Шемахь йолчу террористийн гIеранийн гIолоцуш санна хетало Iамарк коьртехь йолчу коалицин базанашна юххехула а бевлла, машенийн дийнна ковраца террористаш деэслокаци йинчу меттигашка дIабахана хилар. Лаххара а 600 террорист ву тIемаш чекхбевлла хиллачу меттигашка юха дIаваханарг. Новкъахь цара схьадаьхна маьршачу шемахошна дохьуьйтуш хилла кхачанан сурсаташ.
***
Шемин Iедало лоьху США коьртехь йолу тIеман коалици шайн махкара дIаяккхар. Оцу коалицис террористашна деш цхьа а зен дац, уьш боцурш кхидолу массо а хIума хIаллакдо коалицис. Иштта дIахьедар дина хIокху деношкахь оцу пачхьалкхан МИД-н куьйгалло.
***
Дамаскехь стомара (эсаран (октябрь) беттан 11-гIа де) тIекIал кхоъ эккхийтар дина. Шозза эккхийтар дина полицин цхьана отделана юххехь, кхин а цхьа эккхийтар дина базаран кевнна юххехь. Оцу бохамашкахь 9 стаг кхелхина, 10 стагана чевнаш хилла. Лилхина и эккхийтарш дина болу террористаш а.
***
США-рчу Калифорни штатерчу хьаннашкахь яккхий цIерш евлла. Цара дIалаьцна 45 эзар гектар майда. ЦIерш яртех хьаьрчина. Даьгна дIадаьлла 3 эзар сов цIа. ЦIарах кIелхьаравоккхуш кхечанхьа дIакхалхийна 20 эзар сов стаг. Оцу бохамехь 17 стаг кхелхина, 180 стагах хилларг хууш дац, 100 сов стаг лазийна, вагийна. Федеральни Правительствос дIахаийтина зенаш хиллачарна ша гIо дийриг хилар.
***
Мексикерчу цхьана набахтехь чубоьхкина болчу тутмакхаша гIаттам бина. ГIаттамхойн тасадаларш хилла гIаролца а, полицин белхахошца а. Оцу тасадаларшкахь 16 стаг (тутмакх) кхелхина. Чевнаш хилларш иттаннаш бу. Билггал хууш дац гIаролхойх а, полицин белхахойх а кхелхинарг, чов йинарг маса стаг ву.
***
Бангладешана юххехь хи буха дахана мигранташ тIехь болу хIордакема. Цу тIехь хиллачарах 23 стаг кхелхина. ХIорда бухахь кароза бисинарш а бу. Цу тайпа бохамаш кест-кеста хуьлуш белахь а, мигранташ Европин мехкашка схьаэхар соцуш дац. Кема ледара хиларе хьаьжна ца Iаш, иза тIанк-аьлла дуттуш, тIеховшу цунна мигранташ.
***
Либери пачхьалкхехь Президентан харжамаш дIабаьхьна. Оцу дарже шайн кандидаташ хьалхатеттинера 20 кандидата. Тергамхоша дийцарехь, харжамхошкахь жи- гара дакъалецира бахархоша. Делахь а, уьш вовшаштохар кхачаме ца хилла. Юьхьанцарчу жамIашца толам баккхарна гергга ву 7 кандидат. Герггарчу деношкахь вевзар ву толам баьккхинарг.
***
Стомара Сочехь дIаяьхьира Евразин Лаккхарчу экономикин Советан кхеташо а, СНГ-н куьйгалхойн Советан саммит а. Цигахь дакъа а лецира, къамел а дира Россин Президента В.Путина. Шен къамелехь цо коьрта тидам тIебахийтира Евразина а, СНГ-на а юкъайогIучу пачхьалкхашна юкъара экономикин зIенаш, юкъаметтигаш кхидIа а чIагIъян езаш хиларна.
***
Россин Премьер-министр Д.Медведев цхьаьнакхийтира Марокко пачхьалкхан Премьер-министраца. Цара дийцаре дира вовшашца йолу экономикин юкъаметтигаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш. Д.Медведевс чIагIдарехь Россин аьтто бу Мароккохь энергетика кхиоран декъехь гIуллакхаш дан.
***
Россин Пачхьалкхан Думин депутаташа тIеэцна «зебрех» дехьа бовлучу гIошлошна некъ ца битинчу водительшна тухуш долчу гIуданан барам лакхабаккхаран хьокъехь долу закон. Цуьнца нийса а догIуш, «зебрех» дехьаволучу гIашлочунна новкъарло йинчу машенан водительна 2 500 соьме кхаччалц гIуда тоха бакъо хир ю.
№80, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 13-гIа де, 2017 шо