Шемахь террористашна дуьхьал дIахьочу тIамехь Iедалан эскаршна гIо деш долчу Россин тIеман-космосан ницкъийн кеманаша стомара бомбанаш а, ракеташ а тоьхна «Джебхат-ан-Нусра» террористийн гIеранаша дIалаьцначу меттигашка. И тохарш дар бахьанехь террористийн 12 командир а, церан гIеранашна юкъара лаххара а 60 стаг а хIаллаквина.
***
Иракъан эскарша а тIаьхьарчу хенахь бIаьрла кхиамаш баьхна террористашца дIахьочу тIемашкахь. Иштта, ши де хьалха цара «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашкара схьаяьккхина Эль-Хувейджей шахьар, лаьхкина цигара террористаш. ХIинца Iедалан эскарийн дакъойн Iуналлехь ю иза. Маьрша бахархой йохоза йисинчу шайн хIусамашка юхаберза буьйлабелла.
***
Марокко пачхьалкхан бакъонаш ларъяран органийн белхахоша зуламхошкара хIокху деношкахь схьаяьккхина 2,5 тонна «кокаин» наркотикаш. Говзанчаша чIагIдарехь, схьаяьккхинчу наркотикийн мах, юккъерчу хьесапехь 2,75 миллиард доллар хир бу. Карарчу хенахь дIахьош ду наркотикаш яржош болу зуламхой лахар.
***
Хонкаран а, ГIажарийчоьнан а Iедалийн векалша сацам бина вовшашца дIахьош долчу махлелоран гIуллакхашкахь шайн къоман ахчанах пайдаэца, долларш а, еврош а юкъара дIа а дохуш. Шайн мехкашкахь лелачу ахчанах хIума йохкар-эцар бегIийла хеташ бу бахархой а, бизнесменаш а.
***
Каталонин Парламентан куьйгалло дIахьедина Каталони Испанех йозуш цахиларан хьокъехь а, референдуман жамIийн хьокъехь а долу гIуллакхаш эсаран (октябрь) беттан 9-чу дийнахь дIахьон йолчу кхеташонехь дийцаре дийриг хилар. Цо гойту каталонхой дIакъаста йолчу ойланехь чIагIбелла хилар.
***
Казахстанерчу Алма-Ата шахьарна гена йоццучу метте, доьхна, стиглара чудеана «Ан-28» хIаваакема. Цу тIехь хилла 5 стаг кхелхина. Мехкан Iедало леррина вовшахтоьхна комисси ю и бохам хиларан бахьана къасторхьама талламан белхаш дIахьош.
***
Беларусин пачхьенехь Минскехь рогIера кхеташо дIаяьхьира Донбассера хьал лартIе далоран контактни тобанан декъашхоша. Цигахь юха а билгалдаьккхира Украинин Iедало шен тIелацамаш кхочушбеш цахилар, Луганск станицина уллера герзаш, тIеман техника юхайоккхуш цахилар, машар баран хьокъехь болу барт, коьртачу декъана, Украинин Iедалан эскарша талхош хилар.
***
Стомара, эсаран (октябрь) беттан 4-чу дийнахь пачхьалкхан визитаца Москва веара СаIудийн Iаравин паччахь Салман бен Iабдель Iазиз Аль СаIуди. Кхул хьалха цкъа а оцу пачхьалкхан цхьа а куьйгалхо Росси веана вацара. Паччахьан беркате цхьаьнакхетар а, чулацаме къамел а хилира вайн мехкан Президентаца Путин Владимирца. Цара дийцира дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал дIахьочу къийсамах, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш шоръяран некъех лаьцна.
***
Москвахь дIахьош бу «Дашо гуьйре–2017» цIе йолу агропромышленни боккха гайтам. Цигахь дакъалецира Россин Правительствон Председатела Д.Медведевс. Цо билгалдаьккхира агропромышленни комплекс кхиорехь тIаьхьарчу шерашкахь дика кхиамаш баьхна хилар, къаьсттина ялташ кхиорехь. Правительствон куьйгалхочо совгIаташ дира аренашлелорехь бIаьрла кхиамаш баьхначу ахархошна.
***
Краснодаран крайхь вовшахкхийтира 78 пачхьалкхера лерринчу службийн куьйгалхой. Цара дIаяьхьначу йоккхачу кхеташонехь дийцаре дира дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал цхьаьна, вовшах дага а довлуш, луьра къийсам дIабахьаран хьокъехь долу гIуллакхаш. Лерринчу службаша бертахь, вовшашка сихха хаамаш беш бечу белхан эвсаралла лакхара а, жамIаш дика а хирг хилар билгалдаьккхира къамелаш динчара.
№78, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 6-гIа де, 2017 шо