ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхина Соьлжа-ГIала веана боксан йозаллин 4-чу категорин дуьненан чемпион Джонс Рой.
Соьлжа-ГIаларчу аэропорте цунна дуьхьал вахара Нохчийн Республикин Боксан федерацин президент, Республикин «Ахмат» спортан клубан генеральни директор Эдилов Валид, клубан кхиболу декъашхой.
Товбецан (сентябрь) 30-чу дийнахь дуьйна эсаран (октябрь) беттан 9-гIа де кхаччалц Соьлжа-ГIалахь дIахьош ю нохчийн боксан исторехь дуьххьарлера Россин боксан чемпионат.
Оцу чемпионатехь дакъалоцуш ву Нохчийн Республикера Абумуслимов Ислам, Абдурашедов Маьхьди, Демильханов Iараб, Джамбураев Ризван, Цуцаев Iумар, Айдамиров Абубакар, Хамзаев Беслан, Абдурашидов Iадлан, Бакаев Iалихан, Едисултанов Ислам, Митаев Илес, Тапаев Iабдул-Керим, Дудаев Мансур, Алимсултанов Мохьмад, Хатаев Имам, Измаилов Iали, Мансуров Шемал, Дзангиев ИбрахIим, Гаджиханов Сулейман, Хатаев Шемал, Солтуханов Эльбрус, Кунтаев Амирхан.
Чемпионат дIахьош ю Соьлжа-ГIаларчу Ахтаев Увайсан цIарах долчу Волейболан цIийнехь.
М.ЮНУСОВ
№77, кхаара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2017 шо