Эсаран (октябрь) беттан 10–11-чуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Политологин дуьненаюкъара «Россин Кавказ» юбилейн V-гIа форум.

М.Ю.Лермонтовн цIарахчу Оьрсийн драмин театрехь хилира цуьнан коьрта дакъа. «Россин Кавказан социальни-экономикин таронех пайдаэцарх а, регионийн а, халкъийн а цхьаьнагIуллакхашдаран мехалчу гIуллакхех а» лаьцна дийцира пленарни кхеташонехь.
Форумехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Селимханов Мохьмад, Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон куьйгалхо Баринов Игорь, Россин Федерацин Президентан чоьхьарчу политикехула йолчу Урхаллин хьаькаман заместитель Белоусов Михаил, Туризмехула йолчу федеральни агентствон куьйгалхо Сафонов Олег, Казахстан Республикин Парламентан депутат, Казахстанерчу «Нохч-ГIалгIайн «Вайнах» къоман культурин цхьаьнакхетаралла» юкъараллин организацин председатель Мурадов Ахьмад, вевзаш волу журналист, юкъараллин гIуллакххо Шевченко Максим, яздархо, публицист, журналист Проханов Александр, кхиберш.
Маршаллин дашца вистхиллачу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана хаийтира форуман дакъацархойн болх беркате хилар шена лууш хилар.
– Тахана дийцаре дан леринарш чIогIа мехала гIуллакхаш ду. Россехь юкъараллин-политикин а, социальни-политикин а хьал дика хиларо пачхьалкхан цхьаалла а, кхерамазалла а ларйо. Малхбузенан пачхьалкхаша Россина дуьхьал санкцеш кхайкхийначу хьелашкахь терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторан а, Россин дерриге а халкъийн барт а, цхьаалла а чIагIъяран а гIуллакхаш чIогIа маьIне ду. И проблемаш дIаяхаран доккха зеделларг долуш ю Нохчийчоь. Иттаннаш пачхьалкхашкарчу дуьненаюкъарчу террористашна а, экстремисташна а дуьхьало ян ницкъ кхечира республикин. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIахьедира, мостагIийн ницкъаш Россин пачхьалкх йохо а, екъа а Iалашо йолуш хилар. Делахь а, и план юьйхира Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран хьекъале политика бахьанехь. Цо доккха гIо-накъосталла дира террористашна дуьхьал дIахьочу къийсаман коьрте хIоьттинчу, пачхьалкхан цхьаалла ларйинчу, Нохчийчохь тIом сацийначу Кадыров Ахьмад-Хьаьжина, – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
Баринов Игора билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказ ша саннарг дуьненахь кхин йоцу башха меттиг хилар, иштта дийцира иза ерриге а пачхьалкхана маьIне регион хилар.
– Тахана вай дIахьо V-гIа юбилейн «Россин Кавказ» форум. Мехала ду мероприяти вайн пачхьалкхан сиха кхуьуш йогIучу регионех цхьаъ йолчу Нохчийн Республикехь дIаяхьар. Къилбаседа Кавказ шен географин а, историн а, культурин а башхаллашца дуьненахь шех тераниг кхин йоцуш башха меттиг ю. Кхузахь, дукха боккха боцчу махкахь, лулахь беха тайп-тайпанчу динийн, халкъийн векалш. Росси, ерриге а кхузаманан пачхьалкхаш санна, кхечу латтанийн чоьтах шен дозанаш шордеш, дIахIоьттина пачхьалкх ю. Халахеташ делахь а, и процесс даима а машарца хилла яц. Тахана Къилбаседа Кавказ Россин ца хилча ца долу дакъа а ду, Европа а, Юккъера Ази а вовшахтосу зIе а ю, – элира И.Бариновс.
«Россин Кавказ» форуман болх масех секцехь дIабаьхьира: «Къилбаседа Кавказан халкъийн юкъаметтигаш ларъярехь а, кхиорехь а шуьйрачу хаамийн гIирсаша лелош долу маьIна» (Зорбанан цIа), «Кегийрхой спортана юкъаозор. Хьажархочун (болельщикан) культура кхиор (Футболехула йолу дуьненан чемпионат тIекхочуш хиларца доьзна)» (Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерство), «Къаьмнашна а, динашна а юкъахь хиллачу къовсамийн а, граждански дуьхьалонан а тIаьхьенашна профилактика яран а, уьш кхиамца дIаяхаран а некъаш» (М.Ю.Лермонтовн цIарах йолу Оьрсийн драмин театр), «Къилбаседа Кавказехь экстремистийн идеоологица къийсам латторан гIирс санна, динан дешар кхиор» (Кунта-Хьаьжин цIарах йолу Россин исламан университет).
Форуман шолгIачу дийнахь цуьнан дакъалацархой (шайна юкъахь федеральни шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш а болуш) Веданан кIоштарчу Хой цIе йолчу ширачу юьртахь а, иштта «Къоьзан Iам» туристийн садаIаран базехь а хилира.
Цигахь «Къилбаседа Кавказан федеральни округан гIаланашкахь туризм кхиор» темина лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира цара.
I.МУРТАЗОВ
№80, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 13-гIа де, 2017 шо