(Алханов Мохьмадах дош)
Алханов Мохьмад Демалханан Мустапан кIант ву. Цуьнан ден да Демалха Россин паччахьо Николай II-чо Нохчийчохь гIарабевллачу дикачу къонахех шена тIекхайкхиинчех цхьаъ ву.
Демалха паччахьо шаьш тIеэцначул тIаьхьа Петарбухара цIерпоштаца цIа вогIуш, цуьнца купейни вагон чохь нисвелира Дона-тIера-Ростов гIалера инарла а, Саратовера хьолада а. ЦIерпошт Ростов кхаьчча, инарла охьавоьссина, хIара шиъ, юххехь стаг воцуш, шаьшшиъ висина. Саратов гIала кхаьчча, Демалханан Iодика еш куьг а лаьцна, охьавоьссина хьолада а. ЦIерпошт дIайолаеллачул тIаьхьа, шен хIума дIанисъеш, ахчанах юьзна бумаьштиг карийна Демалханна хьолада Iийначу меттехь… Цо бумаьштиг схьа а ца йиллина, я цу чуьра ахча мел ду а ца хьаьжна иза. Аштаркхане ша дIакхаьчча. цIерпошта тIера охьа а воьссина, юхайоьдучу кхечу цIерпоштаца Саратове вахана иза. Цигахь, хоьттуш, шеца хилла хьолада волчу дIакхаьчна иза.
– Ой! Ахьа хIун леладо, ва Демалха, хьо юха хIунда вирзина? – хаьттина цецваьллачу хьоладас.
– Хьо цIерпошта тIера охьавоьссинчул тIаьхьа, сайн хIума дIанисъеш воллуш суна хьо хиъна Iийначу меттехь хьан хIара бумаьштиг карийра. ХIара хьан ахча схьадохьуш веана со, – аьлла Демалхас.
– Ой, ва Демалха, со вехаш стаг ма ву. Сан шортта ахча а ду, хьал а ду, бахам а бу. ХIара ахча дарах сан эша хIумма а ма дацара. Хьайна хIунда ца дитира ахь хIара ахча? Аштаркханера дуьйна некъана зен а деш, хан а йойуш, кхуза кхаччалц юха хIунда веана хьо?
– ЭхIей, хьолада, паччахьо Нохчийчуьра уггаре а дикачу къонахех шена тIе вехна хиллачу нохчичо вагон чохь сан ахча лачкъийра хьоьга ца алийта, и хьоькха нохчашна тIехь ца йита веъна со хIара ахча дохьуш, – аьлла Демалхас.
Цуьнгара адрес дехна хьоладас, оцу тешамечу къонахчуьнца гергарло таса, зIе латто лиина.
Цул тIаьхьа дукха хан ялале Демалха ша волчу дIавоьхуш, кехат даийтина хьоладас. Шен йоI яхана нуц дIа а ваьккхина, цуьнан меттана шен хьолан урхалчин дарже хIоттийна цо Демалха.
Октябрьски революци а хилла, хьоладай Советан Iедало бохо болийча:
– Демалха, хIинца хьо хьайн махка дIагIо. Со хIокху Iедало вохор ву, кхузахь висахь, хьо а лоцур ву, – аьлла, Демалха цIа ваийтина хьоладас.
Иштта тешаме дика къонах хилла Алханов Мохьмадан ден да Демалха. ГIиллакх долуш, оьзда стаг хилла иза.
Цхьана дийнахь ВаларгтIехь тезетахь вара со. ТIевеъначунна бухахь хиина Iаш верг хьалагIаттар хьахийча, юьртан моллин гIоьнчас дийцира, суна а хезаш:
–… Сан кхо шо кхаьчначу хенахь нанас, куьг а лаьцна, цхьанхьа вуьгуш вара со. Демалха вара шайн кетIахь хиина Iаш. Сой, сан наний шега дIанисделча, шен леккха дегI нисдеш, хьалагIаьттира иза тхойшинна. Воккха мел хили а, юх-юха и сурт дуьхьал хIуьттура суна, ойла йора ас: «Демалха цIе йоккхуш къонаха а ма вара, жима а ма вацара, сан нана жима зуда а ма яра, со жима а ма вара, тхойшинна иза хьала хIунда гIоттура техьа?» – олий. Ас дешначу Къуръанора, – аьлла, дуй биира цо, – Демалха тхоьйшинна хьалагIаттар бахьана долуш, тIехволучу стагана, зуда елахь а, стаг велахь а, жима велахь а, воккха велахь а дегI нисдеш хьала ма гIотту со, – аьлла.
Мохьмадан да Демалхан Мустап, ШаIми-Юьртахь хьуьнарехь дешна, Iеламстаг вара. ШаIми-Юьртарчу эвлаяан Ахьмаддлукъ-Хьаьжин мутаIелам хилла ву Мустап, цо хьоьхуш, цо Iамийна. ГIиллакх долуш, оьзда стаг вара Мустап, бусалба динан воккха Iилманча а вара иза. Дика девзара цунна нохчийн къоман гIиллакхаш. Оцу гIиллакхех галваьлларг нисван а хаьара цунна.
Нахана тIаьхьаша луьйш вацара иза. Жима велахь а, воккха велахь а, шегара ледарло ялийтинчуьнга дош юхь-дуьхьал дIаолура цо. Цуьнгара даьлла гIиллакхехь доцург, оьзда доцург ма-дарра довзуьйтуш дIа а олий, тIаккхахула и саннарг хьайгара ма далийталахь олура.
Мустап а, цуьнан да Демалха а вай махках даьхначу хенахь Казахстанехь а нахана вевзира. Цу шиннан хазчу гIиллакхашна, оьздангаллина, тешаме хиларна, хьанал хиларна бухарчу къомо а, хьаькамаша а лоруш хилла и шиъ.
Вай махках дохучу дийнахь салташца хилла оьрсийн цхьана эпсаро бустамаш долчу чоица, кхелина шаьлтий, доьхкий дихкина лаьттачу Демалхе коьртера дуьйна, когашка кхаччалц лерина хьажа а хьаьжна, цуьнан хаза хатI, куц ца дохо, оьгIазе а воцуш, эсала Демалхе юкъ ца йостуьйтуш, баттара шаьлта хьала а яьккхина, макъара тIера ши «суй» (винт) схьа а хьовзийна, шаьлтанан дитт кертахула дIа а кхоьссина, мукъ юха а баттана тIе боьллина. Демалха шеца герз хилар бахьана долуш новкъахь дIа ца лацийта бина цо и болх…
Демалха а, Мустап а вай вешан махка цIадирзинчул тIаьхьа кхелхина ший а. Дала гечдойла царна.
ХIинца хIара Мохьмад шен дел а, ден дел а эшна вац хIумма а. ГIиллакхна, оьздангаллина, нахана юккъехь лела хаарна, къонахаллина царел тIехваьлла ала мегар долуш ву. Вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзана шена гергахь къоман оьздангаллин кхеташо кхуьллуш юкъабало хьакъ болу нах билгалбаьхначул тIаьхьа, цуьнан векало соьга хаьттира: «Хьуна мила воьдийла лаьара оцу Кхеташонна юкъа?» – аьлла. Суна уггаре а хьалха дагабаьхкинчех, суна бевзаш, безаш а болчех вара Мохьмад.
Ас цуьнан ойла йира: «Ставрополехь ялх сохьтехь дагана операци йина вара иза, ност а ятIийна, настаран пха схьа а баьккхина, дагтIе боьду пха хийцина. Операци ечу хенахь цкъа дог а сецна, лоьраш цец а бовлуш, лечуьра ваьллера иза. Операци йиначул тIаьхьа кхузза реанимацехь Iиллина иза, хIинца-тIаккха бохуш, шех дог диллийтина, кхузза-доьазза Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранийн госпиталехь Iиллина. Ша машенна хьалха а хиъна, Соьлжа-ГIалара цIа вогIуш, шена лазар хуьлуш дуйла а хиъна, машен юьстах а яьккхина, сацийна цо. ГАИ-н инспекторш тIе а кхаьчна, машенан тIома хьалха, велча санна, ши бIаьрг а хьаббина, дIахаьрцина Iуьллуш карийра иза.Цара «Сиха гIодаран» машен а ехна, юха а ТIеман ветеранийн госпитале кардиологин отделени охьавиллинера иза. Мохьмад шен доцург доцийла хоуьйтур долуш а вац, шена оьшург оьшийла хоуьйтур долуш а вац. Цуьнан зуда Зулпаъ а цомгаш ю, дукха хан йоццуш больницехь Iиллина цIа еана, майрачуьнций, кIантаций Iуналла деш цIахь сецна иза. Дуккха а тайп-тайпана молханаш оьцу шена, догIуш долу пенси и молханаш эццал бен ца хуьлу. Иза суна хуур дацара, больницера цIавеанчу зудчо шега хьажа веанчуьнга ларамаза ца аьллехь. И цо аьллийла хиъча, цунна и могуьйтур долуш вацара Мохьмад. Оццул собаре а, яхь йолуш а, шен долчунна хастам беш а къонах ву иза.
Иштта, цуьнгара и хьал хууш, иза кхоош ца вахийтира ас Кхеташонна юккъе. Ас иштта Мохьмаде шега дIаэлира:
– Мохьмад, хьан могашалла дика йоцу дела, хьо кхоош, витира ас Кхеташонна юкъа ца вохуьйтуш.
– Ой, ас дешначу Къуръанора, сайн са а, дегI а дIалур ма дара ас вайн къоман гIиллакхаш доза ца дайта. Оьздангалла ца йохаяйта Дела резахуьлда оцу гIуллакхна орцахваьллачу Рамзанна. Цуо къамел деш хезча, ма боккха кхаъ хилира суна цунах. Иза а алий, со юьстах ма виталахь со.., – элира Мохьмада.
Дуьххьара нахана довзийта нохчийн ловзар хIоттийра оха республикин Культурин министерствоца цхьаьна. Мохьмада цигахь вара. ТIехьа-Мартан районехь, оцу районан куьйгалхо Хаджаев Бислан коьртехь в волуш, гIиллакхийн суьйренаш дIаяьхьира, ловзарш хIиттийра ШаIми-Юьртахь, Котар-Юьртахь, Янди-КIотарахь, ТIехьа-МартантIехь, СемаIашкахь, Давыденкохь, Заки-Юьртахь, Хаьмби-Ирзехь. Делкъахан хилале цхьанхьа, делкъал тIаьхьа вукханхьа и мероприятеш еш, оцу массо а юьртахь дакъалоцуш вара Мохьмад. Ша волчу ВаларгтIехь Культурин цIа доццушехь, школашкахь шозза ловзар хIоттийра Мохьмада, гIиллакхийн суьйре а кечйира, юьртда, школийн директорш, юьртара Iеламнах цу гIуллакхна орцах а баьхна. Кхечу ярташкахь ловзарш деш, гIиллакхийн суьйренаш еш, кечъеш, резахилларг тIетухуш, хьалха динчух кхачам а ца хетта, кхозлагIа а ловзар дира Мохьмада шайн юьртахь. Миччанхьа а и тайпа цхьаьанакхетар хуьлуш, шега хаийта цуо аьлла дела, Итум-Кхаьллахь а, Шуьйтахь а ловзарш хуьлуш, хаийтира ас цуьнга. Мохьмад цигахь а дакъалоцуш вара. ШаIми-Юьртахь, Хьалха-МартантIхь, «Нохчийн кхерч» хIоттийначохь, ловзаршкахь а дакъалоцуш вара Мохьмад.
Цуо дакъалацар дуьххьалдIа хьажа вар дацара. Цуо дакъалацар, даггара дика долчунах воккхаверан, кегийчу нехан, мехкарийн хазачу духарх, церан хазачу куьцех, кепех, дечу хелхарх воккхаверан хьелашца доьзна дара.
Оцу массо а ловзаршкахь, гIиллакхийн суьйренашкахь хьекъале дош олуш, вайн къоман хазачу гIиллаккхех, оьздангаллах лаьцна ловзаран, синкъераман кепах, чулацамах лаьцна, хелхаран маьIнех лаьцна, вайн къоман оьзда духар, хаза гIиллакхаш лардан дезарх, Iамо дезарх лаьцна иллеш, эшарш, мукъамаш ца талхош, чулацам дика болуш хила дезарх лаьцна цо къамел къобалдеш, дика тIеоьцундолчу агIор дар бахьана долуш. Цуьнан хIора дош, нехан сих, дагах кхеташ нислора гуттар а.
Амма цхьа дагахьбаллам хилира суна, иза ларван ца хуу, сайгара яьллачу ледарлонна.
Шуьйтахь ловзар дуйла айса цуьнга хоуьйтуш, «цигахь хийцалуш хуьлу, йовха бедар юхалахь», цуьнга ала дага ца деара суна. ДIакхаьчча, ловзар долчу меттехь баьрче довла тхуна кечйина меттиг яра. Органан Iин чуьра схьахьоькху мох тхан догIмех чекхбуьйлура: «Суна тIекхолла верта деара, механ шело Мохьмаде лалур йоцийла хууш. Оцу минотехь:
– Мичахь ву Мохьмад?.. – коьртах ваьккхира ас иза. Суна жимма дехьо лаьтташ хиллера иза, со районан куьйгалхошка вистхуьлучу юкъана. Тхан Кхеташонан декъашхо Казаев Султан гира суна, цунна тIе кетар ядийна воьдуш. Амма кетар дегIа тIе юхале Мохьмад шелвелла хиллера, бос байнера цуьнан:
– Шелвелла-кх хьо!.. – ас шега аьлча:
– Шел ца велла со. ХIумма а ца хилла. Суна са ма гатдехьа, хьенех, – элира цо.
Цигара сарахь цIа даьхкича, буьйса дIа а ялийтина а, Мохьмаде телефон туьйхира ас, цунна сагатделла, цуьнгара хьал хаа… Мохьмад, Шуьйтара цIа ма кхеччи, вадийна вигна ТIеман ветеранийн госпитале охьавиллина хиллера. ЦIахь доьзална бехкам бина хиллера цо, ша больнице охьавиллинийла соьга ма хаийта аьлла. Со шена тIаьхьа ца вогIуш, Iийр воцийла хууш.
…Иза ша а могаш вац, цуьнга ма хаийта», – аьлла хиллера цо.
Цул хьалха а, иза госпиталехь вуйла хиъна, цига вахча, чохь вацара Мохьмад. Лоьрашка хаьттира ас:
– Алханов Мохьмад дIавахийтина аш?
– Ца ваахатийна, «Со хьелур вац, цхьана метте ваха дезаш ву» аьлла, аравелира-кха иза.
Ас Мохьмаде телефон туьйхира:
– Хьо госпиталехь ву аьлла хезча, кхуза веана, со кхузахь ма ву. Лоьраша хьо дIаваьхийтина а вац, мича вахана ца хаьа шайна ма боху… Хьо мичахь ву ван мукъана?
– Со Курчалойхь тезетахь ву, – элира цо.
– Хьо лартIехь мукъана вуй? Больницехь Iуьллучуьра тезета воьдуш ма ца хуьлу. Кадам дIаоьцуш болчу верасашна хьо больницера «ведда» веънийла ца хаьа?..
–… Больницехь веча а, тезетахь велча а, хIун башхо ю? Дакъа ВаларгтIе дIахьур ду… Суна вевзаш бакъахьара стаг ву кхелхинарг, когаш тIе ирахIотталуш хилча, бехк тIера ца болу. Суна оьгIаз ма гIолахь, – элира цо.
Сан къамел хезаш йолчу медйишас:
– Ваша, схьавола алахьа цуьнга, маха тоха безаш а ма ву иза, тезеташка лела хьал ма дац цуьнгахь дерг, – элира.
Мохьмад халкъана оьшуш стаг ву. Цуьнгара гIиллакх, беркат схьаэца хуучунна пайден ву иза.
И санна волчух пайдаэца цахаар йоккха ледарло ю.
Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхоьллинчу Нохчийн гIиллакхийн, оьздангаллин кхеташонан декъашхошна ас Мохьмадах лаьцна масал даладо. ГIиллакх, оьздангалла латто Алханов Мохьмад санна болу къонахий оьшу. Церан гIоьнца хила деза тIекхуьучу тIаьхьенна вайн нехан ловзарш, хелхарш, иллеш довзийтар, юкъараллин дахарехь кхолладелла вайн хаза гIиллакхаш довзийтар, духаршца, буьйцучу маттаца, синошца, догIмашца хила деза оьздангалла йовзийтар, олий.
Х-А.БЕРСАНОВ, яздархо