Эсаран беттан 7-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Колизей» спорткомплексехь дIаяьхьира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина охьатохархлатархойн дуьненаюкъара турнир.

Иза командашна юкъахь дIахьош яра. Ерриге а бархI командо дакъалецира турнирехь: Беларусин, Казахстанан, Узбекистанан, ГIиргIизойчоьнан, Хонкаран, Европин вовшахтоьхначу (шена юкъахь Болгарин, Румынин, Польшин спортсменаш болуш), Россин вовшахтоьхначу, иштта «Ахмат» клубан охьатохархлатархойн командо.
Дакъалацархошна юкъахь бара гIарабевлла бевзаш болу спортсменаш: Лондонехь а, Рио-де-Жанейрохь а хиллачу Олимпиадийн призераш Махов Билял, Саритов Альберт, дуьненан чемпион Цаболов Хетик, иштта кхиберш а.
Юьхьанца, командаш шина тобане а екъна, дIадаьхьира къийсадаларш. Тобанашкахь хьалхара меттигаш яьхна Россин вовшахтоьхна команда а, «Ахмат» клубан команда а финалехь цхьаьнакхийтира.
Йозаллин бараман шайн-шайн категорехь финалехь туьйлира «Ахмат» клубан декъашхой: Чакаев Ахьмад (65 кг.), Касумов Исраил (70 кг.), Цаболов Хетик (74 кг.), Куруглиев Даурен (86 кг), Расуев Тамерлан (97 кг.), Хизриев Анзор (125 кг.).
Шина категорехь туьйлира Россин вовшахтоьхначу командера Гебеков Артем (57 кг.), Дудаев Ислам (61 кг.).
Иштта, финалехь 6:2 жамIаца Россин вовшахтоьхна команда а эшош, оцу ларамечу дуьненаюкъарчу турниран толамхо хилира охьатохархлатархойн «Ахмат» клуб.
Дашо мидалшца цхьаьна царна делира 90 000 долларан барамехь хилла ахчанан совгIат а.
Турнирехь кхоалгIа меттиг Европин вовшахтоьхначу командо яьккхира.
Хь.АБАЕВ
№80, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 13-гIа де, 2017 шо