Селхана, эсаран (октябрь) беттан 10-чохь, Соьлжа-ГIалахь шен болх дIахьочу Политологин дуьненаюкъарчу «Россин Кавказ» юбилейн V-чу форуман гурашкахь, Зорбанан цIийнехь йийцаре йира Къилбаседа Кавказан къаьмнашна юкъара зIенаш кхиорехь шуьйрачу хаамийн гIирсаша дӏалоцучу меттигах лаьцна йолу тема.

Цигахь спикер республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Л.Гудаев а, гIараваьлла волу журналист М.Шевченко а, «Это Кавказ» проектан коьрта редактор А.Исаева а, кхиберш а бара.
Оцу цхьаьнакхетаран гурашкахь А.Исаевас дийцира «Это Кавказ» проектах а, цуьнца цхьаьна, карарчу хенахь ТАСС хаамийн агентствос кхочушъян йолийначу керлачу проектех а лаьцна.
Л.Гудаевс шен къамел республикехь къаьмнашна юкъахь долчу хьолана лерина дира. Иштта, цо йовзийтира меттигерчу хаамийн гIирсаша оцу декъехь кхочушъеш йолу проекташ а.
— Республикехь дехачу хIора а халкъах лаьцна дуьйцуш йолу проекташ ю тхан шуьйрачу хаамийн гIирсаша кхочушъеш. Царах уггаре а гIараевлларш «ХIоранна а тIекхача» олуш йолу пресс-эстафета а, «Нохчийн Республикин этнодуьне» цIе йолу проект а ю, — дийцира цо.