Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Нохчийчоьнан Лакхарчу суьдан председательца

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдан председательца Гардалоев Iалавдица цхьаьнакхийтира. Республикин Лакхарчу суьдан органна хьалха лаьтташ йолу Iалашонаш йийцаре йира цигахь.

Р.Кадыровс лаккхара мах хадийра I.Гардалоевс кхул хьалха хиллачу шен даржехь бинчу белхан, билгалъяьккхира цуьнан лаккхара говзалла. Цо дийцарехь, Гардалоев Iалавдина, цхьанна а ца евзачу кепара, дика евза республикин Лаккхарчу суьдан органна тIеIитталуш йолу проблемаш. Цу юкъахь ду цкъацкъа хуьлуш долу бух боцуш стаг бехкеварш а, процессуальни балхахь хуьлуш долу талхораш а.

«Хьо Лакхарчу суьдана куьйгалла дан волавелчахьана гуш бу суьдан системехь дикачу агIор хуьлуш болу хийцамаш. Тодина Iедалан органашца а, бакъонашларъяран структурашца а цхьаьнагIуллакхашдар. Со тешна ву, Лакхарчу суьдан болх керлачу тIегIане баккха а, бахархойн хьашташ лардан а хьан ницкъ кхочург хиларх», – элира цо.

I.Гардалоевс баркалла элира Кадыров Рамзанна иштта лаккхара мах хадорна. Цо билгалдаьккхира карарчу хенахь лаккхара корматалла йолу говзанчаш юкъаозорехь, дов хаттар хьакъдолччу кепара лелорна новкъарло еш долу кхачамбацарш дIадахарехь беш болх хилар.

«И Iалашонаш кхочушъярна къаьсттина чIогIа тидам тIебохуьйту оха. ГIалаташ хуьлийла дац, хIунда аьлча, цунах боьзна бу адамийн кхолламаш. Суьдан органан болх кхачам боллуш законан лехамашца нийса богIуш хилийтархьама ницкъ мел кхочург дийр ду оха», – элира I.Гардалоевс.

Зуламашна профилактика ярна а, бахархошца кхетош-кхиоран болх дIабахьарна а къаьсттина тидам тIебахийтича гIоле хилар хаийтира цунна республикин Куьйгалхочо.

«Вайн коьрта Iалашо – зуламаш цахилийтар. Жима талхор бахьанехь стаг паргIатонах ваккхар юкъара дIадаккха дезаш ду. Доьзалах а, юкъараллех а ца хадош, кхечу кепара тIеIаткъам бан некъаш каро деза. Цуьнца цхьаьна, къаьсттина кхераме гIуллакхаш, зуламаш дина нах шайна хьакъдоллу таIзар ца деш буьсуш меттигаш а хилла. Оцо закон а, бакъо а чIагIъярна гIо ца до. Цундела, коьрта тидам бахархошца кхетош кхиоран болх дIабахьарна тIебахийта беза. ЧIир эцаран Iалашонца зуламаш дар дIадаккхарехь а дика зеделларг ду вайн. Со тешна ву, цхьаьна, бертахь къахьегахь, бахархойн законехь долу хьашташ лардар керлачу, дикачу тIегIане вайга даккхалург хиларх!» – элира Р.Кадыровс.

Суьдан системин балха тIехь оьшучуьнца ша гIо дийриг хилар а хаийтира.

А.ВАХАЕВА

№80, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 13-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: