Баркаллин дуьхьа доцуш

12431243214312

Къоман культурех боьзна хаамаш гулбеш, деган лаамца къахьоьгу Темирбулатова Светланас. Шен белхан говзаллица лор-йиша ю Светлана. 1967-чу шарахь чекхъяьккхира цо Соьлжа-ГIалара лоьрийн училище. Оцу ша хаьржинчу говзаллица еххачу хенахь болх а бира: 1967–74-чуй шерашкахь Нажи-Юьртан кIоштан Замай-Юьртарчу фельдшерско-акушерски пунктехь а, цул тIаьхьа 1974–2000-чуй шерашкахь Шелковскерчу санэпидстанцехь а (юккъехула аьлча, шен схьаялар Мескитара долу Светлана, 1974-чу шарахь дуьйна Iер-яхар оцу станицехь долуш ю).

Бераллехь дуьйна а ша юьхьарлаьцна муьлхха хIума а лерина лело Iеминчу С.Темирбулатовас, цхьаьннан а ала хIума доцуш, дика болх бора. Амма цуьнца цхьаьна 60-чу шерашкахь дуьйна цо схьакхоьхьуш кхин цхьа болх а бу – нохчийн яздархойн говзарш а, нохчийн культурех зорбанехь хилла материалаш а гулъяр. Цхьамма тIедиллина а я цхьаьнггара баркалла хиларе дог дохуш а  лелош хIума дац иза. Кхуьнан синан хьашт хилла, дагах кхетта шатайпа «лазар» ду-кха. Цунах лаьцна ша Светланас иштта дуьйцу. Цкъа Нажи-Юьрта спектакль йохьуш Х.Нурадиловн цIарах йолу театр еанера. Цуьнга хьажар нисделира Светланин а. Къаьсттина тайра цунна Багалова Зулайс ловзийна роль. Спектакль чекхъяьллачул тIаьхьа, шен хилла дог-ойла актрисе дIайовзийтира цо. И ларамаза санна хилла цхьаьнакхетар таханлерчу дийне схьадеанчу даггарчу доттагIалле дирзира. Зулайн доттагIа хилла ца Iаш, ерриге театран а гергара хилира Светлана. Театран цхьа а премьера тIех ца йолуьйтура цо, хIетахь йолаелира театрах  йолу зорбанан материалаш гулъян а. И «цамгар» яьржаш, нохчийн литературех, искусствох, исторех лаьцна жимма а маьIне хета материалаш гулъян елира иза.

Тахана цуьнан шен архивехь лерринчу папканаш чохь («Оьрсийн яздархой Кавказехь», «Театр», «Нохчийн яздархой», иштта кхин а) ларъеш, эзарнаш киншкаш, статьяш, программкаш, афишаш, кхин а дукха мехаламатериалаш  ю. Йоккха хазна ю иза, шина тIеман цIергахь вайн библиотекийн фондаш хIаллакьхилла хилар тидаме эцча-м муххале а.

2004-чу шеран 8-чу октябрехь Нохчийн Республикин культурин министерствон сацамца Шелковски кIоштан Парабоч юьртахь схьайиллина М.Ю.Лермонтовн музей. Оццу шеран 1-чу ноябрехь музейн директор чIагIйира Темирбулатова Светлана. Культурин министерствехь дика евзара иза. И харжам нийса хилар дахаро тIечIагIдина. Шен доца хиллачу дахарехь оьрсийн сийлахь поэт хийлазза хиллачу, коьрта долчунна М.Ю.Лермонтов ваьхначу заманан куьцехь дисинчу цIа чохь схьайиллина музей, Парабоч юьртан хилла ца Iаш, республикин а сий-ларамечу меттигех цхьаъ хилла дIахIоьттина. Тахана кхузахь 60 сов экспонат ю, кхин 35 дIахIотто кечъеш ю: поэтан куьйгайозанийн, цо дехкинчу суьртийн копеш, цуьнан шен а, гергарчийн а суьрташ, оцу заманахь гIалагIазкхаша Iер-дахарехь лелош хилла хIуманаш. Баттахь 150–300 стаг – хьехархой, студенташ, дешархой – хуьлу музейхь. М.Ю.Лермонтовн кхолларалла йовзаре хьашт долу республикин дозанел арахьара нах а кхочу музей. Иштта хилла дIахIоттарехь коьрта дакъа кхочу Темирбулатова Светланина. Кхузахь ийшира цунна деган лаамца къоман культурин мехаллаш гулъяран зеделларг. ТIедогIучу шарахь билгалдоккхур ду М.Ю.Лермонтов вина 200 шо кхачар. Карарчу хенахь оцу хиламна кечамбеш ю музейн йоккха йоцу коллектив.

Светланин балхах а, цо куьйгалла дечу музейс къаьмнийн культурин уьйраш чIагIъярехь лелочу маьIнех а лаьцна дийца дуккха а ду. Цкъа тахана тхуна лиънарг, Нохчийн зудчун денца Темирбулатова Светлана декъал а еш, «со», «ас» доцуш, шена хиндолчу баркаллин дуьхьа доцуш, къоман культура яржорехь, цуьнан мехаллаш ларъярехь цо бечу балхана даггара баркалла алар дара.

Хь.АБОЛХАНОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: