Дарбанхи

SAM_0248

Теркана а, Соьлжина а – шина хин юккъехь Iуьллуш ю Дарбанхи цIе йолу юрт. Юрт ша ширачех яц, 1937-чу шарахь йиллина ю иза, Гуьмсан районна юкъайогIуш а ю. Кхузахь бухдуьйлу дарбане довха хиш бахьанехь тиллина цунна, Дарбанхи аьлла, цIе. Юьртан шина а агIор охьадогIуш вайн республикехь уггаре доккха ши хи ду, царна юккъехь йолчу регIан куц хаздеш –уллехь хIара юрт. Къаьсттина самукъане хуьлу, бIаьстенца дитташа заза доккхучу хенахь кху регIа бIаьрг тоьхча.

Дукхахберш нохчийн, гIумкийн къаьмнех болу нах бу кху юьртахь бехаш, иштта доьзал оьрсийн, ногIийн, суьлийн масех а бу. Тайп-тайпанчу къаьмнех белахь а, бертахь бу кхузара бахархой, вовшашна юкъахь захалш а ду церан.

Дарбанхин администрацин гIуллакхашна урхалла деш волчу Хажи-Алиев Хьусайна дийцарехь, карарчу хенахь юьртахь 400 гергга цIа а ду, 2200 сов адам а ду дехаш. Вуьшта, шо шаре мел дели, стамлуш ю юрт – хьалаеш керла гIишлош ю, совдолуш адам ду. Дуккха а нах Нажи-Юьртан, Курчалойн, Веданан районашкара баьхкина кхуза, хIора шарахь бохург санна тIеоьхуш а бу.

Школа а, маьждиг а, синIаткъаман цамгар йолчарна лерина вайн республикехь массарна а бохург санна юйла хууш йолу больница а ю кхузахь. Ткъа уггаре а коьртаниг – 2013-чу шарахь схьайиллина кхузахь хица дарбанаш лело больница. Билгалдаккха догIу, мацах дуккха а зама хьалха дуьйна а советан пачхьалкхан ерриге а республикашкара а тIехь адам лелаш хилла кхузарчу дарбанечу хиш тIе тайп-тайпанчу цамгаршна гIоле лаха. Шена кхузахь дарба хиллачу эрмалойн цхьана зудчо-совдегIара 1860-чу шарахь яйтина хилла кху меттигехь хица дарбанаш лело больница, цунах дисина баххаш хIинца а долуш ду. Ткъа хIинца йинарг кхузаманахьлерчу лехамашца йогIуш больница ю. ХIинца а Россин ерриге а бохург санна регионашкара нах лела кхуза дарбанаш лело.

Нохчийчохь тIаьххьара тIемаш болуш алссам зен хилира юьртана – гIишлош йохийнера, баларш а хиллера. Делахь а Iедало гIишлошъярций, компенсацеш даларций гIо дира бахархошна. Бахархойх дерг аьлча, республикин, мехкан юкъарчу гIуллакхашкахь гуттар а дакъалоцуш хилла бу кху юртара нах. Сийлахь-Боккхачу Даймехкан ТIамехь дакъалоцуш хилла кхузара Атарбиев Iумар, Новожонов Николай, кхиберш.

Массо а ярташкахь санна, кхузахь а бу юьртана тIедеана дика-вуон дерзош хьалхабевлла нах, царах ву маьждиган имам Карасаев Салавди-Хьаьжа, ткъа иштта бахархой: Гайсуркаев Iадлан, Хункурханов Iели, Исаев Хьусайн, Сайдиев Леча.

Кегийрхой а ледара бац кху юьртара, гIиллакх-оьздангалла йолуш а, шайгара иза гайта хууш а бу. Наркотикех пайдаоьцуш я кхидолу вониг лелош хаавелла Iедало тергоне эцна жима стаг а вац юьртахь. Юьртда, куьпан инспектор, имам – берриге а цхьаьна арабовлий, школехь, маьждигехь, иштта кегийрхой вовшахкхетачохь а дIахьош бу кхетош-кхиоран болх. Ткъа бахархойн хене бовлар коьрта долчу декъана даьхни, латта лелорца ду.

Тахана вай ма-дийццара ду Дарбанхи-юьртарчу бахархойн дахар, делахь а амма уьш тешна бу тIейогIучу хенахь шайн хьал кхин а толуш, хазлуш дIагIуриг хиларх.

Р.Мусипов

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: