Нийсонах къилба дина яьхна

1973-чу шарахь гурахь нохчийн режиссера Татаев Илеса «Маликин йиш» музыкальни фильм яьккхира. Дуккха а зевне эшарш, шовкъе хелхарш дара фильмехь. Ткъа фильм, ансамблехь болх байта ца лууш, верасаша ломарчу юьрта хьалайигначу йоьIан кхолламах лаьцна яра. Цуьнан цIе Малика яра.

Нохч-ГIалгIайн Республикин хелхарийн а, эшарийн а ансамблан солистка лома хьалаюьгу. Малика ца хилча болх дIа ца боьдучу ансамблан куьйгалло такси тIехь шайн белхахо вохуьйту, хIуъа бахьана хьовзадай а, солистка Соьлжа-ГIала схьакхачор тIедуьллий.

Таксин шофер Исаев Iусама вара. ГIеххьа сирдоьлла мекхаш, воккхале лестинехь а, лекхачу дегIан куц-кеп даза, безамехь, товш стаг вара Iусама. Бехке доцу, самукъане эладита дара цуьнан цIарца кегош. Цхьана жимачу стага нускал дало воьдуш лаьцна такси йигна хиллера. Жима стаг студент хиллера, далош долу нускал а студентка хиллера. Нускал машен чу хиъчий бен, шоферана маре яха новкъаяьлларг шен йоI юй ца хиъна, бохуш дуьйцура.

Амма дуьйцург бакъ делахь а, дацахь а, массеран а чIогIа бIаьрг буьзнера Исаев Iусамех, кIант юьхьIаьржа ца хIоттош, цо и гIуллакх дIадерзорна. Делахь а, дукха нахана ца хаьара дас шен такси тIехь маре «дIайигнарг» Махмудхаджиева Тамара юй…

Иза цу хенахь Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училищехь доьшуш яра. Ткъа цуьнга безам хилла Махмудхаджиев Адам Соьлжа-ГIаларчу лоьрийн училищехь доьшуш вара. Тамарин йиша Бэла а яра оццу училищехь доьшуш. Иштта довзар хиллера цу шиннан. Нускал дига вогIуш Адама лаьцначу такси тIехь хилларг Iусамица хийцалуш волу эрмалойн къомах волу шофер хиллера. Дас болх беш хиллачу машен тIехь Тамара Майртуьпа маре яхар цIена бакъду. Делахь а, шофер кхин хилла оцу буса. Амма халкъана чIогIа товш долу туьйра кхолладала новкъарло-м ца йина цо.

Бераллин шераш

Махмудхаджиева Тамара дуьнен чу яьлла 1940-чу шеран оханан (апрель) беттан 10-чу дийнахь Соьлжа-ГIалин йистошца Iуьллучу БухIан-Юьртахь вехачу Исаев Iусамин доьзалехь.

Дукха хьалхе дех ваьлла, ненахоша кхиийна Iусама. Ша кхобуш Iийначу ненан ларам беш, хьалххе, цIийнан дукъ тIелаьцна, балха ара а ваьлла, зуда а ялийна чувирзира иза. Вайнах Сталинан хьадалчаша махках бахале а шоферан болх беш хилла иза, яккхийчу машенаш тIехь кира дIасалелош. Тамара кхоалгIа бер хилла цуьнан доьзалехь. Жима йолуш дуьйна хьекъале, каде бер хилла иза. Къаьсттина ненананна тIера хилла йоI, уьйр-марзо цуьнца алсам йолуш.

1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь вайнах махках бохуш а ненаненаца Йоккхачу АтагIа хьошалгIа яхана хилла Тамара. Гергара нах болчу, де-буьйса а доккхуш, хьажа-хIотта яхана яра Залуба, Тамара а, цул ши шо воккха волу цуьнан ваша а вуьгуш.

Цунах еххачу ханна къастар хилира. Залуба тIейоьссина хилла атагIхой Алма-Атахь охьабиссийнера шалонна тIера. Iусама дукха халонаш ца ловш тIекхечира шен стунанна а, цуьнца дисинчу шина берана а. ТIаккха балха аравелира. Массарна санна хало, харцо, гIело, шело, мацалла а гира царна. Доьналлех ца духуш, мел луьрачу зерех чекхдовла Iамийра цо шен бераш.

Мел хала хиллехь а, массаьрга дешийтира. Цуьнца цхьана цхьацца говзалла Iамаяйтира. Тамарас Алма-Атара №8 йолу школа чекхъяьккхира. Цул сов, дукха хаза тир йоккхуш а яра иза. ХIинца санна телевизорш, телефонаш яцара цу хенахь. Кегийрхошна дуьсуш дерг книгаш ешар дара. Тамара-м сахуьленга йолура ша йолийна книга ешна чекхъяккха гIерташ. ТIаккха оцу книгаш тIера шена безабеллачу турпалхойн суьрташ дохкура цо тир йоккхуш. Уьш хаза нислора йоьIан. Цу хенахь мехала дара йоI маха боккхуш хилар.

Кавказ, Даймохк, Нохчийчоь

Тамарина лаьара къоман барта-кхоллараллехь буьйцучу турпалхойх тера хила, халкъана, махкана пайдехь хила. Цкъа Гиххойн Таймасхех тера хила лаьара, тIаккха Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжин йоIах Тоитех тера хила лаьара.

Цунна хаьара и мехкарий къоман маршо къуьйсуш, мостагIчух дера леттий, церан сийлахь цIерш халкъан иэсехь йисиний. Кхиъна йогIу Тамара кийча яра шен мерза са оьшучохь нохчийн къомана дIадала. Амма цкъачунна хIара хийрачу махкахь яра. Даима а хIара дагаюьйлучу дас хьехар дора: «Нохчийн къомана гIо дан лууш хьо елахь, хьехархочун говзалла караерзаяй, хьайн махкахойн бераш кхетош-кхиаде, цунах пайда хир бу хьан халкъана, махкана».

1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь СССР-н Лакхарчу Советан вайнахана цIадерза бакъо яларан хьокъехь долу Указ зорбане делира. Вайнах цIаберза сихбелира. Массарал хьалха дай баьхначу лаьтта тIе цIайирзинчу тобанца вара Исаев Iусама.

1957-чу шеран гуьйранна Соьлжа-ГIаларчу лоьрийн училище деша яхара Тамарин йиша Бэла. Шен лааме кхача хьалхара гIулч яьккхира Тамарас а, хьехархойн училище деша яхана. Оцу хенахь, йоI, ша цхьаъ юьртара Соьлжа-ГIала йоуьйтуш яцара.

Деша дIахIотто лууш хьалха даьлла дай-наний ца хуьлура. Наггахь, иза чIогIа лууш елахь, деша бакъо лора йоIана, амма тIера Iуналла цкъа а дIадоккхуш дацара. Иштта, ненан Iуналлехь яра Тамара а, Бэла а. Iайнаа Iуьйранна училище схьаялайора и шиъ, суьйранна тIаьхьа а йогIий, цIа юьгура. Цу хенахь а пачхьалкхан ерриге а, учрежденешкахь, дешаран кхерчашкахь дIакхоьхьуш дара исбаьхьаллин самодеятельность вовшахтохар.

Йижарийн ирсана Соьлжа-ГIаларчу лоьрийн училищехь студентийн хелхарийн ансамбль вовшахтухуш церан верас, тIаьхьуо, Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артист Эдисултанов ШитIа хилира. Цо аьлларг ца дича ца яларна, Iайнаа пурба делира Бэлина хелхарийн ансамблана юкъаяха. Дукха хьолахь, ансамблан репетицеш суьйранна нислора. Ткъа хьехархойн училищера Тамара схьаоьций, Iайнаъ Бэлин репетици чекхъяллалц зала чохь Iан езаш хуьлура.

Цу ансамблехь вара лоьрийн училищан студент Махмудхаджиев Адам а. Кест-кеста йишина тIаьхьа йогIучу Тамарех бIаьрг кхетча речIано лаьцначу хьозанан санна, дог тохаделира кIентан. Тамарин оьздачу аматан йийсар хилира Майртуьпара жима стаг.

Къинхьегаман хьалхара гIулчаш

1960-чу шарахь дара Алдерчу Исаев Iусамин йоI Тамара Соьлжа-ГIаларчу лоьрийн училищен студентан Махмудхаджиев Адаман дола яьлча. Тамарех Махмудхаджиева хилира. Дешар дIа ца тесира студенташа. Кхиамца лоьрийн училище чекхъяьккхина Дона-тIерачу-Ростовн институте деша вахара Адам. ТIаьхьуо, Нохчийчохь вевзина ца Iаш, генна дозанал арахьа шуьйра вевзаш эндокринолог хир ву цунах (Шекаран диабет цамгарна дарба лело лор).

Иштта, кхиамца хьехархойн училище чекхъяьккхира Тамарас а. Амма, цкъачунна, хIусамдеца Ростове дIаяха аьтто ца хилира. Дуьнен чу елира церан йоI – Камета. Делахь а, еха ца Iийра Тамара йоI марахьарчийна. Жимачохь дуьйна хьекъалца къаьсташ хилла иза, дика кхетара хийрачу гIалахь доьшуш волчу хIусамдена шай-кайнца гIо-накъосталла дан дезаш хиларх.

Цундела 1961-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу №39 йолчу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархочун болх бан арайолу иза. Шина шарахь болх бира Тамарас школехь. Цунна дукхабезара шен болх. Амма 1963-чу шарахь ша волчу дIаюьгу Адама шен хIусамнана а, йоI а. ХIусамдена догIу стипенди лардеш ца Iийра Тамара.

1963-чу шарахь керла дешаран шо дIадолалуш, Дона-тIерачу-Ростовн №75 йолчу школехь болх беш яра иза. Цигахь дуьнен чу елира церан шолгIа йоI Зарема. ХIусамда – студент, жима ши бер, школехь бан беза болх, буьйса юккъе яххалц, йоккхачу самонца листа деза дешархойн тетрадаш…

Хала дара. Амма шена хуьлу хало, Тамарас хьахош хезна стаг вац. Ша мел боккху ког елалой, екхалой, шен цхьаннан дуьхьа Ростов гIала шаьш кхаьчча санна, боккхура цо.

Цул сов, 1963-чу шарахь оцу гIаларчу университете деша йоьду иза балхана юкъара ца йолуш, заочни отделени. Цо хаьржинарг журналистийн корматалла яра. Хьалхарчу курсехь доьшуш йолуш дуьйна цуьнан йозанаш гучудуьйлу Ростовн шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь а, Нохч-ГIалгIайн Республикин газеташкахь а, журналашкахь а. Коьртачу декъана оьрсийн маттахь яздора Тамарас. Амма цуьнан белхаш цуьрриг а къаьсташ ца хуьлура вайн махкарчу оьрсийн къомах болчу тоьллачу журналисташа язбинчу белхех. Цунна кIорггера оьрсийн мотт хаьара, ойла яр шуьйра, маьIне дара, дош ира, нуьцкъала дара.

Кхиамца лаккхара дешар чекхдоккхий, 1969-чу шарахь Соьлжа-ГIала цIадоьрзу Адам а, Тамара а. Адам лоьран болх бан дIаволало. Тамара Нохч-ГIалгIайн Республикин комсомолан дешаран отделан куьйгалхочун заместителан дарже балха хьажайо.

1970-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин комсомолан обкоман секретарь хоржу нохчийн йоI. Цу муьрехь ваьхначунна, советийн зама йовза кхиъначунна хуур ду, вайнехан йоI оцу лакхарчу дарже атта ца кхаьчнийла. Жимма хьакъволуш кхечу къомах стаг карош хиллехь КПСС-н баьччанаша вайнехан йоIе и дарж кхочуьйтур дацара. Махмудхаджиева Тамара цу дарже кхачар, уггаре хьалха, цуьнан хьуьнар, хаарш, хьанал къинхьегам, адамашца юкъаметтиг лело хаар, лаккхара корматалла хилар дара.

Цунна къеггина тоьшалла ду 1973-чу шарахь иза Нохч-ГIалгIайн Республикин комсомолан обкоман хьалхара секретарь харжар.

Нохч-ГIалгIайн комсомолан жигаралла

1918-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 28-чу дийнахь буьрсачу тIеман цIергахь кхоллаеллачу Ленинан комсомолан коьрта декхар КПСС-на, Советийн Iедална, хIора къоман шатайпаллин хатI хьошуш, Дела воцчу дикане кхойкхучу идеологина муьтIахь хилар дара. Цу хоршара гал ца бовлуьйтуш, кегийрхой кхетош-кхиор а дара.

Делахь а, республикин комсомолан куьйгалле Тамара хIоттаро хаийтира дан луучунна халкъана, махкана пайдехь хиндерг дан таронаш комсомолан хилар а. Комсомолан къаьсттина беркате Iуналла хаалора къоман литературехь, культурехь. Нохч-ГIалгIайн комсомолан обкомо вовшахтуьйхира Бадуев СаьIидан цIарах йолу къоначу литераторийн конкурс, гIалгIайн поэт Чахкиев СаьIид жюрин председатель а волуш.

Хаддаза шен семачу тидамехь латтадора Нохч-ГIалгIайн Республикин комсомолан обкомо художникийн, актерийн, музыкантийн кхоллараллин дахар. Нохч-ГIалгIайн халкъан артисткас, Дадашева Тамарас чIагIдарехь, цунна дуьххьара «Нохч-ГIалгIайн Республикин хьакъйолу артистка» сийлахь цIе ялар а Махмудхаджиева Тамарех даьлла беркат ду. Шен даржан лакхаллера къоман культурина Iуналла дина Iаш яцара Тамара. Цуьнан цIарца йоьзна ю Нохч-ГIалгIайн Республикин студентийн гIишлошъяран тобанийн жигаралла. ХIинццалц вайн бахамашкахь гIо-накъосталла деш студенташ хиллехь, Тамарин дIадолорца уьш кхечу регионашка балха дIаэха бевлира.

Кхечу регионашкара студенташ вайн аренашлелорхошна гIо-накъосталла дан богIура. Иштта болчу хийцамаша кегийрхойн синкхетам серлабоккхура, хьежамаш шорбора, доттагIаллин керла зIенаш туьйсура, къаьмнийн вошалла чIагIдора. Тамарин кхайкхамца дIадолийна дара школерчу дешархойн къинхьегаман (производственные) бригадаш вовшахтохар. Иза мехала дIадолор дара. Дай баьхначу лаьттаца кегийрхойн уьйр-марзо чIагIъярна, жимачохь дуьйна хьаналчу къинхьегамна церан ойла тIеерзо йолчу Iалашонца дIакхоьхьуш гIуллакхаш дара уьш.

Къона механизаторш кхиор. ХIора бIаьста аренийн белхаш дIабуьйлалуш, орцадохуш хуьлура, массо а бохург санна, бахаман куьйгалхо, механизаторш ца тоьаш. Амма Нохч-ГIалгIайн Республикин комсомолан обкомо бинчу кхайкхамца дукха кегийрхой реза хилира тракторшна, комбайнашна тIе балха баха. Вайн республикин юьртан бахам кхиорна доккха гIо-накъосталла хилира цунах. Дийцина ца валлал, Iаламат дукха ду Тамарас оцу даржехь йолуш дина диканаш. Делахь а, царах цхьаъ къаьсттина билгалдаккха луур дара. Дукха урамаш дара вайн регионехь: Авиционная, Шоссейная, Шинковальная, Кооперативная, иштта дIа кхин дуккха а цIерш техкина.

Комсомолан обкоман дIадолорца бинчу белхан жамI ду Хьалха-МартантIехь дуьххьара Бадуев СаьIидан цIарах урам гучубалар а, ТIехьа-МартантIехь нохчийн поэтан Мамакаев Мохьмадан цIарах урам хилар а. Шен халкъ а, цуьнан турпалхой а, нохчийн къоман яхь йолу кIентий а бевзаш а, церан сий-ларам беш а хиларан тоьшаллаш ду уьш. Нийса хир дацара Тамарин массо а сирла сатийсам кхочушхуьлуш зама яра цо комсомолехь болх бинарг аьлча. Дог Iовжош меттигаш а йогIура.

Царах дара 1975-чу шеран юьххьера денош. Немцойн фашисташца бинчу тIамехь толам баьккхина 30 шо кхачар даздан кечлуш яра СССР. Йоккхачу пачхьалкхан массо а маьIIехь дIахьош дара Дезачу денна кечамаш бар. Цу мехалчу гIуллакхна юьстахъюьсийла дацара комсомол. Иза массарал хьалха хила йогIуш яра. Тамарех дагабевлла, Советийн Союзан Турпалхочунна Нурадилов Ханпашина хIоллам хIотто барт хилира вайн республикерчу комсомолийн. Шайн лаамца, шаьш ахча гулдина, скульпторна мах дIабелла болх дIаболабайтира комсомольцаша, баккхийберца, гIуллакх кхочушхилла даьлча санна.

Массарал чIогIа йоккхаеш Тамара яра. Иза тешна яра эзар гергга фашист хIаллаквинчу турпалхочунна Соьлжа-ГIалахь хIоллам дIахIоттийча, вайнаха тIом ца бина боху хабарш дIадевриг хиларх. Амма и хабарш дIадовла лууш ца хиллера КПСС-н обкоман куьйгалхой. Царна ца тайра Соьлжа-ГIалахь нохчичунна хIоллам хIоттор. Цара пурба ца делира. Йина яьлла скульптура, берийн кхетош-кхиоран колонин (берийн набахти) керта дIахIоттаяйтира, вевзаш воцчу салтичун хIоллам санна. ХIинца а ю и скульптура догIано яшош, малхо якъош советийн къизаллина, харцонна теш хилла лаьтташ. Хетарехь, Тамарин дахарехь уггаре а къаьхьа денош дара уьш. Iедалан шалхонаш, цIархазмана лелош йолу моттаргIанаш цунна Iаьткъина денош.

Лаккхарчу даржашкахь

1978-чу шарахь Махмудхаджиева Тамара Нохч-ГIалгIайн Республикин министрийн Советан председателан заместитель хIоттийра. Иштта лакхарчу даржехь вайнехан зуда цкъа а хилла яцара. Республикин социалан блок яра цунах тешийнарг: культура, дешар, могашалла Iалашъяр, спорт, физкультура.

Цо кхиамца кхочуш а дира шена тIедехкина декхарш. Цунна хиира къоман бIаьрг шех ца бодуьйтуш, Iедалца эвхьаза ца йолуш, халкъана, махкана пайде а йолуш, шен болх дIакхехьа. Дешарна, дукха хьолахь, даима а пе бетташ вайн кегийрхой хиларна, цуьнца боьзна дуккха а сингаттамаш халкъо лайна хиларна, Тамарас шен коьрта тидам тIебахийтира тIекхуьу къона чкъор Россин кхечу гIаланашка деша хьажорна.

Боккха тидам тIебахийтира цо вайнехан зударийн Iер-дахар тодарна. Алсамъехира вайнехан зударшна балхана тамехь йолу меттигаш. Схьайиллира Соьлжа-ГIалахь бедарш тоьгу фабрика, цуьнан филиал схьайиллира Веданахь. Несарехь схьайиллира трикотажни фабрика. Нохч-ГIалгIайн Республикин массо а кIоштахь схьайиллира белхалошна лерина суьйренан школаш.

Дуккха а къахьийгира Соьлжа-ГIалахь хьехархойн институт схьайоьллуш. И дерриге а дора цо юьртарчу хьехархошна, къаьсттина зударшна шайн говзалла шаръян лакхаяккха аьтто хилийтархьама. Ховхачу безамца Iуналла дора цо культурин белхахойн. Дозалла дора, самукъадолура кхоллараллин белхахойн кхиамех.

1984-чу шарахь МХАТ театран сцени тIехь Москвахь гастролаш хилира Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан драмин театран. Хьуьнар, корматалла зер дара иза вайн артисташна. Царна хьалха яьлла яра Тамара. Цхьаболчу артисташна хIинца а дагахь лаьтта цо гастролаш схьайоьллуш дина къамел. Тамарин хIора дашца гуш дара иза бакъйолу нохчийн йоI хилар а, шен халкъах а, цуьнан башхачу театрах а дозалла деш иза хилар а. Цхьа хIума а цIархазмана деш Iедал дацара цуьнан. ДIа мел боккху ког а, багара мел долу дош а, шен экамечу сица литтина, даго къобалдина, халкъана, махкана пайдехь хиларе сатесна деш а, олуш а дара.

1985-чу шеран бекарг (март) беттан 11-чу дийнахь ЦК КПСС-н рогIера йоцчу Пленумо СССР-н куьйгалле хIоттийра Горбачев Михаил. И тайпа хийцамаш ган Iемина бара махкахой. Хийцамаша йохьуш мискачу нахана бегIийлаш цахиларна, гена даьккхина тидаме оьцуш бацара уьш. Белхан меттиг хийца дийзира Тамарин. Нохч-ГIалгIайн Республикин министрийн Советан председателан заместитель йолчуьра дIаяьккхина, 1989-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин книгашца махлелоран а, полиграфин а, издательствийн а гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалле хIоттийра и хьуьнаре зуда.

Махмудхаджиева Тамара миччанхьа хилча а, шегара хьунар а, говзалла а гойтуш чекхйолуш яра. Иштта хилира кхузахь а. Нохчийн яздархочун Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» роман 1972-чу шарахь зорбане яьлла яра. Бакъду, Iедалан векалш реза бацара вайн халкъо лайна Iазап-бала яздархочо дIабовзийтарна. Книгашъешархошна мел чIогIа лаарх, роман кхин зорбане йолуьйтуш яцара, цул сов, Айдамиров Абузара язйина «Лаьмнашкахь ткъес» цIе йолу шолгIа книга арахецар а дихкина дара.

Т.Махмудхаджиевана гечо карийра яздархочун ший а книга зорбане яккха. Вайнехан зорбанна Iуналла деш, ялх шарахь кхин а дуккха а беркате гIуллакхаш дира цо. ХХ-чу бIешеран 90-чу шерийн бохамаша Нохчийчоь йийсаре лаьцначу буьрсачу деношкахь а шен халкъаца яра иза. Къизачу тIеман цIарах девдда адамаш дIадоьлхуш, Нохчийчоь дIа ца тасаелира Тамарига. Доьзалехь шиъ йоI хиларна марзахой болчу Майртуьпа хьала яхара иза. Иза цигара Соьлжа-ГIала юхаерззалц тоха са а ца хиллера, дарж дезаро сакIамдина хьийзачу цхьаболчу нехан. Цуьнан белхан меттиг дIалецира.

Шогачу дахаран чолхечу некъашкахь доьналлица чекхъяьлла зуда дика кхетара могашалла, хьекъал, хаарш долу адам цкъа а болх боцуш дуьсург цахиларх. Болх боцуш ца йисира Тамара а. Майртуьпара Соьлжа-ГIала цIайирзина масех де далале, Нохчийн Республикин дешаран министерстве дехарш дина балха дIайигира. Дешаран министран заместитель йолуш, кхаа шарахь болх бира цо. Массо а меттехь санна «са дагийна», тIамо Iовжийначу адамийн догъэца лууш, дешаран хьал тодала лууш, мехкан зовкх деба лууш. Оцу шерашкахь чIогIа хала дара болх бан.

Дешарца бала болуш, тIекхуьучу чкъуран ойла еш стаг вацара. Дог Iийжара, лозура, амма махкахь хIоьттина инзаре ирча хьал, мел чIогIа лаарх, Тамарига нислур долуш дацара. Буьйсанна наб ца еш, сагатдарна, дог лозуш, сиркхонаш лехьо елира иза. Эххар а, лоьрашна тIе кхаьчча, хиира лазар гена даьлла хилар. Къизачу Iожалло къинхетамза катоьхна яьккхира иза, цунна сил дукха дезаш хиллачу халкъах а, махках а, иза евзаш-езаш хиллачеран дегнаш Iовжош.

1998-чу шеран кхолламан (январь) беттан 14-чу дийнахь дара и. Зуда хилла Iаш яцара кхелхинарг. Нохчийн къоман историн динна цхьа мур бара къайлаболуш, лаьтто хьулбеш. Хала дара и иэшам лан. МахмудхаджиевгIеран тезет хилла Iаш дацара иза, дерриге а къоман тезет дара. Халкъана, махкана йоьхна еана Iуьйре яра иза. Делахь а, дерриге хьеший ду-кх вай маьлхан дуьненахь. Iожалла сацо цхьаннан а ницкъ ца кхочу. Иза Делан кхиэл ю, лелаза ца йолу. Дерриге а шен оьзда дахар нийсонах къилба дина чекхдаьккхинчу Тамарин оьмар а хедира шен зама тIекхаьчча. Дуккха а шерашкахь нохчийн зударшна масал хилла яьхна, яьцна йолу Тамара дIаяхара халкъан бIаьрг белхош, догIийжош.

Иза йовза ирс хиллачеран иэсехь, массо а ханна, даха дисина цуьнан сирла амат.

А.ГАЗИЕВА

№79, шинара, эсаран (октябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: