ГIойсуман Соип-Моллах лаьцна…

А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь товбецан (сентябрь) беттан 28-чу дийнахь Киндаров Iабдуллин Къилбаседа Кавказехь вевзаш, лоруш хиллачу Шайхах ГIойсуман Соип-Моллах лаьцна язйина биографин очерках лаьтта книга йовзийтар хилира.

Оьрсийн маттахь йолчу книгин цIе «Шейх Сугаип-мулла Гойсумов» аьлла ю.

Книга йовзийт ар дIахьош вара Хь.Ибрагимовн цIарахчу Iилманан-талламан, комплексни институтан гуманитарни талламийн декъан куьйгалхо, Iилманча Бугаев Iабдулла.

Цигахь дакъалоцуш вара Соип-Моллин кIентан кIентан кIант Гойсумов Iабдул-Къедар, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель К.Ибрагимов, Соьлжа-ГIалин куьйгалхочун заместитель I.Динаев, Iилманийн Академин Iилманан-талламан институтан директор С.Магомадов, Культурин министр Х.-Б.Дааев, вевзаш волу Iеламстаг В.Хашханов, филологин Iилманийн доктор, профессор Хь.Навразова а, историн Iилманийн доктор, профессор З.Хасбулатова а, Шелара а, БелгIатойн-Эвлара а, ЭгIаштара а, кхечу ярташкара а ГIойсум-Моллина вирд доккхуш болу мурдаш а, къона Iилманчаш, кегийрхой.

I.Бугаевс билгалдаьккхира Киндаров Iабдуллас бина болх бакъволчу Iилманчас-талламхочо санна бина хилар, Соип-Моллах (Дала даржехь соввоккхийла иза), книга язйина охьайиллар дерриге а нохчийн халкъана доккха совгIат хилар.

Киндаров Iабдуллас баркалла элира книга йовзийтарехь дакъалаца баьхкинчарна. Книга йохка бакъо ца элира цо, иза вайн республикин ерриге а школашка а, библиотекашка а дIакхачор дийхира цо.

БелгIатойн-Эвлан къедас баркалла а олуш, иштта дешнаш элира книгин авторе, шен юьртахочуьнга: «Атта дацахь а, амма сийлахь гIуллакх ду Эвлаяах лаьцна яздина жайна охьадиллар. Соип-Моллин хаарш, беркат дийцина ца валлал дукха гина бу вайн дай. Советийн Iедал дIахIуттучу хенахь нохчийн халкъ кхетош, Iалашдан гIерташ дукха къахьегна цо. Юьрта хи далош, тIай туьллуш, нахана юкъахь маслаIаташ деш, ша дича хиндолу гIуллакхна хьалха ваьлла лелла Эвлаяъ ву».

Динаев Iадлана дийцарехь, Соип-Молла санна болчу дикачу нехан беркатца Iалашделла ду вайн махкахь бусалба дин.

Книга хьалххе гина а, ешна а болчара лаккхара мах хадийра цуьнан.

Киндаровна баркалла элира цхьамогIа Iилманчаша а, журналисташа а. Царна юкъахь бара Iилманчаш I.Осмаев, М.Осмаев, яздархо I.Усманов, журналист С.-М.Баширов, Халкъан хьехархо I.-Хь.Исраилов.

Республикехь вевзаш волчу Iеламстага Хашханова Вахас сийлахь Къуръана тIера аяташ далош чулацаме къамел дира Iабдуллас бинчу белхан мах хадош: «Уьш (Эвлаяаш) гIайгIане хир ма бац массо а гIайгIане хуьлучу хенахь, кхера ма-беззара Делах кхийрина, Делах эхь хетта нах хиларна. Соип-Молла а (Дала даржехь соввокхийла иза а), вайн махкара схьа мел ваьлла, вевзина а, вовзаза висина а волу массо а эвлаяъ а царах ву».

К.Ибрагимовс кхин цкъа а билгалдаьккхира Соип-Молла ваьхначу Шелара урамна эвлаяан цIе тиллича дика хир дара аьлла.

Цхьаьнакхетаре тIаьхьо схьакхаьчначу Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис хаза кхаъ баьккхира.

– Iабдулла, ахь динарг доккха гIуллакх ду. Соип-Моллех лаьцна йолу книга вайна оьшуш яра, йозанехь дисинарг карор ду вайн тIаьхьарчу тIаьхьенашна, цунах тахана пайдаоьцур бу вайн кегийрхоша, Iилманчаша. Кхул хьалха а чулацаме а, пайде а йолуш, дуккха а книгаш язйина ахь. Вайн халкъан къоман культура Iалашъярехь а дуккха а къахьегна ахь.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тидамера ца даьлла ахь хьоьгуш долу къа. Цо суна тIедиллина хьуна «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо» сийлахь цIе елла хилар дIахаийтар. Дала могаш-маьрша дукха вахавойла хьо. Дала шен дуьхьа дойла ахь мел до дика гIуллакх, – олуш декъалвира министра книгин автор а, мацах вайн республикин культурин министр лаьттина волу Киндаров Iабдулла.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан суьрта тIехь: Киндаров Iабдуллин керла книга йовзийтар

№78, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 6-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: