу декхарна тешаме хилар, Даймахке безам хилар, баккхийчаьрга, уллерчаьрга ларам хила безар санна болу кхетамаш. Иза Iаламат сийлахь декхар ду. Школин хьехархо хIора стеган дахарехь коьрта хьехамча ву. Вайна массарна а дагавогIу вайн дуьххьарлера хьехархо, вайна еша а, яздан а, ойла ян а, хааршка гIерта а Iамийнарг.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ду: «Хьехархо ву къам кхуллуш верг!» дешнаш. Иза цIена бакъдерг ду.

Ас баркалла болху нохчийн хьехархошна, шайн корматаллина тешаме хиларна. Цара иза гайтина республикина уггаре а хала, чолхе еанчу хенахь. Дахарна кхерам боллушехь, тайп-тайпанчу террористаша республика сийсош йолуш, юкъараллехь кхерам латторхьама, хьехархой лоьраш, администрацийн белхахой, Iеламнах, бойуш боллушехь шу хIора дийнахь, тIаме санна, шайн классаш чу доьлхура, шайн хаарш берашна дIадала, шайн синойн йовхонца уьш дохдора аш, цаьргахь ирсечу хиндолче сатийсам кхуллура.

Нохчийн Республикин дешаран системо тахана хьалхахьа йоккха гIулч яьккхина. Вайн школаш, материально-техникин кхачоярца хIумма а оьшуш яц мехкан тоьллачу юкъарадешаран учрежденел. ХIора шарахь еш а, гIуллакхдан дIалуш а ю керла гIишлош. ТIаьхьарчу шина шарахь уьш 38-нна алсамъевлла. Цу тайппана дIайоккхуш ю дешаран меттигийн къоьлла.

Хьомсара хьехархой! Суна даггара лаьа шу ирсе хуьлийла, шун кхиамаш, аьтто хуьлийла, шу дуккха а дехийла.

Нохчийн кегийрхойн денца доьзна

Даггара декъалдо шу Нохчийн кегийрхойн денца!

Шу – вайн республикин, Даймехкан хиндерг. Шуна тIехь ду тхан кхиамаш дебор. Шуна къинхьегам безарх, шун корматаллех, граждански чIогIачу хьежамех доьзна хир ду экономика, бахархойн Iер-дахаран тIегIа кхиаран боларш. Вайн сийлахь-боккхачу Даймехкан – Россин хьашташ лардар, бахархойн синтем а, кхерамазалла а Iалашъяр шуна тIехь ду. Цундела шуна тIехь дерг доккха жоьпалла ду.

Вайн республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас къаьсттина тидам тIебохуьйтура тIекхуьучу тIаьхьенан проблемашна а, хьашт-дезаршна а. Цо билгалдоккхура хIора а жимачу стеган Iилманехь, искусствехь, бизнесехь, спортехь, политикехь, юкъараллин дахарехь йолчу шен таронех пайдаэца аьтто хила безаш хилар. Иза чIогIа тешна вара кегийрхойн эвсаречу политикин кеп, некъ ца хилча тешам боллу машар балург цахиларх а, дахаран дикалла лакхаяккхалург цахиларх а.

Ахьмад-Хьаьжин некъаца хьалхахьа доьлхуш долчу вай кхузаманан спорткомплексаш, культурин цIенош, дешаран учрежденеш йо, къоначу похIманашна проекташ кхочушйо, тIекхуьучу тIаьхьенна гIо до шен гIуллакх дIадоло. Делахь а уггаре а коьрта лору къона чкъор ийманехь, оьзда, гIиллакхе, патриоталлин ойланехь кхетош-кхиор. Кегийрхойн политикехь хьоьгуш долу къа эрна хир ду, нагахь санна вай тIекхуьуш йолчу тIаьхьенехь шайн дине, Даймахке, гIиллакхашка, дайн Iадаташка сий-ларам, безамца кхоллахь!

Хьомсара доттагIий! Суна даггара лаьа дерриге а дикачу дIадолорашкахь шун кхиамаш хуьлийла! Дезачу денца!

№77, кхаара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: