Хьехархочун де билгалдаьккхира

Нохчийн пачхьалкхан театран-концертийн залехь Хьехархочун денна лерина даздарш дIадаьхьира.

Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин, куьйгалхочо Усмаев ВахIита, дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, иштта кхиболчу официальни наха.

Цкъа хьалха гайтира тIаьхьарчу хенахь вайн хьехархоша яккхийчу конкурсашкахь баьхначу толамех а, вайн дешархойн кхиамех а лаьцна дуьйцуш йолу ролик.

Хьехархой шайн корматаллин денца декъал а беш, вистхилира Кадыров Рамзан.

– Хьехархочун де – иза вайна массарна а дезде ду. ХIораннан а дахарехь хьехархочо мехала меттиг дIалоцу. Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Федерацин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа лаккхара мах хадош вара хьехархойн белхан. Цунна дика хаьара, хьехархоша бийриг мел хала а, жоьпалле а болх бу. Цо дозалла дора нохчийн хьехархойх. ХIокху дуьненахь а нохчийн хьехархой уггаре а тоьлла лорура цо, хIунда аьлча, тIеман халачу хьелашкахь цара шайн болх битина цахиларна. Вайн халкъан кхане дика хилийта лууш къахьегна хьехархоша. Шаьш Iамош долчу берех хIора а дешна хуьлийла а, дахарехь царах хIоранна а шайн меттиг карайойла а лиъна царна. Иза яра-кх церан коьрта Iалашо. Вайн махкахь оццул чолхе хиллачу муьрехь хьегначу къинан жамI тахана гуш а ду вайна. ХIетахь болх бинчу хьехархойн мах хадийна вер а вац. Царна массарна а даггара баркалла боху ас. Тахана вайгахь паргIато ю. Вайн республика кхуьуш ю, цуьнца цхьаьна дешар а, культура а, кхидолу дакъош а. Дешаран хьаьрма къаьстинчу тидамехь латтайо. Вайн республикехь дуккха а керла школаш схьайиллина. Иштта, суна билгалдаккха луур дара, хьехархоша берашна хаарш делла ца Iаш, уьш кхетош-кхиорехь а къахьоьгуш хилар, – элира цо.

Цул тIаьхьа, тоьлла хьехархой билгалбехира. Гуьмсан кIоштан Комсомольски юьртарчу юккъерчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочунна Абдуразаков Шертбекана «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо» цIе елира, ткъа «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» цIе 7 хьехархочунна елира.

Дуккха а шерашкахь болх беш схьайогIуш йолчу 20 хьехархочух хIоранна а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу региональни юкъараллин фондера бIе эзар соьмаца совгIат дира.

Театран-концертийн залан хьалхарчу гIат тIехь республикин кхитIедешаран учрежденешкахь Iемаш долчу берийн кхоллараллин гайтам вовшахтоьхнера хьехархочун денна лерина.

З.ЛОРСАНОВА

№78, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 6-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: