Кегийрхойн денца доьзна тхоьца къамел хилира кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министрана Ибрагимов Iийсана. Цо дийцира кегийрхойн министерствос кхочушъечу проектех лаьцна.

– Оха кхочушъеш йолу проекташ кегийрхошца йоьзна ю. Уггаре а хьалха оха юьхьарлаьцна вайн къоман культурин-историн мехаллаш меттахIитторна тIехь жигара болх баран Iалашо. Баккъал а маьIне а, тIейогIу йолчу хенахь къаьсттина оьшур долу а хIума ду иза. Вайн халкъан культурин-историн мехаллаш меттахIитторца а, уьш Iалашъярца а вай ларъеш ерг вайн къоман истори ю.
Цкъа мацца а, цхьа хан-зама яьлча, вайн тIаьхьенашна шайн истори хаийтархьама кхочушдеш ду и гIуллакх. Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тхуна тIедиллина декхар ду иза. Вайн дай баьхна хазачу меттигех кегийрхошка кест-кестта бIаьрг тухуьйтуш хилча, царна и меттигаш марзъеш хилча, царна шайн истори кхин а кIорггера йовза луур ду, аьлла хета суна.
Вайн республикехь кегийрхойн организацеш а, цара кегийрхошца беш болу болх а дика бевза. Оцу организацийн жигархоша вайн кегийрхошца дIахьош берг кIезиг болх бац.
«Путин», «Ахмат», «Волонтеры Победы», «Волонтеры-Медики», «Патриоты Чечни», «Молодежный Парламент» организацеша доккха гIо до тхуна. Кегийрхойн организацийн декъашхоша ечу акцеша, цхьаьнакхетарша, флэшмобаша, дика тIеIаткъам бо кегийрхошна.
Цхьаболчарна-м хета тарло акци, цхьаьнакхетар вовшахтоьхчахьана цу тIехь церан болх чекхболуш бу. Иза иштта дац. Масала, муьлхха а гIуллакх, цхьаьнакхетар шаьш вовшахтухучу хенахь билгалдаьккхина гIуллакх дIадахьаран хьокъехь хаам а, план а, сценари а шаьш кечйо организацийн жигархоша.
Церан уггаре а дика амал ю балхах ца къехкар. Церан, шаьш къона хиларе терра, денна а керла идейш а хуьлу.
– Дукхахьолахь кегийрхоша оьрсийн мотт буьйцу. И мотт хаа беза, амма шен мотт дIатаса а мегар дац. ХIинца-м уьш цунах дика кхета а хир бац. Амма, вайн къоман стаг муьлххачу а махка кхаьчча, шен къоман мотт а, истори а цунна ца хиъча, иза нахана кIезиг хетар ву. Нохчийн матте марзо кхолларан Iалашонца оха тайп-тайпана конкурсаш вовшахтуху.
Вайна ма-хаъара, кхузаманан технологеша кегийрхойн дуккха а хан цхьа а пайда боцчу агIор йойъу. Цу хьокъехь иштта дийцира Кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра: – Кегийрхойн мукъа хан алсам хилча, царна харцновкъа бовла дагадарна а кхерам бу. Кхузаманан технологеша балха тIехь гIо до вайна, эца хуучара царах пайда а оьцу, бакъду, царех пайдаэца цахуучарна доккха зен а до цара. Телефонаца я компьютера хьалха йоккхучу минотехь, сохьтехь шена цхьа пайдехь дерг Iамийча дика дара царна. Нохчийн яздархойн книгаш ешна а шайн хьекъал, кхетам кхиош долу гIуллакх дича, и карор дара. Вайн кегийрхошна дахарехь шайн меттиг караяйта а, церан мукъа хан эрна дIа ца яхийта а болчу лаамца кхочушъеш дуккха а мехала проекташ ю.
Оцу проекташкахь дакъа а лаьцна, шайн хьуьнарш, похIма гайта таро ю кегийрхойн организацийн могIаршка хIиттинчеран.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь: Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Ибрагимов Iийса
№77, кхаара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2017 шо