«Ахмат» болам – республикин юкъараллин дахарехь

Вайна ма-хаъара, вайн республикехь кегийрхошца болх беш масех организаци ю. Царна юкъахь юкъараллин-патриотически «Ахмат» болам а бу.

10 шо гергга хьалха вовшахтуьйхира и болам. Юьхьанца оцу боламан цIе «Рамзан» яра. Цул тIаьхьа цIе хийцира. Цунна «Ахмат» аьлла цIе тиллира. Боламан председатель Азизов Мохьмад ву. Кегийрхойн боламехь маса жигархо ву а, цара бечу балхах лаьцна а дийцира боламан хаамийн, аналитикин отделан куьйгалхочо Лилаев Увайса.

– «Ахмат» боламна юкъахь 1 000 гергга жигархо ву. Уьш цхьана Соьлжа-ГIалара хилла ца Iа. Вайн республикин ерриге а кIошташкахь ю «Ахмат» боламан филиалаш – бохура цо.

Боламо кегийрхошца тайп-тайпана акцеш а, цхьаьнакхетарш а дIахьо. Боламан тайп-тайпана отделаш ю: хаамийн а, кхетош-кхиоран а, вовшахтохараллин белхан а, арахьарчу зIенашкахула а, спортан а, туризман а, кIошташкахь йолчу филиалашца болх барехула а, кхин а.

ХIора а отделана тIедехкина шен-шен декхарш ду. Масала, вовшахтохараллин белхан отдело билгалдаьккхина гIуллакх вовшахтохарехь а, дIадахьарехь а къахьоьгу, кIошташкахь йолчу филиалашца болх барехула йолчу отдело цаьрца зIе латтайо.

Иштта, «Ахмат» боламан «Организацин Совет» а ю. Оцу советехь 14 кIант а, 2 йоI а ю.

«Ахмат» болам а, цуьнан жигархоша кегийрхошца дIахьош болу болх а дика бевза Вайн республикехь. Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Ибрагимов Iийса зIе латтош ву боламан жигархошца. Царна оьшучохь гIо-накъосталла деш ву.

Къаьсттина мехала хуьлу кхетош-кхиоран декъехула йолчу отдело вовшахтухуш долу цхьаьнакхетарш. Дукха хан йоццуш, боламо вовшахтоьхнера Экологин шарна лерина йолу «Бераш – къоман хиндерг» цIе йолу Iилманан-практикин конференци.

«Футбольная лига Ахмат», грантийн проектийн тренингийн туш, «Студия Ахмат ТВ», «Учитель создает нацию», «Молодежная бизнес-гайтам «Made in Чечня» проектийн гурашкахь болх беш бу боламан жигархой тIаьхьарчу хенахь.

Иштта, кегийрхошна юкъахь дIахьош ю ша язйинчу сочиненийн «Сан меттан жовхIарш хIорд хилий Iана» фестиваль.

Боламан кеста 10 шо кхочуш ду. Болам вовшахтоьхчахьана дуьйна кегийрхошца жигара къахьоьгуш схьабогIуш а бу уьш. Денна а керла, пайдехь долу хIума, ойла кхоллаяларца цара къахьоьгуш хилар а, дика ду хIунда аьлча, церан балхо дикачу агIор тIеIаткъам бо вайн кегийрхошна.

З.ХАСИЕВА

Суьрта тIехь: «Ахмат» боламан жигархой

№77, кхаара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: