199 шо даларх а, цхьаболчарна хилла ялаза пачхье

Эсаран (октябрь) беттан 5-чу дийнахь, хууш ма-хиллара, 199 шо кхочу Нохчийн Респуликин пачхьенан.

Исторехь и хан боккха мур ларалуш бацахь а, дуьненахь а, Россехь а, Нохчийчохь а хиллачу тайп-тайпанчу хиламех «буьзна» бу и: Россин а, Кавказан а тIом; Дуьненан хьалхара тIом; Россехь РомановгIеран доьзал даржера а бохош, монархин кеп дIаяккхар; Советийн Союз кхоллар; Нохчийн а, ГIалгIайн а автономийн областаш цхьаьнатохар; Даймехкан Сийлахь-боккха тIом; нохчийн халкъ махкахдаккхар; нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIоттор; Советийн Союз йохар; Россин Федераци кхоллаялар; Ичкерин мур; нохчий мохк саьлнашка берзор; Нохчийн Республика дIакхайкхор; и.дI.кх.а. И мел болу хилам Соьлжа-ГIалина дакъа ца кхочуш хилла бац.

Тахана, тIом а боцуш, маьршачу хенахь, нохчийн халкъо дижар-гIаттар а доцуш, шен хьацарца, шен къинхьегамца, меттахIоттийна саьлнашкахь Iиллина болу Даймохк, иштта, меттахIоттийна ца Iаш, денна а кхуьуш, хазлуш йолчу гIаланийн могIаре хIоттийна шен Даймехкан пачхье йолу Соьлжа-ГIала а.

Амма гIала метта а хIоттийна, хаз а йина, кеч а йина дIахIотторах тоам хуьлуш бац. Тоам хуьлуш цахиларал сов, цуьнан (гIалин – авт.) дуьхьа къа ца хьегначунна самукъадала бен оьшуш а ца хилла-кх и. Иза стенна тIехь гучудолу вайна?! Вайх цхьаболчеран цуьнца боцчу ларамца, вайгахь йоцчу оьздангаллица, вайгарчу моттарханашца а, шалхонашца а.

ХIоранна а луур ду хIинца ишттачарах ша вац ала… Амма ву. Ишттачарах вац аьлла хетарг а ву, со а ву, хIара могIанаш мел доьшург а ву. ХIунда ву?! Арара веана хьаша воца дела вайн Даймехкан пачхье бехйийриг а, сийсазйийриг а, «отург» а. И мел дийриг вай а, вайн доьзалхой а, гергарнаш а, лулахой а, бевза-безарш а бу.

Цу тIе, вай иза «аьтта» Iаш дац… Вай санна, кхечара «ата» а, бехъян а лаьа вайна и. Масала, схьаоьцур вай ши кIира хьалха «Грозный Сити» лекхагIишлойн комплексан юххехь схьайиллина йолу зезагийн парк. Россехь а уггаре а хаза юй теша и аллал хаза парк ю и. И схьайиллина даьлларг 3 де бен дац, ткъа нехаш, оцу гIуллакхна леринчу тускарна чу а ца кхуьйсуш, юххе охьакхийсина. Суьйре ю и. Шен жимачу йоIаца оцу парке еана йолу жима зуда и нехаш схьа а эцна, тускарна чу кхийса йоьдуш ю, ткъа ханна жима йоцчу зудчо цуьнга «бехк» боккхуш бу-кх: «Вайна Iаржъелла. Хьо цхьанна а гур а яц хIинца. Ца оьшу хьуна и моттарханаш лело».

Дала витахь, жима ши стаг ву кегийрхошна, ша зингаташна моз санна, дукхаезачу «Гранд-Парк» олучу махлелоран-самукъадаккхаран туьшана хьалха, буьрка санна, когашца шиша дIасакхуьйсуш. И сурт гуш бакъонашларъяран органийн белхахой а бу, иштта, маьрша бахархой а бу. Ткъа оцу шина кIанте саца я IадIе олуш а, бехк боккхуш а цхьа вац.

Вайн накъоста шаьшшинга харцахьа а ца лелаш, шиша тускар чу а кхоссий, дехьавала аьлча, «ахь кхоссийта тхоьга и цу чу» боху. Шиша тускар чу а кхоссийтина, шина «къонахчун» цхьацца тIара тоьхча (вай вуьйцург царал а 7–10 шо воккха хир волуш ву), хIинццалц оцу суьрте а хьоьжуш лаьттинчу «баккхийчара» хьехар ду-кх вайн накъостана деш: «Оцу берийн бералла хилла а яцара. Цкъа тIамо хьийзийна уьш, юха хIокху дуьнено. ХIунда тухуш ю ахь берана?!».

Шуна хаьарий 13–15 шо долу бераш тIамо а, дуьнено а хьийзийний?.. ТIамо а, дуьнено а хьийзинарг, «Гранд-Парк» хьалха а хIоьттина, шишанах ловзур ву аьлла-м ца хета, хIунда аьлча тIамо а, баланаша а адамехь кхетам, жоьпалла, кхиадо. Ткъа, вай лакхахь ма-аллара, кхетам а, жоьпалла шен цхьа хьежам а болу стаг, цуьнан мел шераш делахь а, Даймехкан пачхьенан юккъе а веана, шишанах ловзуш Iийр вац.

Бакъду, вай дуьйцурш цадийцарх а мегар долу хIуманаш ма дай, уьш даккхий хIуманаш ца хиларе терра. Ши бутт хьалха то а бина, схьабиллинчу Санкт-Петербурган урамерчу «синкъераман» майданахь шахматех ловзаран тайнигаш кегдар а ма даций доккха хIума.

Берийн бошмашна а, школашна а гуонаха хIиттийначу керташ тIера аьчкаш сеттор а, чохь нах Iаш боцчу петарийн неIарш сеттор а, берашна хехкадала хIиттийна болу бираьнчикаш хедор а дац дийца оьшуш. Схьахетарехь, автомобилийн а, гIашлойн а некъаш къасторан Iалашонца охьадехкина долу бIогIамаш, тIехула машенаш хоьхкуш я дIахIиттош, дохор а дац башха доккха хIума.

Дагадеъанчуьра билгалдаккха догIу дукхапетарийн гIишлошна тIелетош йолу керамикин экъанаш кечъяр а дийца оьшуш цахилар…

Эхь ду-кх иза, цIена эхь! Вайн дайшна шаьш, аьлча а, вай, дукха дика девзаш хилла. Иза иштта ца хиллехь-м, цара вайна Iаламат маьIна шайца долу а, таханлерчу вайца догIуш долу а кицанаш дуьтур дацара: 1. бухарчо тIараш тоьхча, тIевеанарг хелхаволу; 2. говрах лата ца ваьхьнарг, нуьйрах летта; и.дI.кх.а.

Говрах лата а ца даьхьна, нуьйрах леташ ду вай тахана, цу тIе, цунах даккхий а дедеш, тIараш а детташ. Кхана, хIара хьал хийца ца лахь, цхьа а шеко йоцуш, тIе мел вогIург вайн Даймехкан пачхьенехь «хелхарш» дан волалур ву!

Собар, волалур ву я хIинцале а волавелла?.. Схьахетарехь волавеллачух тера ду…

И.ИСЛАМОВ

№77, кхаара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: