Къилбаседа Кавказехь этнотуризм кхиоран гIуллакх дийцира «Россин Кавказ» форуман гурашкахь

Политологин дуьненаюкъарчу «Россин Кавказ» юбилейн V-чу форуман гурашкахь Спортан а, туризман а «Къоьзан Iам» комплексехь йийцаре йира «Этнографин туризм: Къилбаседа Кавказан субъектийн этнокультурин тIаьхьало кхиор, Iалашъяр, дIайовзийтар» цIе йолу тема.

© Лорсанов Лом-Iела / «Грозный-Информ» ХА

Цигахь дакъалецира Туризмехула йолчу федеральни агентствон куьйгалхочо О.Сафоновс, Къаьмнийн гӏуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон статс-секретара П.Семеновс, республикин Премьер-министран хьехамчас Р.Базгиевс, республикин Правительствон Туризмехула йолчу комитетан куьйгалхочун заместитела И.Баудиновс, кхечара.

Шен къамелехь О.Сафоновс дийцира уггаре а коьртачех цхьаъ йолчу Iалашонах лаьцна.

— Кавказехь болх бар сийлахь хилийтар а, кхидIа а хIара макрорегион кхиор а, кхузахь туризм яржор а, нахана хIара йовзийтар а, езаялийтар а ю вайн юкъара Iалашо. «Россин Кавказ» форуман дакъалацархойн оцу декъехь хилла барт иштта бу — Къилбаседа Кавказерчу къаьмнашна юкъахь барт мел бу, хIара макрорегион а, кхузахь туризм а, шаьш и къаьмнаш а, церан юкъаметтигаш а кхуьур ю, — элира цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: