Дика а, вуон а лулахо

«Дика лулахо – тешам, вуон лулахо – иэшам» олуш, кица ду вайнехан. И дешнаш бакъ хиларан теш хилира со.

Шена а, шен доьзална а чохь Iен хIусамаш ян меттиг езаш вара сан доттагI Мутулаев Ахьмад. Тхойшиъ цхьаьна а кхетта, Соьлжа-ГIалахь духкуш дакъа лаха аравелира.

Лелаш цхьана ураме кхечира тхо. Башха да воккхавийр воцуш, керт-ков карийра тхуна духкуш. Вуно жима ши цIа а, ялх соти латта а. Ахьмада хаттар дира хIусамдега: – ХIун мах бу цIенойн? – аьлла.

– Дера бу итт бIе туьма, – элира цо.

Тхойшиъ цецваьлла, вовшашка хьаьжжинчохь висинера. Оцу хенахь и дукха ахча дара.

– Кегийнах, – аьлла, юха а вистхилира хIусамда. – Итт бIе хIумма а йоцург ю шуна сан лулахойн дикалле а, гIиллакхе а хьаьжча. Кху заманчохь дикачу лулахочуьнга кхочуш хIумма а дац шуна! Лаа аьлла ма дац вайн дайша: «ЦIенош дан меттиг эцале, цкъа хьалха дика лулахо эца».

– Иштта, дика лулахой безаш вара со. ХIокху итт бIе туьманах ас хIара хIусамаш ийци-кх хьоьгара. Дала беркат дойла хьуна кху ахчанах, – аьлла, ахча дIакховдийра Ахьмада.

Жимачу стеган вистхилар тайна, цIеххьана велар иккхира воккхачу стаге. Ахча дагардина ша ваьлча, кхо бIе туьма юхаделира цо.

– Везачу Делор хьо воцчунна цу мехах ас духкур долуш ма дацара хьуна и керт-ков. Хьо санна волчу оьздачу стагана мах боцуш а дIадала реза хир вара со, сайн таро елахьара, – элира хIусамдас.

Вовшашна реза хиларца цара мах бира.

Дукха хан ялале, оьшуш долу кехаташ кеч а дина, Ахьмад шен керлачу хIусамашка схьакхелхира. Шира цIенош дохийра. Керлачу цIенойн план а яьккхина, цIенош дан кечам бан волавелира. ХIора дийнахь бохург санна, шен дай-наний долчу юьрта дIасалела дезаш вара Ахьмад, шен чохь Iен хIусамаш цахиларе терра.

Цхьана сарахь, ша беш болу болх бина а ваьлла, шен хIусамненаца Лизица юьрта ваха кечам беш воллура Ахьмад. Оцу хенахь балхара цIа кхечира церан лулахо Нунаев Юсуп.

– Суьйре дика а, ирс долуш болх а хуьлда шун, Ахьмад, – аьлла, вистхилира Юсуп.

– Аш лелочу гIуллакхашна суо реза воцийла хаийта луур дара суна. Кхул тIаьхьа ас пурба ца ло шуна шайна оцу тайпана ницкъ бан. Шайн цIенош дина довллалц сан рагIу кIелахь йолчу хIусамашкахь Iийр ду шу. Шуьгара суна оьшуш хIума дац. Сайн декхар дерг, дан ницкъ кхочург ас дийр ду шуна.

– Баркалла, Юсуп. Хьо сайн дика, тешаме лулахо хиларх теша со, – элира сан накъоста.

Иштта гIиллакх хIоттийра Юсупа шен керлачу лулахочуьнца. ЦIенош деш а Ахьмадна даима а шен мукъачу хенахь гIо-накъосталла дора цо а, цуьнан доьзало а. Нанас дена вина ши ваша санна, цхьа барт болуш, ваха хиира и шиъ а, церан доьзалш а.

Цхьаболчу нахана и шиъ ши ваша ву моьтту. Сан-хьан, аьлла, хIума дац церан. Вовшашца бертахь, эшначохь шайн ницкъ кхоор боцуш, дика лулахой хилла царах. Лаа аьлла ма дац вайн дайша: «Нанас дена вина ца хилча а, хуьлу ваша».

Воккхаве, хазахета адамийн барт хилча. Дог лозу, Iийжа барт боцуш, гIиллакх доцуш адамаш гича.

Вайн дахарехь нисло шайн лулахошца ларам боцуш, гIиллакх, оьздангалла йоцуш, эхь-бехк дайна, ийман, ислам шайца доцуш, шайн бахамна а, шайн доьзална а хIума ца хилчахьана, шайн лулахой цIергахь багарх, царна орцах а бевлла, гIо-накъосталла дийр доцуш, шайца цхьана а тайпана адамалла йоцуш болу лулахой а.

Иштта нисло шайн лулахочуьнгара шайна ларамаза вас, цатам хилла меттиг нислахь, шайн дIаьвше мотт цаьрга лебеш, эвхьазабовлуш, шайн цаьрца хIун чекхдер ду хьовсур болуш.

Далор вай цхьа масал. Шен хьал-бахамах воккхавеш, лулахошка вистхилар доцуш, церан диканехь-вуонехь воцуш, ша-шех кхачам беш, нахаца гIиллакхе воцуш вара Соьлжа-ГIалахь вехаш волу ВахIид. Цуьнан лулахь шен хIусамненаца а, доьзалца а цхьаьна Iаш вара цхьа миска стаг – Iабдул-Хьамид. Цхьанна а новкъа воцуш, АллахI-Далла хастам а беш, шен мискачу денца вехаш вара иза.

ДIадаханчу шарахь Iабдул-Хьамид керла кибарчигийн цIенош деш вара. Ларамаза шен лулахочун ВахIидан керта цхьа кибарчиг йоьжнера цуьнан. ВахIид девне велира шен лулахочуьнца. ГIо-накъосталла тешна а ца дира, мелхо а, шегахь гIиллакх, оьздангалла цахилар а, ша ледар лулахо хилар а гайтира цо.

Кхин шена хилла зен-зулам доцуш, шен лулахочуьнца оцу тайпана ларам боцуш, гIиллакхе воцуш хилар эхь а ду, товш а дац бусалба динехь а, вайн Iадатехь а.

КхидIа иза муха ваха дагахь ву шен лулахочуьнца? Ма атта хир дац цунна дуьнен чохь ваха а, лела а. ВахIид санна волчу стага шена а, шен тIаьхьенна а нахана юкъахь дош лела меттиг ца юьту. Нахаца девне хила мегар ма дац. Дарж стагехь дукха ца лаьтта, хьал-бахам тахана бу, кхана – бац. Даг тIера куралла а, сонталла а дIаяккха еза. ТIаккха нахаца тарлуш, цаьрца оьзда а, гIиллакхе а волуш, ирсе вехар ву.

Шайн хьал-бахамах тоам а бина, дуьнен чохь кхин гуш хIума доцуш, лулахошца, мискачу нахаца ларам боцуш, лелаш болчу наха кIорггера ойла йича дика хетар дара суна.

Цхьаболчу наха ма кIезиг ойла йо шаьш АллахI-Далла дуьхьал даха дезарх, харцо юьйцу шайн лулахошка, шайн доцу «ког биллал» долу латта къуьйсу.

ХIунда къуьйсу шайн доцу латта, аьлла, ахь шайга бехк баьккхича, хьоьца девне бовлу. Царах тардала ца лууш, вай церан харцонна кIел совцу, дуьхьало ца еш. Ткъа цо хьоьца йолу шен харцо чекхъяьлча, кхечуьнга а юьйцу харцо. Ийман ледара долчу тобанах лара мегар долуш ву суна вевзаш хилла волу Къудуз а.

Яккхий харцонаш лелош вара иза шен лулахошца. Мел дукха дийцарх, мел дукха хьехамаш барх, кхетар волуш а я кхета ойла йолуш а вацара.

Цунна а, цуьнан лулахочунна а юкъара доза къастош дукха хьалха дуьйна, йина керт яра тай тоьхча санна нийса.

Амма Къудуза шайна юккъехь йолу керт дIа а йоккхий, шен лулахочун дакъанах «ког биллал» долу латта шена чу а дерзош, шайна юккъехула «доза къастош» керла керт йира.

«Гуш лаьтташехь, сел харц муха луьйр ву кхетамчохь волу стаг?» – шега аьлча, цо шен лулахочунна жоп делира: «Дуьххьара керт ечу хенахь нийса йина яцара», – аьлла.

«ХIара хан тIекхаччалц, хьо хIун деш Iийра хьайн доза мичахь хилла ца хууш», – аьлла, шега лулахочо хаьттича, цунна дуьхьал дала жоп доцуш висира.

Вай вовшийн ма атта хета, вовшашца вай майра ду. Мел доккха сакхт ду иза. Кхин хIумма а ца хилча а, бусалба дац вай, АллахI-Дела цхьаъ веш, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бакъвеш?!.

Къудузехь йолу стогалла йоцуш, доьналла доцуш вацара Гилани цуьнца бакъо-харцо къасто, цуьнан харцо чекх ца ялийта. Цуьнца дов ца дезарна, иза харцо йийца эхь доцуш хиларна, лулахь ваха везаш хиларна, шен а, цуьнан а доьзална тIейогIучу тIаьхьенна а «ког биллал латта» бахьанехь зулам цахилийтархьама а, и латта цуьнца ца къуьйсуш, АллахI-Деле шена собар а дехна, цуьнца эвхьаза ца волуш, IадIийра Гилани.

Къудузан дахарехь и санна йолу харцонаш дукха хиллера. Лула-кулахь цо дов ца доккхуш висина стаг вацара.

Шен жимах волчу вешица Къудуза лелийна хилла йолу харцо, цо шен лулахошца лелийча со-м цец ца волура. Юьртахь шайн дех дисинчу декъах, цунна дакъа тешна а ца дира цо. Ура-атталла, цунна чохь Iен хIусам ян гIайгIа а ца бира. Нахана тIехула ваьлла лела дийзира жимах волчу вешин…

Нохчийн халкъан яздархочо Ахмадов Мусас шен «Мохк бегийча» цIе йолчу повеста тIехь ма-аллара: «Дуьнен чохь ахь мел лелийнарг, замано дицдаларан пардо тасахь а, мел тIаьхьа а цхьанхьахула гучудолу. Вуон а, дика а…».

Къудуз цIеххьана, лелаш лаьтташехь, цамгаро лаьцна меттахь висира. Шайн таро, аьтто хиларе терра, цуьнан доьзало, кхечу гIаланашкара а тIехь, говза лоьраш а кхайкхина, дарбанаш лелийра шайн дена. Амма гIоли хуьлуш яцара. Де-дийне мел дели цамгар чIагIлуш лаьттара. Шен дегIан дола далуш вацара. Валаран киртиг яра тIехIоьттинарг.

Мотт сецна, вистхилар доцуш, вуон хьал дара цуьнгахь. Цунна тIера цIийн сагIа а даьккхира. Бевзарш-безарш, гергара нах, лулахой чу а кхайкхина, уьш а цунна къинтIера а бехира. Кийрахь бусалба дог долуш волчу стеган цунах дог Iебар долуш, бала токхуш вара иза.

Шаьш хьаьнга орца доккхур ду ца хууш, шайн кийрахь боккха бала болуш, лелаш бара доьзал. Цунна уллера дIавала йиш йоцуш, цунна «Ясин» доьшуш Iеламстаг вара. И хьал гуш волчу Iеламстага Къудузан хIусамнене хаьттира: «Массо а ваьллий-те Къудузана къинтIера?», – аьлла.

Цо жоп делира: «Лулахо волчу Гиланих бIаьрг кхетта бац шен», – аьлла.

ТIаккха Къудузан кхиъна ваьлла вогIу кIант вахийтира Iеламстага Гилани схьакхайкха. КIант Гилани волчу вахара. Цуьнан бIаьра хьажа юьхь йоцуш, велхаран къурдаш а деш, лаьттара жима стаг. Цунах шен бIаьрг ма кхетта Гиланина хиира цуьнгахь болу бала.

Шена тIера бедарш а хийцина, Къудузана тIехIотта вахара Гилани. АллахI-Делан дуьхьа, шен даггара къинтIера велира шеца «ког биллал» долу латта къуьйсуш, харцо юьйцуш лелла хиллачу, хIинца меттахь цамгаро лаьцна Iуьллучу шен лулахочунна.

Къудуза шен лулахо Гилани шена къинтIера ваьлча, ши бIаьрг схьа а биллина, цуьнан бIаьра а хьаьжна, велхаран къурдаш а деш, элира: «АллахI-Дела реза хуьлда хьуна суна къинтIера валарна».

Дукха хан ялале Къудуз кхелхира.

Вайна тIекхача дезачу оцу доккхачу дийнан ойла а еш, хилий вай вовшашца къинхетаме, гIиллакхе, оьзда?! Ма йийца вай вовшашка харцо, ма бе вай вовшашна тешнабекх, ма хила вай вовшашца ямарт?!

Шайн дас Гиланица лелийна йолчу харцонна юьхьIаьржа бара Къудузан доьзал. Цундела, цара шайна юккъехь долу доза хьалха ша ма-хиллара дIа а нисдина, шайна а къинтIера ваьккхира Гилани.

Суо теш хиллачу цхьана бакъдолчух дийца лаьа суна. Нохчийчохь тIом болчу (1994–1995-чуй) шерашкахь, тIамо цIенош дохийна, чохь Iен хIусам йоцуш висинера Соьлжа-ГIалахь вехаш хилла Н.Мамед.

Шен лулахь Iаш хиллачу шен вешех йисинчу Милане дехар дира Мамеда: «Сан цIенош тодина довллалц хьайн хIусаме ваийтахьа со сайн доьзалца цхьаьна», – аьлла.

Цуьнца шен ларам хиларе терра, Милана реза хилира марвашас бохург дан.

Мамед схьакхелхира Миланин хIусаме.

ЦIенош тодина велира иза. Амма несан хIусамашкара аравала дагахь вацара «вешин безамна». Шен вешех дисина керт-ков шена догIу бохура цо Миланига.

Мамеда дийцарехь, Милана шен цхьаъ бен йоцу йоI эцна, шен хиллачу хIусамдеца шаьш цхьаьна хала къахьоьгуш эцна хилла долу керт-ков Мамедана а, цуьнан доьзална а дитина, нахана тIехула яьлла лела езаш хилла.

Вайн пачхьалкхан закон ду адамийн бакъо, дахаран хьал лардеш. Иза шена хууш хиларе терра, Миланас шайн дов суьде делира. Дов хаьттира суьдехь. Мамедан тешнабехк чехк ца белира, суьдо цунна тIедожийра сихонца Миланин хIусам мукъаяккха, аьлла. Цу тайппана масалш дуккха а ду.

Ма доккха, хIума ду иза. Шаьш Делан кхиэле дирзина хилча а, шайн цIийне, шайн гергарчу нахе сатосу синоша. Шайна ахь дина дика сиха дицлуш болу лулахой а нисло вайна юкъахь. Цунна къеггина тоьшалла деш долу масал далор ду вай.

Соьлжа-ГIалахь вехаш хиллачу Жумин йоI Лайлаъ некъан бохам хилла кхелхира. Сингаттамо лаьцна, дог эшна, гIелвелла, ша хьаьнга орца доккхур ду ца хууш висинера йоьIан да. Стагана вуон болх хилча халахеташ шаьш хиларе терра, цунна орцахбевлира цуьнан лулахой Iийса а, цуьнан хIусамнана Тайбат а.

Шен дай баьхначу юьрта дIаяхьа лиира дена шен йоI. Хан йоцчу хенахь и дакъа юьрта дIадаьхьира цуьнан лулахоша Iийсас а, Тайбата а.

Ткъа, шолгIачу дийнахь тезета а бахара, автобус йоьттина шайца нах а эцна.

Цара йинарг шайн лулахочун юьхь яра, цуьнца шайн боккха ларам хилар дара. Цуьнгара цхьана а хIумане сатесна а, гIо-накъосталла оьшуш хIоттийна гIиллакх дацара иза. ХIорш шаьш бара цунна гIо-накъосталла дан таро а, аьтто а болуш.

Цул тIаьхьа ши-кхо шо хан яьлча, хьалха Жумица гIиллакх хIоттийначу лулахочун Iийсан дейиша кхелхира.

Цунна дуьхьал ца вахара иза а, цуьнан доьзал а. Кадам а ца бира. Шеца хIоттийна гIиллакх хаа хьекъал ца кхечира Жумин.

Цхьаболчу нахана шайца ахь гIиллакх лелийча, шаьш оьшуш а, шайгара цхьана хIумане сатуьйсуш а ву моьтту.

Тешаме а, оьзда а, гIиллакхе а, комаьрша а, дог-цIена а, халонех ца кхоьруш а, лулахошна эшначохь орцахвала кийча а хьо вацахь, ахь дуьнен тIехь йоккху хан эрна ю, хьо цхьалха стаг ву, хьоьца дика а, я вуон а хила мегар дац. АллахI-Дала беза лерина болчу лулахошца вуон юкъаметтиг а йолуш, Далла еш йолу Iамалш къобал хир юй-те олий, ойла кхоллало.

Вайх хIорамма лелошдерг цIеначу дог-ойланца, Делан дуьхьа нийят долуш хила деза. ЦIарна вай лелошдерг Далла гуш ма ду. Хиндолчун, тIаьхьалонан, эхартан ойла ян еза. Везачу АллахI-Дала Шен боккха къинхетам бина, иймане бахкабойла дуьненах Iехабелла, тилабелла, харцонан байракх шайн кара эцнарш.

КОВРАЕВ ШапаI

№80, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 13-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: