ХIинца а дагахь лаьтта ша дуьххьара елла урок

Зарема хIинц-хIинцца школа чекхъяьккхина бен яцара, цо шен дахарехь дуьххьара урок лучу хенахь. Школехь дешна яьлча яхара иза ша дешначу школе балха.

11-чу классана урок яла шен яха езийла хиъча, мелла а юхаяла дог-ойла хилира цуьнан. Амма ша къастийначу говзалле йолчу марзоно гIо дира цунна баккъал йолчу хьехархочо санна урок дIаяхьа. Эхь а хеташ, саагатдеш, шен сагатдар дешархойх къайла а хьош, дуккха а шерашкахь болх бина йолчу хьехархочо санна елира цо урок. Самукъадаларца, юха а оцу хене юхаяха лууш санна, наггахь елакъажарца дагалоьцура цо и де.

Тахана Чукуева Зарема филологин Iилманийн кандидат а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь нохчийн филологин кафедрехь нохчийн мотт хьоьхуш а (карарчу хенахь оцу кафедрин доцент а), Соьлжа-ГIаларчу №42 йолчу школин директор а ю.

Гуьмсан кIоштарчу Ишхой-Юьртара ю Зарема. Хьехархочун говзалла цо къастор ларамаза нисделла дац. Цуьнан нана хьехархо йолу 52 шо хан ю. Тахана а школехь хьоьхуш ю иза. Ткъа цуьнан ненайишин доьзалехь 11 берех, 3 лор ву, ткъа бисинарш берриге а хьехархой бу. Заремин нанас 25 шарахь оьрсийн мотт а, литература а хьехна. Цул тIаьхьа, хIокху дийне кхаччалц, нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш ю иза. Хьехархочун болх бина ца Iаш, семинараш а дIахьо цо. Заремин 2 йиша а, 2 ваша а ву. Царах цхьа кIант воцчо массара а дашо мидалшца школа чекхъяьккхина.

Лакхахь хьахийна ма-хиллара, Зарема ша дешначу школехь оьрсийн мотт а, литература а хьоьхуш болх беш а йолуш яхара Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделене деша.

2003-чу шарахь яхара Зарема Соьлжа-ГIалин №42 йолчу школе балха. Цигахь нохчийн мотт а, литература а хьийхира цо.

– Ахь муха къастийра хьехархочун говзалла? – аьлла, шега динчу хаттарна иштта жоп делира цо.

– Жимачохь дуьйна хьехархо хир юйла хаьара суна. Кхечу говзалле ойла яцара сан. Сайн ненах масал ийцира ас.

Школехь доьшучу хенахь Зарема книгаш ешарна чIогIа тIера яра. Шена схьагинна книга йоьшура цо. Нохчийн а, оьрсийн а, ингалсан классикийн а литература йоьшура цо. Литература йовзаро гIо дира цунна дахарехь. Нохчийн яздархошна юкъахь цо къастийнарг Айдамиров Абузар ву. Цуьнан кхолларалла хазахета цунна, «Еха буьйсанаш» роман юх-юха а йоьшу цо.

– Со школехь доьшуш яра, ас дуьххьара «Еха буьйсанаш» роман йоьшучу хенахь. Цул тIаьхьа кхин а 10 шо даьлча а йийшира ас иза, юха кхин а 20 шо даьлча ас иза йоьшучу хенахь суна иза кхечу кепара гира. Сайн жималлина, дуьххьара йоьшучу хенахь романехь дуьйцучух кIорггера ца кхеттера со, тахана санна, – дуьйцу Заремас.

Юьртарчу школехь цхьана шарахь болх бира къоначу хьехархочо. Цул тIаьхьа доьзал кхоьллира цо. Вайн республикехь машар дIахIоьттича, ша хIинца болх беш йолчу школе нохчийн меттан а, литературин а хьехархочун балха еара цо цигахь болх бен 15 шо ду. 5 шо хьалха хIоттийра иза оцу школин директор. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь цо нохчийн мотт хьоьху 10 шо гергга хан ю.

– Бераш чIогIа тидаме ду. Царна хаало, хьехархочун шайца йолу юкъаметтиг. Цундела, уьш вуон лелачу хенахь, цара ла ца дугIучу хенахь, царна хьекъал дала а, нийсаниг хьеха а, вуониг мегар доцийла хаийта а уггаре а хьалха, собар оьшу. Иза хьехархочуьнгахь ца хилахь, гуш чаккхе йоцчу новкъахь беза мохь хеталур бу цунна шен болх, – бохуш дуьйцу цо.

Школехь а, хьехархойн университетехь а болх барца цхьаьна карарчу хенахь докторон диссертацина тIехь къахьоьгуш ю иза.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: Соьлжа-ГIалин №42 йолчу школин директор Чукуева Зарема

№77, кхаара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: