Буоберийн дог хьаьстира

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь дIадаьхьира шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахойн бераш Лазертаг клубехь ловзийтар.

Лазертаг – иза керлачу технологийн гIирсашца (лазеран нур детталучу герзаца ловзар ду). Соьлжа-ГIалин Трошеван цIарахчу урамехь йолчу «Медина» туьшахь ю Лазертаг клуб.

Клубан инструктора берашна хьийхира муха ловза деза. Цул тIаьхьа, оьшуш болу гIирсаш а белла, ловзарна билгайинчу йоккхачу зала чу дигира бераш.

– Белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бIаьхойн берийн самукъадаккхархьама вовшахтоьхна ду хIара гIуллакх. Лазертагах ловзаро майралла берашкахь кхиайо. Вайн массеран а берийн маршонан дуьхьа шайн дахар дIаделла оцу берийн дайша, – билгалдаьккхира кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон кегийрхойн патриотизм кхиоран отделан хьаькима Цацаев Аптис.

Цо дийцарехь Кегийрхойн денца доьзна дIадаьхьнера и гIуллакх. Берийн чIогIа самукъадаьллера оцу ловзарх.

Ловзар чекхдаьллачул тIаьхьа Сийлаллин грамоташца билгалбехира ловзаран дакъалацархой, иштта, мехала совгIаташ а дира царна.

ВЕГИЕВА Макка

№78, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 6-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: