Дукха хан йоццуш А.-Хь.Кадыровн цIарахчу пачхьалкхан галерейхь схьабиллина къоначу суьрташдахкархочун Гортикова Асетан «Ойланаш – басаршкахь» суьртийн гайтам.

Цигахь дакъалецира нохчийн суьрташдахкархоша а, Асетаца цхьаьна доьшуш болчу студенташа а, цуьнан доттагIаша а.
Къоначу суьрташдахкархочун дуьххьарлера гайтам бара иза, амма цуьнан суьрташкахь хаалуш дара иза говза хилар. Иза тIечIагIдира гайтамехь къамелаш динчу суьрташдахкархоша. Цара лаккхара мах хадийра Асетан белхийн.
ХIорамма а, хан-зама яьлча, Асетах евзаш йолу суьрташдахкархо хирг хиларх шаьш тешна хилар хаийтира. Цара Асетана пайдехь хьехарш а дира.
Суьрташдахкархоша шайн сина а, дагна а хазделларг гойту шайн белхашкахь дукхахьолахь. Асетан суьрташкахь хаалуш ду, шена гуонахара Iалам а, хьоме Соьлжа-ГIала а цунна езаш хилар.
Цхьадолчу суьрташкахь цо ша сагатдийриг гайтина, цхьадерш йоьIан гIайгIа гойтуш ду. Оцу гайтамехь хьовсархойн къаьсттина бIаьрг тIе хIоьттинарш дара «Девочка с вороной», «Отрешенность», «Зной» суьрташ.
Гортикова Асет Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан искусствийн факультетан 4-чу курсан студентка ю. 1996-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 6-чу дийнахь дуьнен чу яьлла иза.
Суьрташдахкархойн тайп-тайпанчу конкурсашкахь дакъалаьцна цо, совгIатан меттигаш а яьхна. Дуьххьара сурт дилла къолам а, кехат а караоьцуш цуьнан 10 шо а дацара. Вевзаш волчу Францин суьрташдахкархо а, импрессионизм жанран бухбиллархо а волчу Клод Монен кхолларалла ю Асетана уггаре а хазахеташ ерг.
Жимачохь хьацар тоьхначу куьзгана тIехь а, ченах буьзначу новкъахь а, гIамарш тIехь а сурт дилла хIуттура Асет. Схьахетарехь, хIетахь дуьйна суьрташдахкархо хила кечлуш хилла иза. Ша диллинчу хIора а суьрта тIехь цо хьовсархошна йовзуьйтуш ерш шен ойланаш ю.
Шен дуьххьарлера гайтам вовшахтухуш гIо-накъосталла диначарна а, шен ларам бина, шен гайтаме мел баьхкинчарна а баркалла элира Гортикова Асета.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: Гортикова Асетан гайтамехь
№80, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 13-гIа де, 2017 шо