Соьлжа-ГIалин – 199 шо

«Тийналла» хьешацIа схьадиллира

БухIан-Юьртарчу спортан-могашаллин «Соьлжа-ГIалин хIорд» комплексан хIокху деношкахь даздаран хьолехь схьадиллира «Тийналла» цIе йолу хьешацIа.

Цигахь дакъалоцуш вара республикин Парламентан Председатель, Россин Турпалхо Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Усмаев ВахIит, республикин Правительствон председателан заместитель, республикин автомобилийн некъийн министр Тумхаджиев Абубакар, Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместитель Ахмадов ШахIид, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, кхиболу официальни нах.

Хучиев Муслима билгалдаьккхира, Нохчийн Республике дукха туристаш богIуш хилар а, хIора шарахь инвесторийн а, туристийн а барам лакхаболуш хилар а.

– Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан гIо-накъосталла бахьанехь, туристийн инфраструктура кхиорна дерриге а хьелаш кхуллуш ду республикехь, – элира М.Хучиевс.

Даудов Мохьмада гулбелларш декъалбира исбаьхьа хьешацIа схьаделларца, церан ирс а, аьтто а хилар шена лууш хила а хаийтира цо.

– Вайн хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъан Iалашо – иза вайн республикин экономика а, социальни дакъа а жигара кхиор ю. Хьалхе йолчу дакъойх цхьаъ ду туризм кхиор, – элира цо.

М.Даудовс иштта билгалдаьккхира, Нохчийчоьнан пачхье де мел долу хазлуш а, туристашна а, республикин хьешашна а езаш а хилар.

– Со тешна ву хIара хьешацIа республикин бахархошна а, хьешашна а евзаш а, езаш а меттиг хилла дIахIуттург хиларх, – элира цо.

Билгалдаккха деза «Тийналла» хьешацIа кхузаманан ерриге а стандарташна жоп луш хилар а, «Соьлжа ГIалин» хIордана уллехь, исбаьхьачу меттехь хилар а. Хьешийн цIа чохь 96 номер а ю, 1-чуй, 6-чуй гIаьтнаш тIехь ши ресторан а ю, иштта бассейн а, фитнес-зал а, Iер-дахарна мел оьшу бегIийла хьелаш а ду.

Пачхьенан коьртачу майданахь…

Республикин пачхьенерчу БIахаллин сийлаллин гIалин хIолламна хьалха схьадиллира Соьлжа-ГIалин Де.

Цигахь дакъалоцуш вара Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, БIахаллин сийлаллин гIаланийн союзан кхочушдаран директор Сунгуров Игорь, республикин бахархой, Россин кхечу регионийн векалш, кхиберш.

Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима бахархой декъалбира Соьлжа-ГIалин денца.

– Шен дахарехь дуккха а дика а, вуон а лайна Соьлжа-ГIалано, цуьнан бахархоша. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь цара фашисташна луьра, майра дуьхьало йин, шайгара доккха хьуьнар гойтуш. Цундела Соьлжа-ГIалина елла «БIахаллин сийлаллин гIала» аьлла йолу сийлахь цIе. Тахана а, республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьанехь, Нохчийн Республика Россин уггаре а кхерамаза регион ю, иштта, Соьлжа-ГIала, регион денъяларан билгало а ю, – элира Хучиев Муслима.

Россин а, Нохчийчоьнан а гимнаш лекхначул тIаьхьа, Хучиев Муслима Соьлжа-ГIалин денна лерина даздарш билгалдоху байракх хьала а яхийтина, БIахаллин сийлаллин гIалин хIолламна хьалха зезагаш дехкира баьхкинчу хьешашца.

Схьайиллина «Почта Банкан» туш

Соьлжа-ГIалахь, ГIалин денца доьзначу даздарийн гурашкахь схьайиллира «Почта Банкан» туш. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, республикин экономика а, мохк а кхиоран а, махлелоран а министр Магомадов Iабдул, «Почта Банкан» урхаллин куьйгалхо Руденко Дмитрий, цуьнан хьалхара заместитель Горшков Георгий, кхиберш.

Шен къамелехь Д.Руденкос билгалдаьккхира «Почта Банкан» туш схьеллар Санкт-Петербургерчу экономикин форуман гурашкахь «Почта Банкан» а, Нохчийн Республикин Правительствон а хиллачу бартаца доьзна хилар.

– Кху банкан зIенаш Нохчийн Республикехь сиха кхуьуш ю. Шо чекхдалале 50 филиал схьайоьллур ю. «Почта Банко» къаьсттина тидам тIебохуьйту регионан экономикехь ахчанца йоцу (электронни) платежаш алсамъяхарна а, иштта бахархойн пенсеш банкан карти тIе дахарна а, – элира цо.

Эдельгериев Абубакара билгалдаькхира банкан клиентийн туш схьаеллар мехала гIуллакх хилар.

– Тхо «Почта Банкан» кхиам тергалбеш ду республикехь Россин почто цуьнан хьалхара отделени схьайилличахьана дуьйна. Тхо тешна ду оцу банкан балхах республикин бахархошна боккха пайда бериг хилар, – элиро цо.

«Почта Банкан» туьшан урхаллин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела Горшков Георгийс дийцарехь банкан Iалашо ю республикин кхача хала долчу меттигашкахь (ярташкахь) банкана болх бан аьтто бар.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха зезагаш дехкира

Соьлжа-ГIалин денца доьзна даздарш дIадолийра Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин аллей» мемориалана хьалха зезагаш дахкарца. Цигахь дакъалоцуш вара Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, Россин бакъонашларъяран органийн а, лерринчу службийн а ассоциацин президент Аслаханов Асланбек, кхиболу хьеший.

Даздаран гIуллакх чекхъдаьллачул тIаьхьа «Сийлаллин аллейн» коьрта директор Ахматов Висанпаша хьалха а волуш, хьешаша Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу музейхула экскурси йира. Уьш хилира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIуманаш а, совгIаташ а, йозанаш а чохь долчу цуьнан юхакхоьллинчу белхан кабинета чохь.

В.Ахматовс хьешашна дийцира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахаран некъах а, иза ваьхначу, цо дешначу меттигех а, Нохчийн Республикин а, Россин а исторехь цо лелийначу маьIнех а лаьцна.

Бахрейнера делегаци хилира Нохчийчохь

Хьалха оха хаам бина ма-хиллара, Бахрейнан паччахьан ши кIант Шайх Насер бин Хьамад аль Халифа а, Шайх Халед бин Хьамад аль Халифа а коьртехь волуш, Iаьрбийн пачхьалкхера официальни делегаци еара Нохчийчу. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалин денна леринчу даздаршка кхайкхина бара уьш.

Республикин Куьйгалхочуьнца цхьаьнакхетарал, Бахрейнна а, Нохчийчоьнна а юкъахь цхьаьнагIуллакхашдар чIагIдаран гIуллакхаш дийцаре дарал сов, республикехь дIадаьхьначу тайп-тайпанчу гIуллакхашкахь дакъалецира хьешаша: Ойсхара поселкехь социальни объекташ схьайоьллучохь а, «Колизей» спорткомплексехь дIаяьхьначу Корматаллин латарийн «Грозная битва–43» дуьненаюкъарчу турнирехь а, Соьлжа-ГIалин 199 шо кхачарна леринчу даздаршкахь а.

Итон-Кхаьллан кIоштахь «Ведучи» курортан гIишлошъяран белхаш дIабахьаре а хьаьвсира хьеший, Хоси-Юьртарчу «Терек» СОБР спецподразделенин Iаморан-тренировкийн лерринчу туьшахь а, Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь а, «Буьрса ГIап» автодромехь а, Устрада-ГIаларчу «Ненан дог» маьждигехь а хилира уьш.

№79, шинара, эсаран (октябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: