Кхин а бIаьрла хуьлда шун кхиамаш

Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствона юкъайогIу 31 предприяти. Тайп-тайпанчу хенашкахь кхоьллина ю уьш. ХIокху шарахь царах кхаа предприятис шен 60 шо кхачар даздина: Курчалойн Пачхьалкхан некъан-эксплуатацин унитарни предприятис (ГУДЭП), Соьлжа-ГIалин ГУДЭП-о, Невран ГУДЭП-о.

Соьлжа-ГIалин ГУДЭП

1957-чу шарахь, Грозненски кIоштан некъашна тIехь Iуналла дан кхоьллина йолу некъийн служба, цхьамогIа хийцамех чекх а яьлла, 2001-чу шарахь Соьлжа-ГIалин Пачхьалкхан некъан-эксплуатацин унитарни предприяти а хилла дIахIоьттира.

ХIетахь, вайн республикина чолхе а, кхоьлина а даьхкинчу шерашкахь, боккха мохь буьйжира оцу коллективан белшаш тIе. Некъашдахкархоша, шайн дахарна а, могашаллина а кхерам боллушехь, тIамо йохийна а, хIинца а герзаш детташ а йолчу Соьлжа-ГIалахь гIишлошъяран белхаш бира, гIалин социальни объекташ меттахIиттош, тоеш, иштта, йохийна, чим хилла лаьттачу пачхьенера Устрада-ГIала боьду некъ тобеш а къахьийгира.

Грозненски кIоштахь массара а пайдаоьцуш, Соьлжа-ГIалин ГУДЭП-о Iуналла деш болчу некъийн йохалла 53,2 километр ю. Царах 48,4 километр – асфальтобетонан, 4,8 километр – жагIанан. Предприятис Iуналла дечу объекташна юкъахь ду юкъара йохалла 193 метр йолу 4 тIай а, юкъара йохалла 539 метр йолу биргIанан 34 дехьаволийла а. Некъан техникин 13 машен а ю предприятин.

2016-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIалин ГУДЭП-н куьйгаллехь ву Хасаев Юсуп.

Курчалойн ГУДЭП

Некъан-эксплуатацин № 917 йолу урхалла 1957-чу шарахь, еа кIоштан – Курчалойн, Гуьмсан, Нажи-Юьртан, Шелан – некъашна Iуналла дан кхоьллина яра. ЦхьамогIа хийцамаш хиллачул тIаьхьа, 2001-чу шарахь Курчалойн Пачхьалкхан некъан-эксплуатацин унитарни предприяти а хилла дIахIоьттира иза.

ХIинца цхьана Курчалойн кIоштан некъашна тIехь Iуналла бен ца до предприятис. Цунна юкъадогIу юкъара йохалла 89,3 километр йолу массара а пайдаоьцу некъаш. Царах 62 километр – асфальтобетонан, 19,6 километр – жагIанан, 7,7 километр – ма-дарра (Iаламан). Иштта, Курчалойн ГУДЭП-о лелош ду юкъара йохалла 515 метр йолу 12 тIай а, юкъара йохалла 719,1 метр йолу хи чекхдолу 53 биргIа а. Предприятин шен 8 некъан машен ю.

2010-чу шарахь дуьйна, таханлерчу дийнахь цигахь болх беш 23 стаг а волуш, Курчалойн ГУДЭП-н коллективана куьйгалла деш ву Акбердаев Мохьмад.

Невран ГУДЭП

Таханлерчу дийнахь Невран Пачхьалкхан некъан-эксплуатацин унитарни предприяти а хилла дIахIоьттинчу некъан-эксплуатацин декъана, 1957-чу шарахь иза кхуллучу хенахь, юкъайогIуш кхо кIошт яра – Невран, Теркан, Малгобекан.

70-чу шерийн чаккхенехь жигара дIадолийра керла некъаш дар, алсамбевлира Невран кIоштан аренца долу жагIанан некъаш даран белхаш. ТIаккха цунах Ищерски некъан ремонтан гIишлошъяран урхалла йира, Невран, Теркан шина кIоштан хьашташ кхочушдар тIе а дуьллуш. 90-чу шерашкахь оццу урхаллах Невран кIоштан некъашна тIехь Iуналла латторан Некъан-эксплуатацин дакъа дира. 2001-чу шарахь Невран ГУДЭП хилира цунах.

2015-чу шарахь дуьйна предприятин куьйгаллехь ву Абубакаров Сулейман. Коллективехь 20 стаг волчу оцу предприятис Iуналла деш бу юкъара йохалла 284,1 километр йолу массара а пайдаоьцу некъаш. Царах 106,3 километр – асфальтобетонан, 177,8 километр – жагIанан. Юкъара йохалла 583,5 метр йолу 19 тIай а, 887,1 метр йохалла йолу биргIанан 63 дехьаволийла а ду Невран ГУДЭП-о Iуналла дечу объекташна юкъахь.

Предприятин 8 некъан техника ю.

Некъ бар – ах гIуллакх а дац. Некъ дика а, кхерамаза а хилийта, дуккха а латтийта, иза дийнна шарахь Iуналла деш хила беза. И ду-кх, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела, Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара куьйгалла дечу министерствона юкъайогIучу предприятеша деш дерг.

Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министерствон некъан-эксплуатацин предприятийн белхахошна доккха сий хета Даймехкан дуьхьа къахьегар а, нохчийн халкъана пайдехь хилар а. Церан къинхьегам хала а, жоьпалле а бу! Уьш дийнна шарахь гIароллехь бу: йовхонехь а, шелонехь а, догIа делахь а, ло дагIахь а!.. Автотранспортан коьрта болам дIаболабалале хьалха некъаш къепе далорхьама, уьш лайнах, токхамех, Iоврех, нехех цIандархьама ницкъ кхочург дерриге а до цара… Доцца аьлча, дуьхьалонаш а йоцуш, кхерам а боцуш, вайн республикин некъашкахула транспорт дIасалелийтархьама дерриге а до цара!

Баркалла шуна иштта болх барна!

60 шо кхачаран юбилейца декъалйо Соьлжа-ГIалин а, Курчалойн а, Невран а ГУДЭП-ийн коллективаш! Дика мел дерг хуьлда шуна, некъашдахкархой! Балхахь собар, аьтто, кхиамаш хуьлда шун!

№80, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 13-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: