Нохчийчохь йолчу ширачу яртех цхьаъ ю Лакха Нойбоьра. Цуьнан цIе шина дашах кхоллаелла – «ной» а, «боьра» а. Хетарехь, нойх тера боьра хилла-кх кхузахь цхьана заманахь. Керла кхуллучу юьртан цIе оцу боьраца йоьзна хилла. Изза масал даладо кху юьртарчу яздархочо а, публициста а Лулуев Саид-Iалис Нойбоьран цIарах лаьцна ша яздинчохь.
Кху юьртах а, бахархойх а лаьцна дийцира Лакхарчу Нойбоьран администрацин куьйгалхочо Баймурадов Ризвана. Иза шен даржехь 2007-чу шарахь дуьйна ву. ТIеман халачу муьрах чекх а девлла, юьртахь меттахIотторан чолхе хьал долчу хенахь дарже веана Ризван. Юьртахь дIахьочу муьлххачу а гIуллакхан декъехь а волуш, юьртахойн бала а кхочуш, шен ницкъ кхочург дерриге а дан гIерташ хIара волу дела тешийна кхунах юьртден болх Iедало а, кхузарчу бахархоша а.
– Юьхьанца хала дара, – дуьйцу Ризвана. – Юьртахь мел хуьлучух – вуочух а, дикачух а – жоп дала дезаш ма вуй юьртда. Ткъа нахаца болх бан мел хала ду оцу даржехь хиллачунна бен хуур дац. Кегийчарна юккъехь шайгара ледарлонаш юьйлуьйтуш дуккха а нах хуьлу. Цаьрца беш болу болх леррина хила беза. Уьш юьртахь дечу гIуллакхна а, спортана а юкъаозийча, царах дика накъостий хуьлу.
Муьлххачу юьртахь а хир бу шайн юьртан бала кхочуш кегий нах. Уьш цхьаберш шайн долахь техника йолуш я цу техники тIехь цхьанхьа балхахь хуьлу. Цаьргара накъосталла къаьсттина чIогIа оьшу юьртдена.
Ишттаннаш тхан юьртахь болуш бу, цара доккха накъосталла до администрацина.
Юрт йиллина официальни терахь 1859-гIа шо ду. Амма юрт кхин а дуккха а шераш, бIешераш хьалха а хилла ю. Цунна тоьшалла хилла, халкъалахь дийцарш дисина. Нойбоьра шозза йохийна ю, бохуш дуьйцу кхузарчу наха.
Дукха шераш хьалха, дийцарехь, мIамголаш тIелеттачу хенахь дуьххьара ягийна юрт. Ткъа шолгIа – 1819-чу шарахь йохийна, оьрсийн паччахьан эскарш, Къилбаседа Кавказан кегий къаьмнаш эша а дина, кхузара мохк дIалаца чудаьхкинчу хенахь.
Теркан йистехь Iуьллучу Дадин-Юьртана 1819-чу шеран 15-чу сентябрехь оьрсийн эскар тIелетча, шайна хьалха ваьлла Нойбоьра юьртан баьчча Эски а волуш, дадиюьртахошна орцахбевлла нойбоьрахой. Ницкъаш цхьатерра а цахиларна, герз а цахиларна эшна нохчийн къонахий. Цара шайн синош дIаделла шайн Даймехкан а, халкъан а дуьхьа. МостагIий а тIехь цецбевлла хилла церан доьналлех.
Дади-Юрт йохийна 19 де даьлча, Нойбоьрана го а бина, яккхий тоьпаш тIе а етташ, цIераш а туьйсуш, юрт а ягийна оьрсийн паччахьан эскарша. Цул тIаьхьа дуккха а хан яьлча, юхаметтахIоттийна Нойбоьра. Баккхийчара дийцарехь, хьалха юрт лаьттинчохь доцуш, жимма лахо йолчу меттигехь баха хевшина нах. Иштта ду историн къаьхьа бакъдерг, амма тIаьхьенашна хаа деза шайн юьртах дерг, иза дицдан йиш а яц церан.
– Кху юьртана гуонаха долу баьрзнаш охкуш цхьацца белхаш бина генара баьхкинчу археологаша, – дуьйцу Ризвана. – Цигахь царна дуккха а хIуманаш карийна. Историн агIор къаьсттина мехала ю уьш.
Царна тIехь Iилманчаша болх бича, вайн халкъан исторехь дуккха а керланиг девзар дара.
Кхузахь «Нойбоьра» цIе йолуш госхоз ю, болх беш дуккха а юьртахой а болуш. Госхозан дика кхиамаш бу, кху шарахь Гуьмсан районехь гуьйренан ялташ чудерзоран жамIашца хьалхара меттиг яьккхина «Нойбоьра» госхозан латталелархоша.
Лело луучунна дIадала латта а ду шайн, боху Ризвана. Фермерийн бахамаш вовшахтоха аьтто а бу, кредиташца Iедало гIо а до. Юьртахь 38 коммерчески предприяти ю, царах дукхаърш кевнаш деш йолу пхьалгIанаш ю. Нойбоьрахь а, луларчу Ойсхарахь а кевнаш деш дуккха а нах бу. Республикин кхечу меттигашкахьчул дораха хуьлу кхузахь кевнаш, куьцана хаза а хуьлу.
Лакха Нойбоьрахь I юккъера школа ю,цигахь доьшуш 831 дешархо ву. Берийн беш а ю – 130 берана лерина, ФАП а, Культурин цIа а ду. Кхоъ спортзал ю шайн юьртахь, боху Ризвана дозаллица. Шина зала чохь паргIатчу кепара охьатохархлата Iамош бу кхиазхой а, кегий нах а, ткъа кхозлагIчунна чохь спортан ловзарш а. кхин кепаш а Iамайо. Юьртарчу администрацин а, школин а боккха кхиам бу эвлахь кхо спортзал хилар. Дуккха а кхиазхой а, кегийнах а спортани юкъаозийна бу, шайн кхиамашца шайн а, юьртан а, мехкан а сий айъа аьтто бу церан. Ткъа уггаре а коьртаниг – уьш вуочу новкъа бевр бац, цаьргара зуламаш девр дац. Спорт а езаш, и лелорехь кхиамаш а болуш волу жима стаг оьзда а, яхь йолуш а хила хьожур ву. Ткъа и саннарг шен юьртана хилла ца Iаш, махкана а пайден хир ву. ТIекхуьу тIаьхье ийманехь а, оьзда а кхиъча, юьртдас а, школин хьехархоша а, тренерша а хьоьгу къа эрна дац.
Ша балха веанчу хенахь юьртахойн а, даржехь болчу нехан а гIоьнца школин кертахь спортзал йира шаьш, дуьйцу Ризвана. Иза еш, къаьсттина доккха гIо лецира хIетахь вайн республикин дешаран а, Iилманан а министр хиллачу Музаев Анзора а, «Грознефтегаз» производственни цхьаьнакхетараллин коьртачу директора Эскерханов Мусас а.
Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца кхин ши спортзал а йира юьртахь.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцна Лакха Нойбоьрчу 77 бIаьхочо. Царах 52 тIепаза вайна тIеман аренашкахь, цIа вирзинарг 25 стаг ву.
ТIепаза вайначу цхьана юьртахочун, Газалиев Абу-Езидан, каш Псковски областехь карийна аьлла, хаам кхаьчча, юьртда Баймурадов Ризван цига вахара. Газалиев Абу-Езидан а, цуьнан бIаьхаллин накъостийн а даь1ахкаш кхечу меттиге дIайоьхкира. Цу меттехь дуккха а нах гулбеллара, цара, нохчий хестош, къамел дира. Ризвана дуьйцу, Нохчийчохь тIаьхьарчу хенахь тIемаш болуш кхузахь хилла цхьа бIаьхо вара и нах дIабухкучохь. Цо элира, шена нохчий хьалха ца бевзара, амма хIинца шена хаьа уьш дуьнен чохь уггаре а чIогIа яхь а, доьналла а долуш нах хилар. Церан бераш а, баккхий нах а дIатосуш Iедал дац, цара, гергара вацахь а, шайн къомах волчу хIора стеган дола до. Цундела дуьнено а лара хьакъ долуш бу нохчий.
ТIепаза байна бIаьхой лоьхучу тобанерчу нахаца уьйраш тасаелира Ризванан.
Таханлерчу дийнахь а цаьрца гергарло латтош схьавогIу иза.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцначеран цIераш тIеязйина экъанаш а йолуш, бIаьхочун хIоллам бу юьртарчу школин кертахь лаьтташ. И бинарг РизванагIеран юьртахо, ша Iемина скульптор а, художник а Солтамурадов Им-Iела ву.
Йоккхачу говзаллица бина бу иза.
Иштта говза а, хьуьнаре а нах шортта бу Лакха Нойбоьрахь. Шайн юьртан дола а деш, диканехь, вуонехь дакъа а лоцуш, бертахь Iаш бу кхузара бахархой.
АРСАНУКАЕВ Муса
Авторан сурт
