Юбилейна кечамбар дIадолийна

Россин Федерацин Правительствон вице-премьера Хлопонин Александра Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар даздарна кечамбарехула йолчу вовшахтохараллин комитетан кхеташо дIаяьхьира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министра Кузнецов Лева, цуьнан хьалхарчу заместитела Байсултанов Одеса, Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, вовшахтохараллин комитетан декъашхоша.

А.Хлопонина билгалдаьккхира тIекхочуш болу и хилам Нохчийн Республикина хилла ца Iаш, берриге а махкана а мехала хилар, хIунда аьлча, Соьлжа-ГIала Нохчийн Республикин коьрта гIала хиларал сов, Къилбаседа Кавказехь уггаре а йоккха промышленностан, культурин, Iилманан туш ю.

«Соьлжа-ГIала – иза сийлахь-йоккха истори а, чолхе кхоллам а болу гIала ю. Вайна массарна а бевзаш болчу бохамечу хиламаша лаьттаца дIашарйина, чим хилла лаьттинчу Соьлжа-ГIалин йоцачу хенахь меттахIотта а, керла машаре дахар дIадоло а ницкъ кхечира. Шеко йоцуш, цу тIехь хьуьнаран доккха дакъа ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, Кадыров Рамзанан а, цуьнан тобанан а, иштта, дийнахь а, буса а Соьлжа-ГIалин керла куц-кеп кхолларехь, иза хазъярехь, тоярехь къахьега дезначу дерриге нохчийн халкъан а», – элира вице-премьера.

Цо иштта дийцира ша дуьххьара Соьлжа-ГIала бархI шо хьалха кхаьчна хиларх, цу хенахь кхузахь нах беха цIенош, больницаш, школаш еш гIишлошъяран баккхий белхаш дIахьош хилла хиларх лаьцна.

«ДагадогIу, цу хенахь Рамзан Ахматовичца оха йийцаре йира меттигаш минех цIанъяран планаш. ХIетахь дуьйна, кхуза хьошалгIа мосазза вогIу дикачу агIор хийцамаш го суна», – элира А.Хлопонина.

Цо дийцарехь, кхуза ван дика бахьана хилла вай юьйцуш йолу кхеташо а. «Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна лерина даздарш 2018-чу шарахь дIахьур ду. Йисинарг башха дукха хан а яц, амма дан дезарш дуккха а ду. Соьлжа-ГIалин юбилей язъяр дIадахьарца а, цунна кечамбарца а доьзна долчу Коьртачу гIуллакхийн план кхочушъяран гурашкахь тоеш йолчу объекташка хьаьвсира тхо тахана. Дисина гIуллакхаш а иштта кхиамца а, планаца билгалъяьхначу хенашкахь а чекхдевриг хиларе сатуьйсу ас», – билгалдаьккхира Хлопонин Александра.

«Суна хазахета Россин Президента тхайн гIолаьцна а, цуьнан тIедилларца оха тхайн Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар даздийр долуш а. Вовшахтохараллин комитето леррина терго йо республикин пачхьенан юбилейна кечамбарна. Хьо, Александр Геннадиевич, хьуо а вац тхо долчу дуьххьара вогIуш. Тахана а веана Россин Президент Путин Владимир хIиттийначу Iалашонашца тхо муха ларадо хьажа. Со тешна ву тхо ларориг хиларх. Тахана россихошна дукхаезаелла ца Iа Соьлжа-ГIала. Кхечу мехкашкара дуккха а хьеший богIу кхуза. Селхана йохийначу объектех, конституцин къепе дIахIотторах лаьцна дийцинехь, тахана регионе кхин а алсам туристаш а, инвестицеш а тIеозоран гIуллакхаш дийцаре до. И болх федеральни центраца цхьаьна дIахьош бу. ХIинцале а туристашна, инвесторшна кхоьллина бегIийла хьелаш ду. Кхуза ван мел лууш верг кхойкху оха Россин башхачу а, хазачу а хIокху меттиге», – элира Кадыров Рамзана.

Соьлжа-ГIала БIахаллин сийлаллин гIалин цIе лелош хилар а дагадаийтира Р.Кадыровс.

«Нохчаша Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь жигара дакъалацар, тIеман аренашкахь цара шайн майралла, доьналла гайтар, уьш шайн Даймехкан бакъболу турпалхой хилла хилар хьалха дуьйцуш ца хиллехь а, тахана дуьйцуш ду, вайн мехкан Президент бахьанехь нохчийн дика цIе юхаерзош ю. Оха чIогIа дозалла а до, хама а бо цуьнан. Россин кхидолу халкъаш а кхета аьлла хета суна, нохчий цкъа а террористаш хилла цахиларх а, уьш Россина цкъа а дуьхьал хилла цахиларх а», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Соьлжа-ГIалина леррина тидам барна Хлопонин Александрана а, вовшахтохараллин комитетана а баркалла элира Кадыров Рамзана.

Коьрта гIуллакхаш кхочушдарх а, Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар даздарна кечамбарехь карарчу шарахь динчух а лаьцна доклад йира Эдельгериев Абубакара. Дага мел лаьцна долу гIуллакхаш билгалъяьхначу хенашкахь кхочушдина хилар хаийтира цо.

Культурин тIаьхьалонийн объекташ меттахIиттийна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу «Сийлаллин аллей» комплексана а, культурин кхийолчу учрежденешна капитальни ремонт ян йолийна. Бюджетера доцуш юкъаозийначу ахчанах тодина гIалин урамаш, паркаш, ша саннарг кхин йоцу зезагийн парк йина. Цу тайппана, берриге белхаш графикца билгалъяьккхинчу хенаца нийса а догIуш дIахьош бу.

Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар даздаран гурашкахь дIахьур ду 50 гергга гIуллакх. План кхаа декъе екъна ю, 2016-чу шарера 2018-чу шаре кхаччалц. Цу хена чохь историн хIолламаш меттахIитторан белхаш а, кхоллараллин фестивалаш а, Iилманан форумаш а, спортан конкурсаш а дIахьур ю.

А.ВАХАЕВА

№78, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 6-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: