«Лидер 65» командо толам баьккхира Италерчу командица хиллачу ловзарехь

Эсаран (октябрь) беттан 7-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат-Арена» стадионехь цхьаьнакхийтира «Лидер 65» цIе йолу россихойн а, Италерчу гIарабевллачу футболхойн-ветеранийн а командаш. Иза (цхьаьнакхетар – авт.) лерина дара Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран 65 шо кхачарна.

Матч дIа а йолаялале, Россин Федерацин байракхан беснийн футболкаш а юьйхина Iачу хьовсархоша трибунаш тIехь Путин Владимир декъалваран баннер яржийра.

Билгалдаккха догIу иштта баннер, амма цул а дуккха а йоккха хилла йолу, стадионан ловзаран майда дIалоццуш охьатесна хилла хилар а (ловзар дIадолош дIаяьккхира и – авт.).

«Лидер 65» командин капитан республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан вара. Цуьнан командехь дуьненахь гIараваьлла волу футболхо Роналдиньо а, Россехь бевзаш болу футболхой Карпин Валерий а, Кержаков Александр а, Широков Роман а, Филимонов Александр а, политикаш Даудов Мохьмад а, Кузнецов Лев а, кхиберш а бара. Командин тренер Газзаев Валерий вара.

Хьешийн командехь Сальваторе Скиваччи а, Паоло Росси а, Фабрицио Раванелли а, Массимо Оддо а, кхиберш а бара.

Цхьаьнакхетар майданан дайша жамI 6:3 долуш толам а боккхуш дIадирзира. 31-чу минотехь Кержаков Александра гол тохарца схьайиллира счет. Амма 40-чу минотехь хьешийн ловзархочо Дельвеккио Маркос гол тохар бахьана долуш, жамI 1:1 хилира.

Цул тIаьхьа, шолгIачу тайман 2-чу минотехь, Кузнецов Лева а, оццу тайман 12-чу минотехь Кадыров Рамзана а туьйхира хьешийн кевнаш чу буьрка. Цу тIе, гол тоха каяьллачу майданан дайн могIарехь Широков Роман а, Роналдиньо а, Даудов Мохьмад а вара.

«Лидер 65» командин кевнаш чу кхоъэ а буьрка тоьхнарг Дельвеккио Марко вара.

Цхьаьнакхетар исбаьхьчу шатлакхца дерзийра.

И.ИСЛАМОВ

№79, шинара, эсаран (октябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: