ХIокху шеран мангалан (июль) беттан 4-чу дийнахь №10–13 йолуш республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайн министерствошна а, ведомственни а, ведомственни йоцчу а организацешна цхьамогIа тIедахкарш дина. Царна юкъахь ду цхьацца бахьанашца дIасакъаьстина болу доьзалш вовшахтухуш гIуллакхаш дIадахьар.
Иштта, таханлерчу дийнахь республикин кIошташкахь а, ярташкахь а бахархошца беш болх бу уьш ийманехь кхетош-кхиоран декъехь, хIусамехь ден-ненан а, берийн а хила еза юкъаметтигаш юьйцуш. Къаьсттина тидам тIебохуьйту бераш долчу дIасакъаьстинчу доьзалшна.
Грозненски кIоштан администрацис инстаграмехь йолчу шен агIонехь бовзуьйту шаьш оцу декъехь беш болу болх.
Цара дийцарехь, оцу кIоштан полицин отделан, Депутатийн советан, Къанойн советан, дай-нанойн комитетан, кхечу организацийн векалш а, Iеламнах а юкъахь а болуш кхоьллина Белхан тоба ю.
Цуьнан декъашхоша билгалбоху барт боьхна болу доьзалш. Цул тIаьхьа хIора доьзалца къаьстина болх бо. КIоштарчу ярташка дIа а оьхуш, тобано, Дала бохучунна тIе а тийжаш, хьехамаш бо, дуьйцу нохчийн юкъараллехь доьзало лелош долчу маьIнех а, муьлххачу а юкъараллин чIагIо доьзалан чIагIонах йоьзна хиларх а, бераш ийманехь кхетош-кхиоран хьакъ дена-нанна тIехь хиларх а лаьцна. Цара дайшка-наношкара лоьху бертахь дахар, доьзалш ларбар, Iалашбар.
Нохчашкахь товш доцу хIуманаш гучудуьйлу Белхан тобанна болх бечу хенахь. Далор вай цхьа масал. Бер дуьнен чу даьллачу хенахь, цунна шен фамили а ца язйойтуш, долара волу да. Хан-зама а яьлла, иза кхиа доьлча дог-ойла хийцалой, беран нене шена доьзалхо гайтар доьху. Амма оьгIазло совъяьлла йолчу нанас дуьхьало йо. И лан ца деллачу дас, нене а ца хоуьйтуш, шен доьзалхо дIавуьгу. Цул тIаьхьа гIуллакх нахе долу, юха – Iедале… Хан тухий (масех де-буьйса) да чувуллу, бер нене дIало. …
Таханлерчу дийнахь Грозненски кIоштахь (Йоккха АтагIа, Лаха Варанда, ЧIишка, Доча-Борзе, и.дI.кх.) лакхахь хьахийначу тобано пхи бIе гергга мероприяти дIаяьхьна. Оцу хенахь царна гучудаьлла кIоштахь ши бIе ахбIе сов доьзал дIасакъаьстина хилар (оцу доьзалшкахь кхо бIе гергга бер ду). Царах бIе вуьрхIитта доьзал цхьаьнатоьхна. Иттех доьзал, динца догIуш доцу бахьанаш юкъадоьлла, цхьаьнакхета бакъо йоцуш бисина. Вукхара цхьаьнахкхетарна дуьхьало йина.
Л.ИБРАГИМОВА
№79, шинара, эсаран (октябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо