Шен болх дIаболийна Политологин дуьненаюкъарчу «Россин Кавказ» форумо

Соьлжа-ГIаларчу М.Лермонтовн цIарахчу Оьрсийн драматически театрехь шен болх дIаболийна Политологин дуьненаюкъарчу «Россин Кавказ» юбилейн V-чу форумо.

Цигахь йийцаре еш ю «Россин Кавказан социальни-экономикин аьттонех пайдаэцар а, регионашна а, мехкашна а юкъарчу зIенийн коьрта дакъош а» цIе йолу тема.

Форуман спикер республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Д.Умаров а, Къилбаседа ХIирийчоьнан къаьмнийн юкъаметтигийн гIуллакхашкахула волу министр А.Цуциев а, Дагестанан къоман политикин министр Т.Гамалей а, ГIалгIайчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр I.Евлоев а, ГIебартойн-Балкхаройчоьнан Махкахойн юкъараллица зIенаш латторан а, къаьмнийн гIуллакхашкахула а йолчу урхаллин куьйгалхо А.Курашинов а ву.

Пленарни кхеташо чекхъяьлча цара жоьпаш лур ду республикин а, федеральни а шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: