Эсаран (октябрь) беттан 1-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Ахтаев Увайсан цIарахчу Волейболан цIийнехь даздаран хьолехь схьайиллира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун совгIат къовсаран Россин боксехула йолу чемпионат.
Чемпионат схьаелларехь дакъалоцуш вара республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Усмаев ВахIит, Россин Боксан федерацин коьрта секретарь Кремлев Iумар, кхиболу официальни нах.
Кадыров Рамзана, къийсадаларийн дакъалацархошка а, хьешашка а маршалла хаьттинчул тIаьхьа, билгалдаьккхира иштта маьIне боксерийн турнир регионо чIогIа резахиларца тIеоьцуш хилар.
– Нохчийчоь, бакъ а долуш, Россин спортан туьшех цхьаъ хилла дIахIоьттина. ХIокху деношкахь Россин регионашна юкъахь спортаца гергарло хиларехь хьалхара меттиг яьккхина республико. Вайн кхузаманан спортан объекташа таро ло ерригроссин а, дуьненаюкъара а къийсадаларш дIадахьа. Республикин дахаран дакъа хилла дIахIиттина и къийсадаларш. Тахана, пачхьалкхан тоьллачу боксераша, шайна юкъахь нохчийн боксан школин векалш а болуш, хIокху рингехь гойтур ю шайн говзалла а, толам баккха болу лаам а, – элира Р.Кадыровс.
Кремлев Iумара Россин бокс езархой декъалбира Нохчийн Республикин пачхьенехь махкахь хьалхеяккхаран чемпионат дIайолаяларца. Ша тешна ву бохура цо турнир историна юкъагIуриг хиларх.
– Суна маршалла хатта лаьа тренершка а, спортсменашка а, хьовсархошка а, иштта, Соьлжа-ГIалахь Россин чемпионат схьаелларца шу декъалдан а лаьа. И турнир истори юкъа гIур ю, хIунда аьлча Россин Боксан федерацина реорганизаци йинчул тIаьхьа, махкахь хьалхеяккхаран хьалхара чемпионат ю хIара, – элира I.Кремлевс.
Нохчийн Республикин Боксан федерацин президента Эдилов Валида Кадыров Рамзанна а, Кремлев Iумарна а Россин боксан чемпионатан дагалецаман совгIаташ долу чемпионийн доьхканаш делира.
ТIаккха дIадаьхьира къийсадаларийн дакъалацархой бовзийтар, иштта, нохчийн эстрадин иллиалархоша иллеш а элира. Кхузахь гайтира гIараваьллачу Мухьаммад Iелех а, боксан историх а лаьцна видеокийсак.
Билгалдаккха деза боксехула мехкан чемпионат тIаьххьарчу 25 шарахь Къилбаседа Кавказехь дуьххьара дIахьош хилар. Цо вовшахтоьхна пачхьалкхан 85 регионера 320 спортсмен. Цара къовсур ю совгIатан итт комплект.
2019-чу шарахь Сочехь дIахьур йолчу дуьненан чемпионате спортсменаш къасторан турнир ю иза.
I.МУРТАЗОВ
№78, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 6-гIа де, 2017 шо