Лараме некъан бахаман декъан белхахой, ветеранаш!

Даггара декъалдо шу корматаллин дезачу денца – Некъан бахаман белхахойн денца!
ХIара пачхьалкхан деза де хиларо даррехь гойту некъашдахкархойн хьуьнарш гуш а, хьакъ боллу мах хадош а хилар. Цо кхин цкъа а тIечIагIдо вайн говзалла лаккхарчу барамехь оьшуш а, маьIне а хилар. Дика некъ – иза пачхьалкх аьтто болуш хиларан цхьа гайтам бу, цуьнан социально-экономикин кхиаран бух бу. Некъашдахкархойн белхан дикаллех йоьзна ю, дукхах долчунна, эзарнаш водителийн, пассажирийн, гIашлойн кхерамазалла.
ХIокху дезачу дийнахь ас даггара баркалла а боху, суо чIогIа резахилар дIа а хоуьйту вайн республикера некъийн инфраструктура бегIийла а, кхерамаза а хилийтарна, иза кхузаманан кхуьуш болчу лехамашна жоп луш хилийтарна шайн ницкъ, корматаллин хаарш, говзалла, зеделларг, хан ца кхоош къахьоьгуш болчаьрга массаьрга а.
Баккъал а шун къинхьегам бахьанехь дахарехь кхочушхуьлуш ю мел яккхий а ойланаш, куьце йоьрзуш, хазлуш ю гIаланаш, ярташ, тохкуш ду тIайш, тодеш ду, дохкуш ду некъаш.
Лараме Нохчийн Республикин некъан бахаман белхахой, даггара баркалла боху шуна шайн гIуллакхна шу тешаме хиларна, шун похIмина, говзаллина, лаккхарчу жоьпаллина. Шуьгахь коьртаниг ду: корматалла, белхан башха хьуьнар, низам, шаьш-шайн цакхоор.
И дикаллаш бахьана долуш шуьга кхочушдало мел хала декхарш, ткъа шун беркате, Далла дукхабезаш болу болх даима а оьшуш бу, цуьнга доккха хьашт ду. Доккха баркалла боху ас хIокху декъан ветеранашна а. Цара шайна езаш йолчу корматаллина дIаделла шайн дахаран тоьлла шераш, тахана ведомствона хьалха лаьтташ долу декхарш кхочушдарехь царна зеделлачо лелочу маьIнин мах хадийна а вер вац.
Республикин берриге а некъашдахкархойн а, сайн а цIарах баркаллин а, сий-лараман а дешнаш ала лаьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга, Россин Турпалхочуьнга, Нохчийн Республикин №1 йолчу Сийлаллин некъашдахкархочуьнга Кадыров Рамзане, цо хаддаза гIо-накъосталла дарна а, терго ярна а.
Цо гIо дар бахьана долуш республикехь бIеннаш километраш керла некъаш дехкина, доьхна хилларш тодина, иттаннаш тIайш техкина, юьстахара некъаш а дина, машенаш дIасайоьрзийлаш а йина.
ХIокху дезачу дийнахь даггара лаьа Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, некъан бахаман берриге а белхахойн, ветеранийн ондда могашалла, доккха ирс, маьрша некъаш, синтем, цIиндалар, кхиамаш, зовкъе дахар хуьлийла.
№80, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 13-гIа де, 2017 шо