Шемин Iедалан эскарша Эль-Меядин гIалахь, гуо а лаьцна, дIахьош ду «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна дуьхьал тIом бар а, террористех гIала паргIатъяккхар а. Иштта, кхиамца дIахьош ду Дейр-эз-Зора шахьарара террористаш хIаллакбар а. Царна гIо-накъосталла деш ду Россин тIеман кеманаш. Цара хIора дийнахь йохайо «Джебхат-ан-Нусра» а, «Исламан пачхьалкх» а организацийн тIеман техника а, объекташ а.
***
Iамаркан куьйгалло дIахьедина Иракъерчу курдаша Курдистан йозуш ца хилийтарехьа дIаяьхьначу референдумна а, цуьнан жамIашна а ша реза цахилар. США-н Пачхьалкхан Секретара Р.Тиллерсона чIагIдо Иракъана юкъара Курдистан дIаяла гIертаро дика болх бийриг цахилар, цо регионера хьал чолхе доккхург хилар.
***
Испанерчу Мадрид а, Барселона а шахьаршкахь демонстрацеш а, митингаш а дIаяьхьира кIирандийнахь. Урамашка бевллачара дIахьедора шаьш Испанин цхьааллехьа хилар. Мехкан полицин хаамашца цхьа миллион сов стаг вара урамашка ваьлларг. Каталони дIакъаста гIертар къобал ца до Испанин куьйгалло а.
***
Къилбаседа Корейн Президента Ким Чен Ына хIокху деношкахь хаам бина ядерни программа кхиорехьа дIахьош болу болх шаьш сацо дагахь цахилар хоуьйтуш. Ткъа США-н Президент Д.Трамп цунна а, КНДР-на а кхерамаш туьйсучура соцуш вац. Цо дIахьедина: «Кеста дерриге а дуьне а кхетар ду ас Къилбаседа Корейна ден долчух…»
***
Латвин пачхьенехь Ригехь «Лиепая» ралли дIахьочу хенахь доьхна, стигалара вертолет чудеана. И бохам хилар бахьанехь 1 стаг кхелхина, 3 стаг лазийна. Вертолет дохарца доьзна дIахьош ду талламаш бар.
***
Хонкаран кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министерствехь дIахьедина: «Анкара совцон лерина яц Хонкара Евросоюзана юкъаяхийтаран хьокъехь дIахьош долу дийцарш. Пачхьалкхан мехалчу Iалашонех цхьаъ хилла юьсуш ю иза».
***
Ганин пачхьенерчу (Аккра) цхьана бензоколонкехь цIе ялар бахьана долуш, лаьттах доьхкина хилла бензин а, кхийолу ягориг а чохь йолу яйнаш лилхина. Оцу бохамехь 6 стаг кхелхина, 45 стаг лазийна. Бохам хиларна бехкениг лохуш, таллам дIахьош бу бакъонаш ларъяран органийн векалш.
***
Украинин Президента П.Порошенкос масех де хьалха куьг таIийна махкахь пенсионни реформа дIаяхьаран хьокъехь долчу законна. Дуьненаюкъарчу валютин фондо бинчу лехамца тIеэцна Украинин Радехь и закон. Цуьнца нийса а догIуш, хIинца дуьйна 65 шо кхаччалц пенси баха бакъо хир яц украинхойн.
***
Россин Президента В.Путина вайн махкара агропромышленни комплексан къинхьегамхой декъалбира юьртан бахаман а, гIуллакхдаран промышленностан а белхахойн денца. Цо билгалдаьккхира юьртан бахам а, гIуллакхдаран промышленность а вайн мехкан экономикин хаддаза кхуьуш долу дакъош хилар.
***
Владимирски областехь боккха некъан-транспортан бохам хилла. 53 стаг чохь волу автобус цIерпоштнекъах дехьа йолучу хенахь, йоха а йоьхна, цу тIе цIерпошт кхетта. Оцу бохамехь 17 стаг кхелхина 36 стаг лазийна. Кхелхинчарна юкъахь 2 бер ду. Кхелхинчарах 15 Узбекистанан а, 2 Казахстанан а вахархо ву. Уьш шайн цIа дIабигна.
***
Приморьехь йолчу хьаннашкахь 1,7 гектар майда дIалаьцна йогуш цIерш ю. Уьш дIайойуш ву 400 гергга стаг. Цаьргахь 93 техника а, кеманаш а ду. «Бе–200» кеманаша стигалара хи детта йогуш йолчу хьаннаш тIе. ТIаьхьарчу дийнахь-бусий церан аьтто баьлла 7 меттера цIе дIаяйъа.
№79, шинара, эсаран (октябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо